Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Низам Латтош Таlзаран Кепаш: Карлагlаш

Нохчийн юкъараллехь емалваран уггаре а даьржина кепаш йара; «цІе йайар/тиллар», «цІе кхабар», «долар валар», «хІуй/гуй кхайкхор», «неІалт кхайкхор», «карлагІа йогІар», «лай кхайкхор», «юьртара ваккхар», «махках ваккхар». Уггаре а луьра барам бара-махках ваккхар.
Къаьсттина эхье зуламаш динчарна, тІамехь кІилло йинарг, тешамбехк бинарг махкара воккхара…


Милана Айдамирова К.



Ширачу заманахь дуьйна нохчийн хилла доьзалехь а, гергарчарна юкъахь а, нахан юкъахь а стаг нисъвеш ламасташ. Стаг хесто, айба кепаш хиларе терра, нохчашша кхиийна таІзар дан кепаш а йу. Тухуш- вуьш уггаре тІаьххьара таІзаран барам бара, лерринчу хьолахь бен ца лелош. Дукхахь долу таІзарш хилла синкхетамна тІеІаткъам беш: яхье вакхар, Іяьхь-бехк бакхар и.дІ.кх.а. Нохчийн ламасташша низамехь латтайора тайпан а, нахана а, юкъараллин а юкъаметтигаш.

«Къаьсттина эхье зуламаш динчарна, тІамехь кІилло йинарг, тешамбехк бинарг махкара воккхара»

Нохчийн юкъараллехь емалваран уггаре а даьржина кепаш йара; «цІе йайар/тиллар», «цІе кхабар», «долар валар», «хІуй/гуй кхайкхор», «неІалт кхайкхор», «карлагІа йогІар», «лай кхайкхор», «юьртара ваккхар», «махках ваккхар». Уггаре а луьра барам бара-махках ваккхар.

Къаьсттина эхье зуламаш динчарна, тІамехь кІилло йинарг, тешамбехк бинарг махкара воккхара. Нохчашна юкъахь «махках ваккхар» таІзар тІедожош хилла гергара стаг вийча, хьаша-да тІеэцар ца лардича, хьаша вийча, цуьнан хІуманаш лачкъийча и.дІ.кх.а (4).

Ала деза, зуламхочунна таІзар кхочушдеш а, сацош а коьрта роль тейп- тукхум, гара- некъий ца хилла. Зуламхочунна «цІийна нах» а, доьзало а хилла дола деш берш. Нагахь санна гергарчара и кхетавеш, сацош цахилча, хьалха йолура гара а, некъий а, цул тІаьхьа тейп а.

Арахьарчу мостагІашца уьйра, тейпанна дуьххьала йа нахан Іар-вахаран кхераме хІуманаш лелдинна хилча, ямартхо шейн чура, юртара, махкара аравоккхура. Наггахь вен кхел а йора.

Нагахь санна зуламхочун доьзало иза бехке веш вацахь, берриг а доьзал юкъараллехь емал а беш, юртара, махках боккхуш хилла.

«Цуьнан гергар нах а хила безара цигахь. Уьш баьхкина ца хилча, зуламхон агІор хилар лоруш дара. ТІакха неІалт царна а кхойкхура»

Кхин цхьа кеп яра остракизман- цІийна нахас зуламхо шейн долара ваккхар. Тайпах ваьлча- стаг де доцуш, ницкъа боцуш вуьсу. Цу хьолехь зуламхо дІатесна стаг лоруш вара. Цуьнан гергарчара цул тІаьххьа жоп ца лора цо лелийначунна, цо динчу зенна а. Иза вийча а бекхам ца боккхура. Иза емалвора нах гуллучу меттехь, дукхах хьолехь пхьоьгІахь – юьртан майданахь. Цунна цигахь неІалт кхайкха дора. Цуьнан гергар нах а хила безара цигахь. Уьш баьхкина ца хилча, зуламхон агІор хилар лоруш дара. ТІакха неІалт царна а кхойкхура. Дукха хьолахь, тІаккха иза ша йа шейн гергар нахаца цхьанни юьртара воккхура. ЦІестан кедашна а шуннашна тІе дечиг гІаж етташ маьхьаршца: «НеІалт хуьлда зуламхочунна!», «НеІалт хуьлда иза дуьненчу ваьллачу денна!», «НеІалт а хуьлда зуламхо цІенна!» «НеІалт хуьлда цуьнан вархийденна а, цуьнан тІаьхьенна а!» и.дІ.кх.а бохуш, арабохура уьш.(7)

Наггахь таІзар деш нохчашша цІе тІе кхин а цІе тухура, масала «Лема- ХІуттут» йа цуьнан ше цІе ца йокхуш, цІе кхобуш «хІуттут», «кІеза» санна цІерш лелайора.

Этнограф С.А.Хасиевс (6) дийцарехь, нохчийн хилла «лай кхайкхор» ламаст а. Масала, Эвтара а, Курчал а ярташна юккъехь, Іаьржачу лаьмнин когашкара Гуьмсе кхаччалц ю «ЖагІан чоь» олу меттиг. Оцу меттиган долахочо вийна эрмалойн цхьа совдегар. Юкъаралло лай дІакхайкхийра иза, цуьнан доьзал юьртара арабохуш (6).

«Эхь йа зулам динчу меттехь лаьттахь бІогІам/хьокха дІахІоттабора, цуьнан тІе тІулгаш и, латта и, нехаш и тІекхуьссуш барза бора»

Юкъараллин таІзаран кхин цхьа кеп а яра, дуьххьара Совет замнахь Іилманан литературехь И.А. Саидовса язйина йолу-«карлагІа йогІар».(7) Эхь йа зулам динчу меттехь лаьттахь бІогІам/хьокха дІахІоттабора, цуьнан тІе тІулгаш и, латта и, нехаш и тІекхуьссуш барза бора. ХІора тІехволучу стага зуламхочунна неІалт кхайкхош, цу барзан тІе тІулг йа латта кхосса дезаш хилла.

КарлагІа: зуламхочунна цІарахь неІалтан бина тІулгехь, латтахь, чІешалгехь барз/гу бу.

КарлагІа хІоттош зуламашна юкъехь дара: Хьаша йа некъахо вер; гечдина, витан волу чІирхо вер; вийначу мостагІчун дакъа сийсаздар; ямартло йар; зина дар; чІиран зуда йер; кхоран дитт хадор; йисинчу жеро зудчунна а, буоберашна а зулам дарн; некъ, тІай талхош, хин хьоста бехдеш зуламаш; шен зулам къайлаха даккхархьам бехк боцчунна тІехьажор и.дІ.кх.а.

«Зуламхочун дакъа, Далла а, адамашна а хьалха ша леладиначунна эхь хеташ санна, шина куьйга юьхь дІакъевлина, охьатаьІначу хьолехь дІавуллуш хилла. Цигахь карлагІ барз хІоттош хилла»

Халкъан дийцаршкахь, археолаган билгалонашках йаздина ду белла тІемалой дІабухкуш хилла шейн духар цани, каш дуьззина герз а долуш. Скифийн кешнашийн гунах тера гу а беш, цу коша тІехула дІахІоттийна гІуркх/хьокха болуш деш хилла. Диканца ваьхна стаг охьахаош дІаьваьрзавора. «карлгІа» – «къа ор» – къинош летийначун я зуламхочун каш хилла. Иштта Кавказехь, масала, массехь «даьсса кешнаш» карийна. Уьш цхьан зуламхо цІеран кхоллина долу символан кешнаш ду.(7)

Нохчийнчоьн меттигаш йовзуш А. Магомадовс дийцарехь, зуламхой леш хилча «къа ор» олучу горгачу ор чохь дІабухкхуш хилла уьш. Цундела церан кошах «къинан ор» олуш хилла. Зуламхочун дакъа, Далла а, адамашна а хьалха ша леладиначунна эхь хеташ санна, шина куьйга юьхь дІакъевлина, охьатаьІначу хьолехь дІавуллуш хилла. Цигахь карлагІ барз хІоттош хилла, тІехволучу хІораммо а цунна неІалт кхайкхош тІе тІулг кхосса безаш.(6)

Нохчийн уггаре а ширачу цІунехь хилла боху Къа-цІу, юьхьанца лакхара лоруш хилла иза, амма цул тІаьххьа тІемийн а, баланийн а, къинойн а дела лоруш хилла. (9)

Синкъоме ду, «каирн» -олуш хилла шира заманахь Ингалсан махках нахас беш тІулгийн барзанаш. Дукха хьолахь конус кепехь хилла уьш. Ингалсан термин «cairn» хІинца а лелайо археологин Іилмано тІулган барз-гунаш, латтанан гунийн тІулгахь йолу «чоь», дольмен кешнашийн тІулгах дузан хилар а каирн олу. (Суьрташ тІехь Сурсельва меттиг, Швейцарехь, Британехь-Исандлване меттиг).

КарлагІах лаьцна кІезиг хаамаш бу вай этнографин литературехь. А. Ипполитовс карлагІах «куча» (чалх/оьла) олу. Цхьа нохчийн историн легенда юьйцуш, цо хаам бо, «Гуданатас (легендин турпалхойх цхьаъ – Ред.) халкъана тешнабехк бар дагалоцуш, Нохчийчохь некъашца тІулгийн «куча»/барзанаш хІиттийна» хилла, аьлла. ХІора тІехволуш верг декхаре вара царна тІе тІулг тІетоха: «Обарг Вара вийначунна неІалт хуьлийла!», олуш (8)».

В. Ф. Миллерс йаздо: «… уггаре а атта некъ бу цхьацца стаг а, хиламаш диццадалийта, гуш йолчу меттехь тІулгийн жима пирамида хІоттор. Тхуна гира иштта тІулгийн барз Хайбах юьртана уллохь, некъаца. ТІаьххьо цхьаммо тхуна дийцира, масех шо хьалха цхьан стаго маьждиг чура куз лачкъин хилла. Юьртахошша неІалт кхайкхош, эхь-бехк боккхуш цунна, тІулгийн пирамида хІоттийна хилла. ХІетахь дуьйна тІехбовлуш болчара цхьацца тІулг тІекхуссуш, куз лачкъабиначунна неІалт кхайкхош ду», аьлла (5).

Ур-атталла «карлагІ» цІе ца йоккху цу яздина кехатташкахь амма, «куча», пирамида, гу, барз олу. Цу кІезигчу хаамашна тІе а тевжаш, хаа хала ду, дуьйцучу Іадатан чулацамаш.(7)

Грознера кхузткъе километр генахь, Йокхачу АтагІа боьдучу новкъахь, некъа йистехь лаьтташ хилла инзаре доккха кхоран дитт (Нахчашша лараме лоруш долу дитт). 1910-чу шарахь меттигерачу цхьан бахархочо буьйсанна и дитт хадийна охьа а тоьхна, Соьлжа-гІала дохка дІадаьхьан хилла. И хабар даьржира гондахь йолу йарташкахула. Дитт охьатохначунна неІалт кхайкхаран сацам бира нахас: кхоран дитт хилла меттиган тІехволуш мел верг, саца а сецна, тІулг схьа а эцна, цу диттан йисан йолу гуьйриган тІе кхуссуш: «НеІалт хуьлда хІара кхор дитт хадийначунна!», олуш хилла. Дукха хан ялале, и тІулгийн барз боккха хилла. Цхьана буьйсанна бехкечо, схьахетарехь, ворда а эцна схьакхаьчна, къайлаха дІадаьхна и тІулгаш. Амма цхьа шо даьлча, барза юха а бокха хилира. Бехкечо юха а тІулгаш дІа а даьхна, гуьІриг орамашца дІа а йаьккхина, меттиг нисйина хилла. Амма наха кхидІа а «неІалтан тІулгаш» кхуьссуш карлагІа йуха а дІахоттира. Советан заманахь кхин дІа а кхуьуш яра иза. Нийсса оцу меттигехула керла йиначу шоссе баханца сацийра карлагІ кхин дІа йоккха хилар.

«Хьуьннан уллохь Шалажи юьртахь а, кхор дитт охьатоьхначунна неІалтанна карлагІа хІоттийна хилла, амма тІулгех а йоцуш, дечигах хилла иза»

Хьуьннан уллохь Шалажи юьртахь а, кхор дитт охьатоьхначунна неІалтанна карлагІа хІоттийна хилла, амма тІулгех а йоцуш, дечигах хилла иза. Шалажера карлагІа лаьттира 1944 шо кхаччалц.

1960-чу шеран июнь-август баттахь, Нохчийчоьнан къилба-малхбалерчу лаьмнашкахь, некъана уллохь дІатардина инзаре боккха тІулгийн барз хилла. Ала дашна, и барз хІинцале а кхуьуш бара: некъахоша хІинца а цу тІе «неІалт тІулг» кхуьссу, аьлла яздина кехаташ тІехь.(7).

1943-чу шарахь Беной-Ведана уллохь карлагІа йинера. ТІаьхьо Гуьржийчоьнан ССР-н Ахметовски районехь Алазани хица лаьттачу нохчийн Дуйсий, Жокало олучу ярташна юкъахь карлагІа кхоьллина хилла. И карлагІа кхуьуш яцар амма кхин дІа. Хетарехь, и ламаст нахан йукъеран дІадаларца доьзна ду. Уггаре тІаьхьарчу хенахь кехатташкахь йазйина евзаш йолу карлагІа ю 1958-чу шарахь Чечен-эвла а, Бердакъел а ярташна юккъехь йолийнарг. Иза йилларан бахьана дара оцу ярташна юккъера некъ талхорна емал дарца.

Ишхойлам уллохь йолу карлагІа, лелаш боцчу новкъахь лаьтташехь, боккха гу хилла дІахІоьттин хилла. Воккха стаг вийначунна неІалт кхайкхо кхоьллина хилла боха иза.

ДІаяханчу заманахь, нохчашна юкъахь, карлагІа хІоттайале xІу / гу кхайкхош хилла – зуламхочуннан хІу/гун а неІаллт кхойкхуш.

«КарлагІаш – Кавказан феномен ю, хьалхарчу тешаршахь йисина, хІетахь дуьйна хІинцале зама тІекхаччалц цхьацца хийцамаш хиллехь а»

ТІехбовлучу наха, карлагІ тІе тІулг, га, я латта кхоьссина, иштта олура: «Къинхетаме Дела, зенехь-зуламехь, къиношшехь лардехьа тхо. ШайтІано цу тайпа вон хІуманна ма Іэхадойла вай. Хьуна а (зуламхочунна), хьан хІун/тІаьхьенна а, а неІалт хуьлда!».

КарлагІаш – Кавказан феномен ю, хьалхарчу тешаршахь йисина, хІетахь дуьйна хІинцале зама тІекхаччалц цхьацца хийцамаш хиллехь а. КарлагІашша дагадоуьйту, ширачу заманахь наханна а къаьмнашна а юкъахь хилла долу гІиллакхаш. И ламаста ширачу грекийн остракизмца дуьстийча маьлла тера хІуманаш карадо. Грекашша поппаран кийсакашца кхаж а тосуш, тешаме боцу нах билгал бохура. Иза а йара емалбаран цхьа кеп. Иштта дуста догІуш ду ширачу Мисаран ламаст а: поппаран пхьегІаш тІехь неІалтан дешнаш йаздар. Вай «неІалтан тІулгаш» санна, уьш а лерина хилла гІарабевллачу а, цІе ца хуучу, кІезиг боьвзачу нахана а. Цхьадолу керста а, бусулба а, шира хаамашкахь а хаалуш ду царехь тера хІуманаш.

Иштта йуьхьа а цадайтархьамма, дина долу зуламан иэс лардархьамма, тІекхуьучу чкъорна эхь-бехк биц ца балийта йаш хилла и карлагІаш.

Таханлерачу заманахь карлагІа хІоттийна аьлла, цхьанхьа а билгал хаам бац. Амма кхана хІун хира ду хаац вайна. Нохчашша заманца зуламхойн цІарахь карлагІин «лаьмнаш» дан а тамбу.. Дала лардойла вай зен-зуламахь а!

Хьоста:

1. Анчабадзе Ю.Д. «Остракизм» на Кавказе // 1979. № 5.

2. Анчабадзе Ю.Д. Указ. соч. С. 139-140.

3. Берже А.П. Чечня и чеченцы. Кавказский календарь на 1860 г. Тифлис, 1859.

4. Берже А.П. Указ. соч. С. 187.

5. Миллер В. Ф, Археологические экскурсии «Материалы археологической комиссии», вып. 1, М.. 1888, стр. 35.

6. Натаев С.А. К вопросу об остракизме в тардиционном чеченском обществе. Журнал:Общество, философия, куьтура, право. 2015.

7. Саидов И.М. Чечено-ингушские карлаги //Советская этнография. Грозный.1964. № 2.

8. Ипполитов А. «Учение «зикр» и его последователи в Чечне и Аргунском округе»,- «Сборник сведений о кавказских горцах», вып. II, Тифлис, 1869, стр. 17. 2.

9. Дильмаев Х.Древнее накхское божество Къа. Проза.ру.25.04.2024.1235.

Суьрташ: Wikipedia.org.ru, checheninfo.ru, Proza.ru

Yazarın Diğer Yazıları

Рок-тоба «Нохчо» -2.гI дакъа-

Нохчийн республикера Соьлжа- гІалахь Іаш болу, шейн концептуальни альбом йолуш, «НОХЧО» альтернатив рок-тобан дакъашхой Бисаев Анзор, Шагериев Рамзанца йина интервьюн тIаьххьара дакъа. Милана Айдамирова К. -Шу...

Рок-тоба «Нохчо» -1.гI дакъа-

Нохчийн республикера Соьлжа-гІалахь Іаш болу, шейн концептуальни альбом йолуш,  «НОХЧО» альтернатив  рок-тобан дакъашхой Бисаев Анзор, Шагериев Рамзанца йина интервьюн дуьххьара дакъа. Милана Айдамирова К. Нохчийн юкъараллехь...

Нохчийн Республикин Яздархойн Союзехь тхан цхьаьнакхетар

Дукха хан йац вайн «Жинепс» газето интервью зорбане яьккхира нохчийн къонахех, «махкан бахамех» лаьцна, масех жайнаш-поэмаш арахецначу нохчийн похІмечу йаздархо Тугузов Асланбекца. Цуьнан поэмаш,...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img