
Нохчийн суртдиллархо, Германера Суртдиллархойн Союзан декъашхо. Пачхьалкхашн юкъехь цIе йоьвзуш волу, ше инзаре суьрташ тIехь сюрреализм нохчийн менталитетца цхьан тухуш гойтуш, исбаьхьаллин говзанчаца ЙушаI ТIахирин кIант Замирца Айдмар Миланас (“Жинепс” газетан йаздархо) кечйина йолу репортажан 2.гI дакъа
Милана Айдамирова К.
-Дуьненан массо а маьIIехь хилла хьо, ала мегар ду. Дийцахьа, нохчийн похIмаллин стаг кхечарехь тера вуй-те. Царна юкъехь коьрта башхаллаш а хIун ю?
-Дуьне мел ду лелла со, тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара суртдиллархой а боьвза суна. Тидам бина ас, вай массеран а, вай мичарра схьадоьвлаьхь а, цхьа юкъара хIума хиларан. Иза а, Нохчийчуьра, Европера, Азера йа Iамерекера велахь а, шен дуьнене хьажар, шен синхаамаш, ойланаш йовзийта гIертар ду. Оха массара а лелош бериг -дешнаш доцуш кхеташ болу исбаьхьаллийн универсал мотт бу. ХIора стаг, ше исбаьхаллийн белхашца, кху дуьненчохь шехь лар йита гIерта.
Амма нохчийн похIмаллин стаг ше кепар башхаллаш йолуш ву. Уггар хьалха, цуьнан вайн культурица, ламасташца, историца кIорггера зIе хилар ду. Нохчийн похIмаллин стаго шен чохь дIакхоьхьу вайн тIаьхьен иэс, вайн халкъан са, цуьнан ницкъ, дозалла, хьекъал. Дукха хьолахь, хIора нохчочунна гергара долу хIуманаш гучудовлу: дай ларар, винчу махке болу безам. Нохчийн похIмаллин стаган, модерн стилехь болх беш велахь а, йа керлачу кепашца эксперименташ еш велахь а, цуьнан белхаш даима а шен къоман орамашца зIе йолуш хуьлу.
Доцца дийцича, исбаьхьалла цхьа Iалам бу, массо цхьаьнатухуш болу. Нохчийн суртдиллархочун коьрта башхалла- нохчийн кодекс дIакхоьхьуш хилар ду: шен халкъ лардар, цуьнах дог лазар, вай халкъах лаьцна дуьненна дIахаийта гIертар.
-Нохчийн юкъараллан юкъехь суртдиллархо хила атта дуй?
-Нохчийн юкъараллахь художник хилар доккха сий а, доккха жоьпалла а ду. ПохIмаллин стагна ше ламасташца чаккхе йоцу материал йала, вуно дуккха хьал долуш ю вай культура. Цо ло шатайпа бух. Суртдиллархочо цу тIе дIахIоттайо ше корматалла, ше исбаьхьаллийн хьажар, ше беш болу белхаш. Тхуна, нохчийн похIмаллин нахана, цундера, бIешерашкахь дуьйна схьайогIучу вайн историн шаьш дакъа долуш санна хета; хазаллин, гармонин, синмехаллашин мах а хууш.
Вукху агIор, вайн нахан юкъехь суртдиллархо хилар а атта дац. Нохчийн юкъаралла, муьлххачу а юкъараллин санна, шен башхаллаш а, шей сатийсамаш а болуш йу. Цкъацкъа суртдиллархойшехь цакхеташ хуьлу нах. Къаьсттина, церан болх вайн ламастан дозан дехьаболуш хилча. Масала, сан сюрреализман суьрташна хаттарш дан, критика йан а йиш йолуш хила тарло. Иза хIунда хуьлу аьлча- адамаш цхьацца канонашна, кепашна Iаьмна, марзъбелла хиларна. Цул сов, вайн наха даима практик говзаллашна хьалхе ло, исбаьхьаллийн белхаш мехала цахета я ледара хIума хета.
Амма и хетарш новкъарло яц, мелхо а, диалог дIаяхьаран а, кхиаран а некъаш ду, аьлла хета суна. Нохчийн похIмаллин стаг ламасташна а, модернизмна а юкъахь, дIадаханчунна а, хиндолчунна а юкъахь тIай хила йиш ю. Тхан гайта йиш ю исбаьхьалла еккъа цхьа самукъадаккхар Iалашо йолуш хIума хилла ца Iаш, вайна вайн башхалла ларъян а, мехала хIуманаш дйийца а, керлачу чкъурашна синтем балан а, вайн культур лакхайакхан мехала дакъа ду.
И хетарш новкъарло яц исбаьхьаллна, мелхо а, цуьнан кхиаран, диалог дIаяхьаран а, некъ бу иза. Нохчийн исбаьхьалла- ламасташна а, модернизмна а юкъахь тIай хила йиш ю. Вайна йиш йу исбаьхьалла, нехан самукъадоккхуш хIума хилла ца Iаш, вайна вайн башхаллонаш ларъян, вай къоман деза долу хIуманаш дийца, уьш керлачу чкъорна дIакховдо, вай културан мехала дакъа хиларн гайта.
Суна нохчийн суртдиллархо хилар доккха дозалла хета. ХIаъ, хаа суна доьналла а, собар а долуш, ламастана а, керланашна а юкъахь баланс лах оьший. Амма исбаьхьаллан чулацам изза бу.

-Кест-кеста Даймахка хьошалгIа воьду хьо. ХIун хийцамаш го хьуна дIакхаьчча? Хьан даго къобал деш дерш а, доцурш а хIун ду?
-Нохчийн похIмаллин стаг хиларе терра, суна боккъал а мехала йу даймахкаца зIе. Сан ницкъ ма-кхоччу, кест-кеста, цига кхача гIерта со. ХIоразза а Нохчийнчу вогIуш, дог иракарахIоттош, хаза ойла йойтуш хийцамаш го суна цигахь. ЦIа кхаьчча сан синна хIун хета бохи ахь? Уггаре а хьалха сан са тIеийзаво винчу мехкан сано, цуьнан Iаламо, лаьмнашша, ламасташша, адамашша. Нохчийчоь а, ДегIаста а сайн похIмаллин дог ирахIоттош меттигаш йу. ХIоразза цигахь хилча, цара сан орамаш дагадоуьйту суна, со оцу културан декъашхо хиларн а. Суна го, муха кхуьуш бу вай мохк, къаьсттина Соьлж-ГIала: гучуйовлуш ю керла гIишлош, музейш, галереяш. Юкъарчу хьесапехь ерриг а инфраструктура алсам йовлаш ю. Цо со ирсе во, хIунда аьлча, сан Даймохк шен башхалла ларъеш, кхуьуш хиларн го суна.
Амма дика доцу синхаамаш кхуллуш мIаьргонаш а хуьлу. Цкъацкъа тидам бо ас, цхьаболу вайн ламастан буххаш вайна хийра болчаьрца хийцалуш бу. Иза сан даго тIецалоцу.
ХIора цIа кхачарца сан белхан юха а ойла ян а, дог-ойла хьалаайа а аьтто хуьлу сан. Со цхьана доккхачу хIуманан дакъа хиларн -хоьтуйтуш меттиг ю иза. И синхаам сайна чохь латто гIерта со даимна.
-Таханлера вайн кегийрхойн исбаьхьаллна а, похIмаллинна а кхетам буй? (Европер, Нохчийнчоьр). ХIун хьехар дийр дара ахь тахана нохчийн кегийрхошна?
-Нохчийн кегийрхой, Даймахкахь а, Европехь а, инзаре шорта таронаш йолуш бу тахан. Кегийрхой тахана тейп-тейпана культурин некъаш вовшахкхеттачу меттехь а заманахь а Iаш бу. Цуо шатайпа аьтто бо вайн исбаьхьаллийн ламасташ кхузаманан трендашца цхьаьнатоха. Суна дуккха а нохчийн кегийрхой го исбаьхьаллин кепашна синкъоме болуш: суртдиллар хуьлийла иза, музыка, кино, диджитал кепашна а тIекхаччалц. Иза дегайовхо луш ду вайн культура кхиарна а, шена керла кепаш карорна а.
Вайн керлачу чкъоран массо а аьтто бу тахан а кхана а, похIмаллин дуьненчохь доккха дакъа лаца. Кхузаманан технологеша а, глобализацино а инзаре аьттонаш ло къоначу артисташна а, музыканташна а, режиссершна а, кхечу похIмаллин нахана а. Царна, шайн орамашна тIехь а лаьтташ, шайн дийцарш дийца а, шей дуьненан хьажарш а дIасадаржо аьтто бу,
Ас хьехар дийр дара нохчийн кегийрхошна, эксперименташ ян а, похIмаллин шайн аз а, куьг а, хьажар а лаха ма кхера. Исбаьхьалла ша-шех лаьцна дийца хууш ца Iаш, тейп-тейпан культурашна юкъахь тIай ду. Оцу тIайх пайда а оьцуш, дуьненна нохчийн культура а, цуьнан хьал а, кIоргалла а йовзийта еза. Халонех ма кхера, вовшашна гIо де, гонахе, шайна зеделларг даржо йиш хуьлийтуш, нах хилийта. Цхьан хилча, кхин а кхиамаш баха йиш хуьлу шуна.

-Суна чIогIа хазахета хьан сюрреализм суьрташ. Цара хьовсархо вай кху дуьненчуран кхечу дуьненчу вуьгу. Нохчийн мифологех, легендашшехь, шира тешаршехь лаьцна къамелаш даима дижо лаьа дуккхахь болчарна. Хьан белхашкахь уггаре а къаьсташ йолу башхалла – нохчийн менталитет ю. ХIун маьIна, хIун Iалашо йу цуьнан?
-Дела реза хуьлда хьуна, хIара къорге, ойла луш хаттар даларна. Сан белхашкахь нохчийн менталитет масех Iалашо дIакхоьхьуш ю. Цкъа делахь, иза вайн орамашца, бIешерашкахь вайн халкъан кеп хIоттийначу хIуманашца, йолу зIе ю. Вайн философина, дуьнена, Iаламна, дахарна, Iожална болчу кхетам гайта гIирс.
ШолгIа делахь, сан белхаш нохчийн менталитет а, культура а ларъян, иза кхечаьрга дIакхачо а -гIирс бу. Сиха хийцалуш долчу кху дуьненчохь мехала ду вайх кхечарехь къаьстош дерг ца дайар. Сан суьрташ, дIадаханчунна а, хиндолчунна а юкъахь, ламастана а, модернин а а юкъахь болу «хьаса» бу. Масала, «Нохчийнчохь бIаьсте/Весна в Чечне» цIе йолу сан сурт санна. Ткъа кхечу агIор, сан нохчийн менталитет цхьацца стереотипашна, дозанашна дуьххьалло а йу. Суна лаьа, хьовсархочунна, сан белхашка хьоьжуш хенахь, массо а агIонаш цуна гайта. Царна «кхечу бакъдолчохь» шаьш карбайта. Вайна, кху дуьненчохь, тайп-тайпана хьажарш хуьлий хаита.
-ХIинца хьо хIун леладеш ву, дийцахьа. Проект «CrazyArtBox» хIун ду?
-«CrazyArtBox» цIе йолу проект ю сан. ХIара шатайпа мольбертан яьшка ю, ас сайн куьйга кечйина а, йина а, сайн стилехь басарш а хьаькхн йолуа. Со цхьан исбаьхьаллийн тайп-тайпанчу барамашкахь, спектаклешкахь, кхечу меттигашка воьдуш хенахь лелош, сан «тешаме накъост» ю иза. CrazyArtBox – иза гIирс хилла ца Iаш, иза сан похIма-кхоллараллин цхьа дакъа ду. Цу чохь дерриг а ду, муьлххачу хенахь жима цхьа сурт дилла оьшург йуьххьехь лелош яьшка.
Германехь а, Европан кхечу пачхьалкхашкахь а, дIахьочу барамашка со кест-кеста кхойкху. Сих-сиха ишттачу барамашкахь гIарабевлла политикаш а, артисташ а ган нисло суна. Немцойн депутатех цхьамма рапорт луш хенахь оцу сайн яьшкаца Бундестагехь а вара со. Цу депутатас ше къамел деш хенахь цуьнан ойланаш басарца гатан тIе диллира ас. И сан процесс гойтуш яра йоккхачу экран тIехь. Оха цуьнца барт бира цкъа хьалха, ас сурт тIехь цуьнан муьлха ойланашан гатан тIе дуьллурду, аьлла. Амма чIогIа хала дара говза политикан шерачу къамелана тIаьхьакхиа. Сан говза яьшка ахча даьккхаран совнахь, хьайн говзалла гайта а, хьайха цхьа дакъа дита а беркате яьшка ю.

-Даймахкана арахьа, Турцехь а, Урдунехь а бехачу нохчашка хIун ала луур дара хьуна?

-Даймахкана арахьа, къаьсттина Туркойнчохь а, Урдунехь а бехачу нохчашка ала лаьа шу вайн халкъан а, цуьнан историн а, цуьнан кханенан а мехала дакъа ду. Хьо миччахь велахь а, ахь хьайна чохь дIакхоьхьу нохчийн са, вайн культура, ламасташ, мехаллаш. И ду-кх вай махкана генахь хилча вайн ницкъ луш дерг.
Шайн орамаш диц ма де, амма шайна йуьхехь дехачу кхечу къамнашкар уггаре а диканиг схьаэца а -ма кхера. Со дуккхаза а Туркойнчохь хилла ву, ала йиш ю сан, туркойн культура бIешерашкахь дуьйна схьайогIуш йолу культура ю, цунах Iама дуккха а хIума ду. Вовшашна тIетовжа, шайн орамашна тIехь латта. Шу дахаран зеделларгаш дIадаханчунна а, хиндолчунна а, Нохчийчоьнна а, Дуьненна а юкъахь лаьтташ тIай санна ду. Хьайн культура кхечаьрца екъа, гайта иза хьай масалца. Диц ма де, шу вай халкъан юьхь латтош, вай культура латтийта, иза кхиайан шун тIехь ду.
Суна лаьа шун барт хуьлийла. Вовшашна гIо де, аьтто болчохь вовшийн зеделларг дийца, декъа. ТIекхуьучу чкъурана шаьш муьлш ду, мичара схьадевлла хаийта, мотт ма бицбе. Иштта, керла ойланаш кхолла, диканиг дан гIерта. Шун кхиамаш вайн дерриге а халкъан кхиамаш бу.
Ткъа, уггаре а коьртаниг- цкъа а шайн даймахкаца зIе ма хадае. Хьо генахь велахь а, хьан даима а йиш ю цуьнан кхиаран дакъа лаца – исбаьхьалца, дешарца, бизнесца я еккъа хьайн латтана болу безамца, иэсца.



