Кху шаран кхолламан баттахь вайн газетан чохь оха шира нохчийн сийлахь Тушолехь лаьцна яздинера. Цигахь шира заманашкахь нахана Тушоли хІун йу, хІун меттиг лоцара цо нохчийн дахарехь, лаьцна дийцара. Тушоли теонимийн этимологехь лаьцна дуьйцуш хенахь тІехула хиллехь а “Тушети”, “Тушхой”, “Бацой” цІераш а хьахийра оха. Амма тІаьхьа тхуна цхьа материал кара кхечийра. «ТушетІи» – «Бац/Баца» – «бацой»? цІе йолу болха бара иза. Амагов Доккас яздина. Оха хьалха яздинарг кезиг хетта и тема кхечу агІор сирла йоккхуш, и дешнаш туьдуш, хаам-маьІан луш болу болха нахе бовзийта беза, аьлла сацам бира оха. “Туш-Тушети, бІа-ца/бацой, ковчег/ковчІег” кхин дІа а, дешнаш тидна цо.
Милана Айдамирова К.
Амагов Докка мила ву?
Абдул-Малики кІант Докка, ЧІаьнта эвлахь, Итон Кхьалла эвлахь вехна чІаьнтий тейпан нохчо ву. И эвланаш ю Гуьржийн махкан дозанца, тушхой, бацой Іаш меттигашан юххьехь йолу эвланаш.
Цуьнан биографехь лаьцна билгалонаш вайн газетан туркойн маттахь йолу агІон интервью чохь ара йаьллера (ГІуран бутт, 2023 шо). ХІинца Хонкар махкан Измит гІалахь Илимтепехь вехаш Іаш ву иза.
***

Нохчийчоь – Баца: “ТушетІи” – “Бац/Баца” – “бацой”?
Бацой Іаш болу меттиг жа лело дика дежийлаш долуш ю, бацойн Іэр-дахар жаца доьзна ду (хилла), Кавказерачу уггаре а хІу цІеначу жах нохчаша “бацай-жа” олу.
Билгалдаьккхира “Баац” – ТуштІи/е”: “Альпийско – пастбищные луга” “Стойбище”/“Место стоянки”/“Место обитания”1 санна.
ХІинца терго ер вай, А. Сулеймановс “бацой” “БІа+цІой” санна туьдуш хилар. Цуьнан кхетам “Войско Христово”2 а лоруш.
Кхузахь вай бохург а, А. Сулеймановс дуьйцург а бІостнехьа кхета ца деза. И шиэ тидар вовшашна кхачо еш ду. ХІунда аьлча, вайнаха даима а шайн Іэр-дахар долу меттиг Дэлан беркат лоруш хилла. Иза Дэлан билгалонашца а юьйцуш.
Цуьнан цхьа маьІна “Эла/Али ани” (пространство Господа3) санна, ткъа шоллагІниг – “Али ани” (аал-йол”/“ялта”/“буц” + “ана/аре) кепехь а далош. ГІазкхийн маттара – “божественная/плодородная земля” санна. Гуш ма хиллара, кхузахь а и шиэ кхетам цхьанауьйш бу.
Масала, оцу кепара ду вайн маттара – “элан/алан (сенная) + ара/ана”; “аланан регІанаш”; “алан да”; “алан ворда”; “аланашкахь”; “элан/алан дитт”, боху аларш а, вайн махкара – “Алан цанаш”, “Алан кхаш”, “Элан кІога”, “Элан бийра”, “Алан босса” (и. дІ. кх. а).. санна йолу топонимаш. Вай дуьйцучуьнца цхьана догІу “Нохчийчоь” топонимаца хезаш долу: “Нохь -пайхмаран чоь”; “Нох аре”. Тоуратан “Сенаар” топонимаца догІу: “Сийна аре”; “Селан аре” (Села” -шираллера делан цІе). Цу тайпа “Бааца” топониман кхетам: “Сенаар”, “Алани”, “Нохчийчоь” бохучу цІерашца а го вайна.
*
Ламроша бацойх “лам-керстой” а олу. Церан дин керсталла Іасалла цхьаьна йолуш хиларна. Цкъа ломанна шаьш “Іийбадат” деш йисина йолу цхьацца билгалонаш хІинца а лелайо бацоша. Тидаме хуьлу царна а, вайна а юккъехь лаьттачу лекхачу ша-ломах “Дакох” (ТІуьла” а) алар а. “Да-Ка ха” санна тидалуш хета иза. Ширачу нохчийн маттара гІазкхийн маттаца аьлча “Страж Всемогущего Владыки” бохучух терра. Цунна тоьшалла хета цуьнан шоллагІа “ТІуьла” цІе “ТІу-лам” санна тидалуш хилар. Кхузахь: “ТІу” – “пик”; “вершина”… Масала: “ТІу-з”; “ТІу-ска” дешнашца а хеза и “ТІу”. Амма уггаре кхузахь тидаме хуьлург ду:
а) Муса-пайхамара (а.с.) Дэлаца къамаьл диначу ломаха “ТІур-лам” (Синай) олуш хилла хилар.
б) Нохчийн “ТІурнене” дош “Космос” бохучу кхетамехь хилар. Цу тайпа, оцу ломан “Дакох”; “ТІуьла” цІераш цхьана кхетамехь хаало вайна.
Ишта церан а, вайн юкъара лекха лам бу – “Кхаа йишин корта/лам” (Даттах-корта) а. “Комито” а, олу цунаха карте тІехь (и тайпа – “Кхаа йишин корта/лам” боху “гІовсалле” лаьмнийн цІераш Эрмалахь а, Канадехь а, малхбузерачу Сибрехахь а ю). Цу “Кхаа йишин корта” уллохь лаьттачу кхин цхьана кортах а нохчаша – “Деле – лам” олу (жайна “Топонимия Чечни”, Сулейманов А.)
Гуш ма – дарра, оцу кхаа а кортан цІераш шайца Іасаллин “гІовсалла” йолуш ю. ГІазкхин маттахь аьлча – “триединство” (кхаанийн цхьаалла) санна (билгалдар: “триединство” Шумерера дуйна хилла ю). Дуьйцу, шираллехь оцу лаьмнашна гондахьа баьхначу наха (лара нохчий, бацой) шайн Іасаллин цІай (праздник) цхьана даздеш хилла бохуш. Цу лаьмнашна хьалха хастамаш а беш. Ткъа шайгарчу хІинцлерачу кериста дине бацой гуьржийн миссионераша бахкийна. Тилорца, эцарца, нуьцкъала, гІазакхийн гІонца а. Амма хІетте а, ша ма дарра долу и керисталла тІе ца эцна цара.
Шен меттахь аьлча, хІетахь бацошна санна, нохчашна а, дегІастанхошна а керсталла тІедожо гІиртина гуьржийн миссионераш, Іэдал. Шайн аьтто баьл-баьллачохь, Кавказ яккха мел вогІучу жІарахошца а цхьана кавказхойн къаьмнашна зуламаш а лелош. Бацой санна керста бохуш цара нохчийн къомах дІакъаьстина пхей а, шой а.
ГІалгІай а цара иштта кериста баьхна хиларан тоьшалла до гІалгІайн махкарчу “Тхабаерди” килсано. Гайтаме ду, и килс хІинца а лерина Іалаш еш хилар. Йоьхча, то а еш. Цуьнца доьзна долу шираллера цхьацца ламасташ карладаха гІертар а. Цу балханна тІе тийжарш а гуьржаша чІогІа къобал а бо. Царна шайгара ма хуьллу накъосталла а до. Ткъа юха а бацойх аьлча, шен хенахь гІалгІашна Ислам хьехначу Кунта-хьажас а ша махках воккхучу хенахь царах ишта аьлла боху: “ДегІастанехь со ца кхуьуш цхьа дагахьбалам бисина суна. Бацойн дукъ тІе а ваьлла, аса цкъа азанна кхайкхина хиллехьари, бацоша Иман дуьллур дара.”
*
“Нохчийчоь” Ноахь-пайхамарца (а.с.) цІарца доьзна ду бахар дукхачара дийцина ду. ХІинца дуьйцур вай “Баца” Ноахь – пайхамаран (а.с.) цІарца муха доьзна ду аьлла хета вайна. “Баца” кхин цхьана кепара а туьдуш.
Кхузахь цкъа хьалха билгалдоккхур вай, нагахь массо а маттахь ша тидича Ноахь-пайхамара (а.с.) хикеманан цІе шен юкъара маьІна долуш хила езаш юйла. ХІетахь хилла и инзаре боккха бохам массеран юкъара силсил йолуш хиларна.
Масала, вай тохара тидиначу “Ковчег” цІарах терра (Ков+чІег”: “ков”-“дом/ворота”. “чІег” -“засов”. Вуьшта -“цІа/ков) хила деза церан и маьІнаш.
Вайн кхетамехь царах маьІна ду “Баца”; “бацой” цІерашца вайна гушдерг а. И вайна карош хета цхьана аятан а, нохчийн меттан а гІонца. Масала, Ноахь-пайхамар (а.с.) шен кеманна тІе хьалаволуш: “Прости мне, Господи, и родителям моим, уверовавшим в Тебя. Тем верующим, кто войдет в дом мой. Верующим мужчинам и верующим женщинам. А нечестивым пошли только гибель4…”, аьлла диначу доІанан дешнашца.
Кхузахь терго ер вай, цу доІанцара “бен”/”цІа”; “цІийнан нах” ламоройн цхьана “бІа” дешан чулацамца хилар. Ишта цо чу лоцуш ду: “пхьа”; “доьзал”; “эскар”; “лаам”; “сингІора” (бІа къежа, я ца къежа) боху дешнаш а, “цІийнан нах”; “цІийнан саг” санна долу аларш а.
Ткъа и тІаьхьара шиъ -”ЦІу нах”/“ЦІу саг” санна далийча, гІазкхийн маттара – “божий народ”/“божий человек” санна а хуьлу. Ишта Нохь-пайхамаран (а.с.) цу доІанца вайна хаало уггаре а хьалхарчу маттахь хилла долу нохчийн “БІа-цІа”. Вай лакхе далийначу “Ковчег” (Ков+чІег) кхетамехь а ша долуш. ГІазкхийн маттахь аьлча, шен маьІна “Дом народа/воинства/избранных”5 хир дара цуьнан.
Нагахь “цІа” метта “цІу” а хІоттош, “БІа-цІу” кепехь ша далийча – “дэлан бІо/нах” кхетамехь а хир дара иза. ГІазкхийн маттара – “божий народ”; “избранные”; “спасенные” санна. “Бацой” этнонимах Сулейманов А. диначу тидарна ша герга а долуш (БІа+цІой”- “Войско Христово”. Сулейманов А. ”Топонимия Чечни).
*
Ишта вайна хаало:
а) “ЦІу” – ширачу нохчийн маттара делан цІе хилар;
б) “БецІа” (Бециев” фамили) – нохчийн цІе юьйла;
в) “БІа-ЦІа” (гнездо -дом”; “дом -людей”; “дом-воинства”; “дом -воли/духа” санна дуйла;
г) “БІа-ЦІу” – “бацой” цхьана эшаре дар;
д) “БІа-ЦІу” гІазакхийн маттара – “божий народ” санна хилар.
Амма уггаре тамашийна дерг ду, ширачу егІиптхойн маттара – “Бецау” (гІаз. тран.) гІазкхийн маттара – “корабельщик”6 санна хилар. Нагахь вай и, вай дуьйцучуьнца цхьана даладахь, цо тоьшалла до, ширачу егІиптхошна а Нохь-пайхамаран (а.с.) истори хууш хиларна. И дуьненчохь уггаре а хьалхара хилла волу – “корабельщик” (Бецау) а цара лоруш хилла вуйла.
Ишта и егІиптхойн – “Бецау” (корабельщик) вайн ширачу -“БецІа” цІарца йогІуш хиларо а ойла хуьлуьйту, нагахь Нохь-пайхамаран (а.с.) “корабельщик” санна нохчийн маттахь цІе йоккхуш хилча, иза “БецІа” хила езара аьлла. И цІе мичара схьаяьлла а, мичара схьайогІу а гуш.
Вуьшта нохчийн – “БІа-цІа” а, егІиптхойн – “Бецау” а доьзна хета Нохь-пайхамарца (а.с.) а, цо диначу доІанца а. “Бецау” санна ша хикеманан да а волуш, “БІа-цІа” санна шен цІа-цІийнан нах (бІа”: ”дом-народ) а цо буьйцучохь.
Оцу “Бецау”/”БІа-цІа” дешнашца хІара сурт го:
а) Ширачу егІиптхойн/нохчийн – “БІа” (дух”; “сила духа”; “воля).
б) Нохчийн -”цІу”, аккадин – ”Су” (я “Сину), бабилонин – ”Су”, ширачу германин – “Цио”.
Вайн – “цІу” шираллера -”дела” санна, ткъа вукхеран маттахь хилларг – “Беттан культ” (Лунный культ”/”Золотой телец”/Дашо эса, сту) а долуш. Терго ер вай, церан хилла и – ”Су”, ламаройн – “су” (сту) санна хиларна а.
Аьллачо гойту, мел генара а, мел кІоргера маьІна а шен долуш ду вай дуьйцу нохчийн – “БІа-цІа/цІу”.
Цунна тоьшалла до Тоурато а. Ноахь шен бІоца (доьзалца), шен “БІа-цІа” (дом-народа”/“корабль) тІе хьала валар ша дуьйцучохь. “И сказал Господь (Бог) Ною: войди ты и все семейство твое в ковчег, ибо тебя увидел Я праведным предо Мною в роде сем…”. “В сей самый день вошел в ковчег Ной, и Сим, Хам и Иафет, сыновья Ноевы, и жена Ноева, и три жены сынов его с ними.” “…И затворил Господь (Бог) за ним (ковчег)…”7, бохуш.
Аьллачунна жамІа дича:
а) “Ковчег Ноя” а, “Ноахьийн БІа-цІа” а цхьа терра го вайна.
б) Топонимаш “Баца”, “Нохчийчоь”; этнонимаш -”бацой”, “нохчий” цхьана бух тІера хета. “Дом Нуха”; “народ Нуха”/”народ из дома Нуха”8 санна.
*
“Тушети”. Кхузахь дагатосу нохчийн маттара – “Туши+тІи/тІе”: “кІотар”; “юрт”; “гІала”. “Туша” – нохчийн шираллера божарийн цІе. “Туш тоьхна меттиг” – “билгала йина меттиг” санна. “Тушам хилла меттиг/адам.” – “Кула яьлла меттиг/адам” санна.
Хетарехь, и “туш/е” ала догІура “район”, “кІошт” олучохь а. Масала: “Итонан туше”; “Шуьйтан туше”; “Неврен туше” санна. Кхузахь гІазкхийн транскрипцехь долу -“Таш-кала” а шираллехь “Туш-гІала” санна хиллачох тера ду. (Вайга ала там бу и туьркин дош ду. Амма вайн а ду ала цара – “таш” ширачу арамейн/нохчийн – “теш” (свидетель) тІера схьаэцна хила тарло. Цу хьокъехь вай кхечу балха тІехь дийцира)
Кхузахь дагатосу:
а) Урартхойн – “Тушпа”: Нохчийн – “Туш+пе” (гІала-гІап); “Туш -пхьа” (оседлое/обжитое место) санна.
б)Урартхойн/нохчийн – “Тушали”: “Туш + Али/Эли” (Господь народа/страны9) санна. И цІе йолуш хилла бах урартхойн “Беттан культ” (Золотой телец).
Ишта – “Тейшебуэа” а олуш хилла бах цара цунах.
Нохчийн – “Тейше/Тайша + бу (+гІ) + етт” (дато бос болу бежна) санна ша хезаш йолу. Кхузахь лаа ца хета и тайпа хьайба нохчаша чІогІа беркате ларар а.
Цу тайпа “Тейшебуэа”/”Тушоли” джахІаллехь “беттаса – дэла” лоруш хилла. Иза – дашо/дато “бугІ-етт” а хеташ (Муса-пайхамаран (а.с.) къомо дина “дашо бежна” санна). Кхузахь тидаме ду – “Тейшебуэа”/”Тушоли” а, “Тушети” а цхьа орам хилар. Ша Іасаллин лар гойтуш а, “божественная земля/страна” кхетам луш а болу.
Вуьшта и “беттасан культ” (дашо Іэса) шираллехь бацойн а хиларна тоьшалла ду, цара хІинца а шаьш “Іибадат” дечу “гІовсаллин” меттигашкахь куьмин, акхачу беглин, хьехарин карраш (“Беттан культан” билгалонаш) хІиттош хилар.
Аьллачунна тІетоха деза – “туше+тІи/е”; “дуьшане тІе” (где плодородие) вайн маттахь цхьана кхетамехь хилар. Ишта церан эшаре ю, масала: “Туш-пхьарче”; “Дишний – мохк”; “Душети” боху Нохчийчуьра – Гуьржийчуьра цхьайолу топонимаш.
И дош вайна хеза кхечу меттанашкахь а. Масала, французаша “туш” олу “куьг тоьхна билгала доккхучух”. Ткъа “тушпа” – “куьг тоха дихкиначохь”.
—————————————————————————
Туркойн маттахь ма1анаш:
1. “Kamp Alanı”/”Park Yeri”/”Konaklama Yeri”
2. “Mesih’in Ordusu”
3. “Rabbin Mekânı”
4. “Ey Rabbim, beni ve sana iman eden anne babamı bağışla. Evime giren iman edenleri bağışla. İman eden erkekleri ve iman eden kadınları bağışla. Ama kötülere yalnızca yıkım gelir.”
5. “Ey Rabbim, beni ve sana iman eden anne babamı bağışla. Evime giren iman edenleri bağışla. İman eden erkekleri ve iman eden kadınları bağışla. Ama kötülere yalnızca yıkım gelir.”
5. “Halkın Evi/Ordu/Seçilmişler”
6. “Denizci”/Gemi Yapımcısı
7. Ve Rab [Tanrı] Nuh’a dedi ki: “Sen ve bütün ev halkın gemiye girin, çünkü beni bu nesilde doğru gördünüz…” “O gün Nuh, Şem, Ham ve Yafet, Nuh’un oğulları ve Nuh’un karısı ve oğullarının üç karısı da onlarla birlikte gemiye girdiler.” “…Ve Rab [Tanrı] [gemiyi] onun ardından kapattı…”
8. “Nuh Evi”; “Nuh halkı” “Nuh evinin halkı”
9. “Halkın/ülkenin Efendisi”








