Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Умхин Хьамзат: «Нохчийн маттаца ду вайн са» -2-

2.гI дакъа
Хамзат Умхаев

Нохчийн меттан говзанча, йаздархо, журналист, талламхо, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Яздархойн Союзийн, Журналистийн Союзийн а декъашхо, Нохчийн Республикан культуран «Хьакъволу Белхахо» волу, Умхин Салманан воI Хьамзатца Айдмар Миланас (Жинепс газетан яздархо) кечйина йолу репортажан тIаьххьара дакъа.

-Глобализацин заманахь дехаш ду вай. Къоман менталитет хийца цайалийта, вешан шатайпаналла Іалашйан а хІун дан деза?

-Глобализацино къаьмнийн культура йийна дІайаккхийина. Къаьмнийн шатайпаналла, церан Іадаташ, ламасташ, гІиллакхаш и дерриге шена чулоцуш долу меттанаш, бІаьргадан цадеза цунна, ша бульдозеро санна, цхьа а къинхетам боцуш, и дерриге а дІахьокхуш схьайогІуш йу иза. Глобализацина тІехьа лаьташ дерг ахча а, оцу ахчанах цаІебаш, дерригдуьне а боьхачу шен карадерзо гІерташйолу «Иблисан» тІаьхье а йу. Цундела, къам санна ваьш дуьненчохь диса вайна лаахь, вешан къоман хІуманах – уггара хьалха вешан маттах – чІогІа тасадала деза вай. Ненан меттан маьІна билгал доккхуш, Нохчийн Республикин халкъан поэт Абдулаев Лечас, ша «Орга» журналан йеллачу интервьюхь иштта аьлла: «Суна мотт оьшу, олуш тамашийна хетар делахь а, махкал а чІогІа. Ненан маттанаьх боцу мохк – иза мохк хилар дац. Кхерчан йовхо гІийла хаало ишттачу махкахь. Букъ бохбал йерг йовхо йац, дог дохдал йацахь. Вешан маттаца долчул бен дац вай вешан цІахь, вешан къомах. Мотт шен дІатесча, къам – къам долчуьра дІадолу, махках духу. Къоман бен хуьлуш бац мохк». Мел нийса аьлла хІума ду иза!


«Суна мотт оьшу, олуш тамашийна хетар делахь а, махкал а чІогІа. Ненан маттанаьх боцу мохк – иза мохк хилар дац. Кхерчан йовхо гІийла хаало ишттачу махкахь. Букъ бохбал йерг йовхо йац, дог дохдал йацахь. Вешан маттаца долчул бен дац вай вешан цІахь, вешан къомах. Мотт шен дІатесча, къам – къам долчуьра дІадолу, махках духу. Къоман бен хуьлуш бац мохк.» Абдулаев Леча


-Шен маьрша кхане къуьйсуш хаддаза тІамтехь лаьттина вайн къам дешар тІехь а, Іилманехь а тІаьхьадисна. Цу хьокъехь беш болх буй вайн махкахь?

-Дерриге дуьненна а хууш, тІаьхъьарлера шина кхаа бІешарахь шайн маршо къуьйсуш луьра тІемаш бина нохчаша (цул хьалха хилларг шакъаьстина дийца догІу). Цу тІемашкахь, шайн дукхаллийца, лаххара а шозза эшна уьш. Вайн къомо шен доьналлица, дийнахь а, буса а, хаддаза, даларний, дисарний йуккъехь лаьтташ шен сийлахь истори шаьш йина. Цуьнах лаьцна туьйранаш йаздан хан цахилла церан. Гонахарчу къаьмнаша нохчийн историх долу дукха хІума галдаьккхина, лачкъийна, шайн цІартІе даьккхина, Россин Іедал вайца гома хиларх пайда а оьцуш. Нохчийн бакъйолу истори меттахІоттош, харц йаздинарг нисдеш, къайлахь латтийнарг Іора доккхуш къахьоьгуш бу вайн тоьлла болу историкаш а, йаздархой а.

Иштта, нохчийн къомана а, цуьнан историна а «реабилитаци» йеш къахьегначарех вара хеназа вайна йуккъера дІакхелхина, тоьлла волу историк, нохчаллех, йоьхьах вуьззина вайн мехкан а, къоман а бакъволу къонах Бакаев Хьасан (Дала декъала войла иза!) Нохчийн къам сийсаздеш аьлла цхьадош цадуьтура цо дуьхьала хьакъ долу жоп цалуш. ХІора нохчочунна дуьненчохь корта айбина лела бакъо йоккхуш доккха дакъа лаьцна цуо.

Исторех лаьцна тІаьхьарчу хенахь йазйинчу говзарех аьлча, шайна тидам тІебохуьйтуш а, таханлерачу нохчийн литературехь хиламаш лара луш а йу Кавказан хьалхарчу Имамах – Мансур Шайхах а, къаьмнашна йуккъехь машар кхайкхош веъначу Устазах – Кунта-Хьаьжех а, цІе йаххана нохчийн тІеман баьччанах – Іалбек-Хьажех, гІараваьлла волчу обаргах – Харачойн Зеламхех а Тугузов Асламбека шатайпана башхачу кепехь йазйина поэмаш.


«… вайн къоман ширачу историн, хІотто мах боцу деза, даккхий тоьшаллаш ду. Уьш «йоІ бІаьрг санна» лардар а, Іалашдар а вайн тІаьхь ду, декхар а ду»


-«Йевзаш йоцу Нохчийчоь»цІе йолу экспедицех а, цуо бечу балхах а хІун эр дара ахь?

-«Йевзаш йоцу Нохчийчоь» цІе йолу экспедици кхоьллина І5 шо гергга хан йу. Иза кхоллар нохчийн къам І944 шарахь цІерадаккхаран тІаьхьалонашца доьзна дара. Хууш махиллара, ламчуьра цІерабаьхна вайн нах бохийначуьра цІабахкийтича, шаьш Іийначу а, ворхІе да дІавоьллинчу ломара йарташка йухахьа хьала цабахийтира. ТІебоьдуш цхьа а некъ боцуш, цхьа а вехаш стаг а воцуш (баха хьала баханарш – йуха а, бохабой, нуьцкъах охьабохура) беса лаьтташ бара и, йалсамани санна хаза, мохк цу хенахь. И мохк тхаьшна бовза а, цигара меттигаш а, церан цІераш а карлайахан а, шира культурин а, архитектурин а хІолламаш билгалбаха а, царна тІехь хьакъ болу талламаш дІаболон а, нахана цуьнах дерг дІадовзийтан а, ткъа перспективехь, Іедало оьшуш йолу инфраструктура йарца, нохчийн къам схьадаьлла инзаре хаза мохк йухаметтахІоттабан а, денбан а йолчу Іалашонца. Иза эрна а цахилира. Экспедицино бечу балхана Іедало а тидам бина, пачхьалкхан куьйгалхон омрица меттахІотторан белхаш дІаболийра. ГІалгІайн махкахула бен тІебоьдуш машенан некъ а боцуш лаьттинчу «черчийнмахкахь», хІора аьлча санна, цигахь хиллачу йуьртана тІедоьлхуш некъаш дехкина. Дийнна схьаэцча ГаланчІожан районехь маьждигаш, бІаьвнаш, гІаланаш меттахІиттийна, туристаш садоІу меттигаш йан йолийна. Стенан меха йу, масала, Амерханов Іарбис шен доттагІчун Якубов Шамсуддин цІарах (Дала геч дойла цунна!) туристашна хІумакхалла а, садаІа а Пешахь йина инзаре-хаза бІаьвнан комплекс, йа Терхе олучу меттехь Алавдинов Іабдуллас цхьана готтачу чІожахь йайтина кемпинг. Цул сов электросерло а, газ а ГаланчІож-Іомана тІе дІакхаьчна лара мегар долуш йу. Цхьана дашца аьлча, хийцамаш баккхий а, бІаьрла а бу.

Ламанца йолчу малхбузе Нохчийчохь дукха ширачу заманар а тайп-тайпана хІолламаш бу. Царна йуккъехь бІаьвнаш хилла ца Іаш, маьлхан кешнаш а, селингаш а, шайн-шайн «делий» бу бохуш наха текъамаш беш хилла хІуьппІалгаш а (идолы), керстан динехь болчу нехан жІарийн суртехь долу тІулгийн чарташ а. Иштта, Нашхара Моцкъара олучу йуьртахь Іеса а, керстан а, бусулбан а динехь болу нах цхьана кешнийн кертахь дІабоьхкина меттиг йу. Халахеташ делахь а, бусулбан динца боьзнабоцчу хІолламашна тІекхийдаш а, уьш бохуш а меттигаш нисло. Цунна тоьшаллаш ду, масала, Ялхарахь а (тІулгах дина Тушолин сурт), Пешахь а (жІарин сьуртахь болу белш йолу тІулг). Иза маггане а мегардоцуш хІума ду! И хІолламаш вайн къоман ширачу историн, хІотто мах боцу деза, даккхий тоьшаллаш ду. Уьш «йоІ бІаьрг санна» лардар а, Іалашдар а вайн тІаьхь ду, декхар а ду.

Ткъа тобано вайн мохк бовзуьйтуш ломахь беш болу болх цхьана денна а сецна бац. ХІинца, дукхахьолехь, «Аргунский музей-заповедникан» белхалошца цхьаьна бо экспедиицино шен болх. И аьтто тхан баьлла заповедникан куьйгалхо Яхъяев Хизар хІоьттичхьана. Цул сов, тобанан болх меттигерчу «ЧГТРК «Грозный» телеканалехь, Садаева Раисас мало йоцуш гойтуш а бу.


«ХІора стагна сийлахь долу кхо хІума ду дуьненчохь вовшах даккха йиш йоцуш, даима а цхьаьна хила дезаш. И кхо хІума: халккъий, цуо буьйцу моттий, цуьнан мохккий ду. Оцу кхаа декъах муьлхха а цхьаъ дІакъастийча дисна ши дакъа – лешду.» И кхо хума цхьаьна долуш бен, вай вешан къомахца хуьлийла дац, дицма де-кх!


-Даймахкаларахьа (Турцехь, Иорданехь, Европехь) Іашболчу нохчашна хІун эра дара ахь, цара хІун лардан деза?

-Ас хІун эр ду цаьрга, цара шаьш хаьржина некъ бу-кх иза! Делахь а, ахь и хаттар соьга дина хилча, сайна хетарг эр ду ас.

Хьалха дуйна мухІажарш а хилла цига дІабахана. Цигахь Іашболчаьрга (Туркойнмахкахь а, Иорданехь а) – нохчийн мотт бицмабе, доьзалехь а, шен къомах волчу стагаца а нохчийн мотт бен мабийца. Шайн Даймахкаца йолу уьйраш а махедайе, йацахь – керла уьйраш тийса, аш нохчийн мотт мел буьйцу бен, шу нохчий хирдац шуна.

Шайн цхьана гІулкхана (балха, дешахІотта, могашаллатайан), цхьана ханна аьлла, дІабахнарш – махуьллу сиха цІадерза, шаьш цигарчу нахах а, церан дахарх а дІадолале, шайн Даймахкана а, гергарчу нахана а, бевза-безачарна а йуккъехь херо йолале.

Кегий къаьмнаш а, церан меттанаш а кхане йолуш цахилар чІагІдан Іалашо йолуш 1963–чу шарахь Москвахь дІайаьхьначу Йерригсоюзан Іилман – талламан конференцех гІараваьллачу нохчийн поэта а, мохк таллархочо а, хьехархочо а Сулейманов Ахьмадас элира: «ХІора стагна сийлахь долу кхо хІума ду дуьненчохь вовшах даккха йиш йоцуш, даима а цхьаьна хила дезаш. И кхо хІума: халккъий, цуо буьйцу моттий, цуьнан мохккий ду. Оцу кхаа декъах муьлхха а цхьаъ дІакъастийча дисна ши дакъа – лешду. Нохчийн къам казахийн, киргизийн мохкца тайна а, оцу махкахь дахан а, Іен а цахууш а цагІертара шайн Даймахка. Кху дуьнен тІехь мел йолу дуьхьалонаш а эшош, шаьш 13 шарахь хала гулбина бахам а битина, нохчий шайн Даймахке гІертара. Дала делла и сийлахь кхо хІума вовшах а тоьхна, йуха а дуьззина къам хилла дІахІоьтта вай». И кхо хума цхьаьна долуш бен, вай вешан къомахца хуьлийла дац, дицма де-кх!

Yazarın Diğer Yazıları

Рок-тоба «Нохчо» -1.гI дакъа-

Нохчийн республикера Соьлжа-гІалахь Іаш болу, шейн концептуальни альбом йолуш,  «НОХЧО» альтернатив  рок-тобан дакъашхой Бисаев Анзор, Шагериев Рамзанца йина интервьюн дуьххьара дакъа. Милана Айдамирова К. Нохчийн юкъараллехь...

Нохчийн Республикин Яздархойн Союзехь тхан цхьаьнакхетар

Дукха хан йац вайн «Жинепс» газето интервью зорбане яьккхира нохчийн къонахех, «махкан бахамех» лаьцна, масех жайнаш-поэмаш арахецначу нохчийн похІмечу йаздархо Тугузов Асланбекца. Цуьнан поэмаш,...

Умхин Хьамзат: «Нохчийн маттаца ду вайн са» -1-

1.гI дакъа Нохчийн меттан говзанча, йаздархо, журналист, талламхо, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Яздархойн Союзийн, Журналистийн Союзийн а декъашхо, Нохчийн Республикан культуран «Хьакъволу Белхахо»...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img