- Шинарин дийнахь, 2024-чу шеран Лахьан-беттан 12-чу дийнахь, дешархошна юкъахь Нохчийчоьнан шахматийн чемпионатан финалан мур хир бу.
- Лахьан беттан 4-чу дийнахь дуьйна 7-чу дийне кхаччалц Нальчикехь дIаяьхьира божаршна а, зударшна а юкъахь тхэквондон Россин чемпионат VTF-PODA. Дашо мидал а яьккхина, пьедесталан уггар лакхарчу гIулча тIе хьалаваьлла Нохчийчоьнан къоман тобанан декъехь дуьненаюкъара спортан мастер Яхъяев Билала.
- Товбеца-беттан 11-чу дийнера 13-чу дийне кхаччалц Кипран Ларнакехь дIаяьхьира самбон Дуьненан Чемпионат. Къовсамехь дакъалоцуш бара 33 пачхьалкхера спортхой (14-20 шераш долу). Дуьненаюкъарчу классан спортан мастера Хабибулаев Турпала (58 кг) шозлагIа а Дуьненан Чемпион цIе яьккхира цхьана шарахь.
- Россин МЧС Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин белхахочо Ерригроссин «ДоттагIаллин кубок» цIе йолу куьйгашца латар къийсадаларшкахь совгIат даьккхина. Къовсадалар хилира Ставрополехь. Къовсадаларийн жамIашца Гудермес кIошт ларъеш йолчу 10-чу ПСЧ-н белхахочо Джимхажиев Нохчочо кхоалгIа меттиг яьккхина.
- 2024-чу шеран Товбеца-беттан 4-чу дийнера Товбеца-беттан 13-чу дийне кхаччалц Краснодаран крайн Сукко юьртахь дIаяьхьира кегийрхошна йукъехь (15-18 а, 19-20 а шераш долу) атлетикан Россин чемпионат. Россин 56 регионера 500 сов спортхо вовшахкхетта цу мероприятехь. Тоьллачарна юкъахь вара Дега Багаевн цIарахчу спортан школехь доьшуш волу дешархо – Цакаев Абубакар.
- СССР-н спортан мастер Гусеинов Тажатинна лерина Хасав-Юьртахь паргIат латаран дуьненаюкъара къийсадаларш дIадаьхьира. Нохчийчура спортхо Дукаев Iела 86 кила кхаччалц йолчу йозаллин категорехь дашо мидал йоккхуш турниран чемпион хилира.
- Грознера Пачхьалкхан Мехкадаьттан Техникан университетехь (ГГНТУ) дIаяьхьира хIора шарахь дIахьош йолу студентийн хелхаран XI фестиваль «Нохчийн хелхаран тулгIе-2024/Чеченская волна танца – 2024». Жюрин декъашхой бара гIарабевлла культурин белхалой: Мажидов Iаднан, Нохчийн Республикин культуран министран хьехамча а, Нохчийн Республикин халкъан артист а; Джабраилов Iабдул-Хьалим, Россин хьакъволу артист а, «Нохчо» пачхьалкхан фольклоран иллин-хелхаран ансамблан хьехархо-балетмейстер а; иштта Нохчийн Республикин Сийлахь а, Халкъан а артист Магомадов Iабдулла а. Конкурсан программин арахьа шен корматалла гайтира ГГНТУ-н лицейн 6-чу классан дешархочо Аткедиев Байсангурас, иштта Амаев Тамирланас.
- Хокху баттахь «Слава» мемориальни комплексан гайтаман залчохь дIаяьхьира Россин суртдиллархойшн союзан декъашхочун Дзагалов Ауэсан « Осхамаха некъ» цIе йолу персональни гайтам. ХIора шарахь дIахьочу Ерригроссин «Искусствон буьйса» мероприятехь доьзна нисйина иза Къоман цхьааллин денна лерина дара.
- Грозный-гIаларчу мехкадаьттан белхахойн паркехь дIаяьхьира цIахь кхобучу дийнатийн гайтам, «Зоотопия» цIе а тилина. Гайтаман гурашкахь «ХIачико» цIе йолчу акхаройн волонтерийн ассоциацица зIене а ваьлла, шена товш-дезаш долу экха схьаэца аьтто бара муьлххачу а стеган. «ЦIа лоьхуш» цIе йолу акцехь доьзна нисдина дара иза.
- Нохчийн Республикин музей кху баттахь массара декъалйо- организацин 100 шо кхачарца.
- Лахьан беттан 5-чу дийнера 7-чу дийне кхаччалц Нохчийн Республикехь дIахьур ю «Тахана – бераш, кхана – вай къам» цIе йолу литературин-музыкин фестиваль.
- Соьлж-ГIаларчу Вайнехан хелхаран цIахь «ДоттагIаллин тIай» цIе йолу концерт хилира. Цо цхьана сцени тIехь цхьаьнатоьхна Нохчийчуьра «Нохчо» пачхьалкхан иллин-хелхаран ансамбль а, Къилба ХIирийчуьра Галаев Борисан цIарах йолу «Симд» ансамбль а. Концертехь дакъалецира Нохчийчоьнан культуран министро Ибрагимов Iисас а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министро Дааев Хож-Баудис а, Къилбаседа ХIирийчоьнан культурин министро Дзагоева Радмилас а.
- Яздархо Мамакаев Эду-Хьаьжи (Эдуард) вина 85 шо кхачарна лерина сийлахь барам дIабаьхьира Омаев Дагунан цIарх долу цIачохь.
- Нохчийн къоначу яздархочун Багаев Акраманан изза цIе йолчу дийцарна тIехь яьккхинчу «Яьх» цIе йолу исбаьхьаллин фильм. Цйуьнан премьера гайтар хир ду Соьлжа-ГIалахь. Фильман продюсер -Халимова Файза. Кинорежиссер-Газабаев Абубакар, продюсер-Хизриев Адам. Сценарий язйинарш: Халимова Файза а, Закаева Макка а. Оператор: Хизриев Салман.
- Советски а, нохчийн а балетан хелхарча, балетмейстер, хелхархо, актер Эсамбаев Махьмуд вина 100 шо кхачарна лерина Соьлж-ГIалахь «Хелхаран чародей». Конкурс дIаяьхьира А.А. Айдамиров цIарха йола Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь. «Суртдиллар а, графика а» категорехь хилара къийсамаш. Цигахь дакъалоцуш бара кIоштарчу исбаьхьаллин школашкара студенташ а, къона суртдилларой а, иштта исбаьхьаллин колледжаш а.
- 1919-чу шарахь ГIойтахь хилла тIом дагалоцуш Нохчийчохь хIоллам хIоттор бу.
- Макка Межиева Россин Сийлахь Артист йу хIинца. Цуьнах лаьцна указ даьлла Россин куьйгалхон куьгтIаорца.
- Лиза Ахматова йу кху деношкахь Турци Анталья гIала еана. Керла шо тIекхачарца цу гIалахь концерт йала дага йолуш цуна кечам дIахош бу цу гIалахь болха беш йолу керигхойн кавказ халхаран тобанца.
Хьоста: chechnyatoday.com, chechnyainfo.com