«Дог эца а, вай далаз дийна дуй хаийта а, даха дезаш дуй хаийта а, вай нохчий дуй дагадаийта а, деш долу хелхар»
Нохчийн къоман хелхарча, хореограф, балетмейстер, Нохчийн Пачхьалкхан “Вайнах” а, “Нохчо” а ансамблан хилла куьйгалхо, Нохчийчоьнан культуран министр хилла, дукха а совгІаташан да, премишн лауреат, дукха махкашкахь “Халкъан артист” цІе, “Хелхаран са” цІе йолуш волу – Музакаев Дикалуца йина интервьюн 2.гІ дакъа.

-ЙоІ- «гІургІаз» символ ю, кІант а, дукхахь хьолехь, «аьрзу» символ лоца Хонкар махкахь хелхарехь. Нохчийн кІант хелхар деш- борз ю, аьрзу ду, таллархо ву? Нохчийн хелхаран кхин къаьмнийн хелхаршахь къастош коьрта башхонаш хІун ю?
-Ас сайн жайнаш чохь даимна вайн культурехь лаьцна сайн хууш болу хаамаш буьйцу (язд.-«Вайнах-жизнь моя», «Чеченская культура: От традиционности к современности»). «Чеченский народный танец» цІе йолчу сайн жайна чохь ас йовзуьйту хелхаволучу кІентан а, йоьІан а символика.
Сан хІекъалехь, цу хаттарна жоп 2020 шарахь ас йаздина жайна чохь карор ду. Иза ас пандеми замнахь йаздина. Со «Вайнах» ансамблехь балетмейстер болха беш хенахь, 1987 шарахь, Хасиев Сайд-Мохмадса (Іилманча, этнограф ) «Фольклоран центран хореографи отделан куьйгалхо хІотта везар хьо.», элира. Нохчийн хелхаран истори, амалш, боларш гулдан, яздан дІаэцнера цо со. ХІунда аьлча, хелхар дечарна юкъехь язда хууш, Іилмахь кхеташ кІезиг нах бара. Ша суна историца боьзна хаамашца гІо а деш, ас гулдеш- яздеш соьхь цу хьокехь пайда хира бу, аьлла хетара. Суна а: «Цо дуьйцарг гІуллакх ма ду, цхьаммо и болх бан ма беза.», аьлла и болха ас тІелаьцна, со таьптар яздан волавелира. «Нохчийн халкъан хелхар» цІе йара цуьнан. Яздан волавелча хІара ду, аьлла, хьосташ дацара. Дала мукъалахь мадарра, бакъонца, нийсонца, историн хаамаш тІаьхь йаздан Іалашонца- ойланца 3 глава язйира ас. Сайд-Мохмадса (Дала геч дойла цунна) редакци а йеш. Сан Іилман куьйгалхо вара иза. Нохчийнчоьн хІора кІошташка воьдуш, нахера хаамаш гулбеш, билгалонаш диктофон тІе яздеш. лаьлла со. Билгал даькхна дара имам Шамиль хенахь вайн культуран доккха зие хилар, хелхарш, синкъерамаш дІадаьхна, харам дина, чІогІа эшам хилла вайн культуран. Шамилин омранца нохчийн Іадаташ, ловзарш, синкъерамаш, йоІ-кІант хин йистехь ирахь латтар-ламасташ дІадаха деза, бохуш нах хІийзабина. КІантан йоІ йоьвза уггаре цІена меттиг- хин, шовдан йисте йу вайн ламастехь. Церан ирахь лаьтташ шинна агІор цхьацца тешна стаг хуьлара. Цу кІентан нект цІена хиларна тоьшалла дан нах бара уьш. ЙоІо дош делла, йа кІанто куьг даьхча гергарло тІелаца, цу кІанте йа реза йу- чІагІо йеш оьшуш хилла тешна нах. КІентан агІор кІант а, йоІа а хила мега, йоІан агІора йоІ хуьлу. И гІиллакхаш а Шамило дІадаьхнер. ЙоІ 14 шо кхечна елахь ара якхна маре дІайала еза, олуш хилла. Нохчашша дуьхьалло еш хилла цунна; «Нохчийн Іадаташкахь кІант йоІо шей барт хиллачул тІаьхьа бен новкъа бовлуш бац, ахь дуьцург тхан гІиллакхашца дохуш дац.», аьлла. Иштта, Нажи эвлахь дуьхьалла йина цу омранна: «Тхан маьхкарий- кІентий шовдан йистехь лаьттар бу, тхан Іадаташ иштта ду. Тхан Іадаташна тІе ма кхийда.», бохуш. Хала заманаш йара уьш, тІеман заманаш йара. Иштта а дог ца дохуш бара нах, цу хенахь. Кхин тІе а Шамилс хьарам ду, бохуш вай цІена гІиллакхаш дІадаха къа хьегна.
Шамилин тІеІаткъамца культуран хаамаш, таьптарш хІаллакдина, къайладаьхна, цул тІаьххьа диснаш вай Сибри дахийтиначул тІаьхьа, вайн архивашкар, жайначоьнаш чура, междигаш чура таьптарш, жайнаш арадохуш дагийна. Цул тІаьхьа со «Нохчо» ансамбль кхолла волавелира, дукха къахІегна ас цу жайнаш тІаьхь. Цул тІаьхьа тІом белира. 2007 шарахь со Культуран министр хилар. Цу хенахь махкахь, Хьалхар Марта хуьлийла иза, Гуьмса, Устрада эвла, Соьлжа гІала кхин дІа а, хуьлийла культуран центраш йохийна йара. Уьш меттахІоттаеш къахІигийра.
2002 шарахь «Вайнах» ансамбло гуттарен дІаболабира шейн болха. Тхо Европе дахар концерташ луш: Германехь, Францехь, Испанехь, Италехь кхин дІа а… Тхан Іалашо йара нохчий муьлша бу гайта а, нохчийн къам шира культуран къам дуйла, кхетаме къам дуйла гайта а.
2015 шарахь со Азербайджанан Культуран а туризман а министро Абдульфас Караевс кхейкхина Бакухь кхаъ шарахь «Пачхьалкхан хелхаран ансамбльн» куьйгалхо хилла со.
Суна тІедиллина хала декхар дара: ансамблан артистийн корматаллин тІегІа дуьненан коьртачу хелхаран тІегІане хьалаяккхар а, кхузамананца йогІуш йолу керла концертан программа хІоттор а, дуьххьара хира йолу Къоман балет «Кероглы» хІоттор а. Цул тІаьхьа йелла цу ансамбльна «академ ансамбльн» цІе. И декхарш кхочуш а дина, 2018-гІа шо чекхдолуш цІа вирзира со.
Пандеми зама (2020 шо) тІе еара. Со чІогІа цомгуш хилира. Меттавеача: «Дала мукъалахь и таьптар йаздина чакхадокхар ду ас.», аьлла чІагІо йира ас. Цу шарахь болха бина яздина велира со иза. 4-5 глава йара уггарен хала йолу. Нохчийн хелхаран цІерш, церан маьІанаш, ламасташ, синкъераман кепаш, ловзаран хІоттамаш, хелхаран мифалоги. ГІалахь зорбане даькхара ас и жайна. Цу жайна тІехь ас 20 шарахь сов гулбина хаамаш бу. Эзар экземпляр араяьлла зорбе яккхина йу цуьнан. Дукхах дериг ас иза дІасхьа делла совгІатна. И жайна кхечу меттанашка (Іаьрбийн, ингалсан, кхин а) гочдаре сатуьйсу ас. ТІаккха гутаррен а даьржар ду вайн хелхаршех доьзна хаамаш.
Доцца дийцича нохчийн хелхаран кІант-йоІан символика иштта йу:
Уьш шиъ дуьхь-дуьхьала «малх-бутт» санна хуьлу. КІант аьтто агІо дІаволало, аьтто куьг хьалаойи ша цхьа го бо. Сахьтан дуьхьал йоІаца хелхар дІадоладо. Шейн товша йолу шовкъаца, амалца, дог ойлаца до хІораммо хелхар. ЙоІан корт нийса латтош айбан хуьлу, бІаьргаш когашна къела хьажбина, йа кІентан бустамаш тІе хьаьжна хила веза. КІант дукха юххе вахахь, баьргашна дуьхьала куьг лаьцна го тесна гена йала еза. Бохь бухуш кІант шена улле вагІахь, йоІан цхьа куьг гІодаюкъан лахьа охадахийтина, шолгІаник лекха хьала дахийтина хила деза, амма белшехь лакха цахуьлуьйтуш уьш. Хелхар дІа доладеш кІант ву, даьрзуш йериг- йоІ йу. Хелхаран юкъахь йоІна цхьа хІуман тІехь ца там хиллехь, шен лууш хенахь хелхар чекхдаккха йиш йу. Хелхар дерзо лиъна дІайолуш йолу йоІна дуьхьал вуьйлуш кхин дІа а вала гІерта- нийса дац, гІиллакхехь дац. ХІинца лерачу замнахь, ерриг меженаш ловзайеш, спортан амалш лелош, йоІан хьалхахь куьйгаш сиха лестош хелхар дан- нохчийн хелхаран гІиллакхца дохуш хІума дац. ЙоІан ларам беш, иза паргІат хелхайолийтуш вала веза кІант. ЙоІ цу кІентан хелхарна реза хилла, паргІат хилча цо и хелхар дахдо. Реза цахилахь, шена луучу хенахь юкъер дІайолий -дерздо.
Нохчийн хелхарехь кІант «бІахо» ву, «таллархо» ву. ЙоІ- эсала «хьоза» ду, гІургІазо санна куьйгаш лелош, дукха леста ца деш уьш, даьгІ нийсса латтош, гІодаюкъ цалаьстош, бай ког бокхуш, уьш шаршабеш, йа такхош. КІантан «ког шаршбеш хаза волу» ала нийса дац. ЙоІ йу ког шаршабеш хелхайолуш ериг. КІентан хелхарехь ка болар ду, сай болар ду, бугІи болар, ча болар ду. Боьрша стаго хелхар боларшца деш ду.
Нохчийн хелхар вовшех ца хьакхалуш деш ду. Кхечу къамехь къамтош коьрта башхо иза йу. Кхин долу кавказан халкъашан кІанто йоІан куьг ше куьйган тІе диллина, йа куьг лаьцна хелхарш до, амма нохчийн йоІна куьг тоха йиш яц. Духарца, бедарца йоІахь хьакхавала йиш яц. ЙоІан йисте вахча ларлуш вала веза кІант. ХІинцалерачу замнахь кегийнах го юкъе волий «даьндарг» санна хийзаш, нах цаьццабаха гІерташ, шеца йолуш йолу йоІ йицйина шашеца вуьйлуш- иза нохчийн хелхаран гІиллакхца дохуш дац. Иза цирк йу, жухаргалла йу. ЙоІца волуш хенахь сальто йеш, кхосавалар- иза шеца йолу йоІ ца ларар ду. Оьзда нохчи стагс, нахана юкъехь хелхарехь ше йишана ларам ган луучу кепехь кхечу йоІна а ларам гайта беза. «Со стаг ву, сан ницкъа бу, гІора ду, соьца пусур ду, ларам бу»- гайта деза цо хелхар деш. Хелхаран лексика кхечу кавказан къаьмнашкахь боьрша стаган, маьхкарийн а цхьан дохуш хуьлу. Нохчийн хелхарехь кІента ше кеп йу, йоІан ше кеп йу, уьш цхьа терра хила йиш яц.
-Кавказ хелхаршна (нохчийн хелхар деш а), хІунда олу «лезгинка»? Тхуна хууш дериг, 1840-чу шерашкахь Г.Г. Гагаринс «Лезгинка» цІарца сурт диллина, цуьнах йоьвзийна, йисна цІе йу иза, аьлла ду. Кхи хаамаш, кхетамаш бу-й цу хьокхехь?
-Ахь дуьйцуш дериг «Лезгинка» цІе долу суртан тІехьула йисна йу и цІе, ахь нийса боха. «Кавказская лезгинка» цІе го вайна хІинца массо меттехь. Вайн хаа, вай «чеченцыш» дац, вай нохчий къам ду. ГІазкхийн Кавказ талламхойша, вай цхьаъ къам долушшехь гІалгІайшна Ангушт эвлер цІе эцна- «ингуши» цІе тилина, вайх Чечан эвлан цІе коьрте эцна-«чеченец» цІе тилина. Иштта дІайахна цІерш йу уьш. Чечанахь бакхи тІемш хилла, юртахой, бераш тІаьхьа, дуьхьала боьвла-къар цалуш тІом беш хилла. Къар ца луш болчарехь олуш хилла цара «чеченец». Вай къоман цІе «нохчий» ду. И йаржан йолу «кавказская лезгинка» бохург- иза гуттарен галдаьлла гІуллакх ду. Кавказехь Іаш долу 60 герг къаьмнаш ду. Халкъан хелхаро, шен нена мотт санна, цхьан къоман культуран доккха дакъа лоцу. Хьалха меттиг мотто лоцу, цул тІаьхьа культур-къоман син хьашташ а, коьчалш а йу. Син хьашташна йукъе йоху професионал хьокехь йолу исбаьхьалла, халкъан говзаллаш а. Культура- къоман «шолгІа мотт» бу, шейн башхаллаш йолуш. Нохчийн мелодин цІе «мукъам» йу, мукъаман дарий кеп ю. Гуьржийн а ю и кеп, вайн а йу. Къоман кхоалгІа мотт-«хелхар» ду. Хелхаран шовкъаца, цуьнан амалца къоман башхаллонаш го. Хийла хелхаран къийсамашках со жюри юкъехь волуш «Кавказская лезгинка» цІарца хелхар сайн гича, и хІоттадиначунга хаттар до ас: «Кавказан мульхачу къоман хелхар ду иза?», оли. «Кавказан ду.», жоп ло. Амма «кавказан къам», аьлла къам дан ма дац. Цундела «кавказ къоман» мукъам а хелхар а хила йиш яц. Иштта сан ницкъ маьлла кхочу, нах кхето гІерта со. ЧІогІа харцо йу хІинца дІайоьдуш. Дерриге дуьненчохь болу нах тиллабеш. «Кавказан» цІе лелош хилча а Кавказан-Нохчийн, Кавказан-ХІирин, ГІебартойн кхин дІа а иштта буха гойтуш лело деза иза. Со жюри йукъехь волуш иштта «чорпан» хелхарш дечунна ас уггаре лахара бал хІоттор бу шуна, олий даимна дІаолу. Дукх-дуккха меттигашкахь ас бохучунна ладоьхна къобал дина ду, амма кхечу меттигашках юхьа –такха, гуш йу вайн и харцонаш.

«Кавказан лезгинка» цхьа а хелхар дац, хІунда аьлча, «кавказхой» цІе йолу къам дац. Цуьнан бух бац, йа хила меттиг бац. «Лезгинка» цІе йолу хелхар лезгинаш деш долу хелхар ду. Нохчийн лезгинка хила, йаьнне а, йиш яц.
-Дукха къамнаш ду вайн нохчийн халхар буха лаьцна жимма хийцамаш бина, шейн кепехь цІе аьлла, хелхараш деш, иза шей ду а бохуш. Масала: гуьржий- вай шаьлтащца хелхар-«традиционный грузинский танец»/ гуьржийн къоман ламастан хелхар/ бохуш хІоттош ду сцене тІехь. Кхин масала а: Хонкар махках черказашша деш ду «Шешен» хелхар. Нохчийн хелхарца цхьа уьйра йац, шейн халкъан халхар ду иза бохуш. «Кхузза ваддар», йа «дино ког бакхар» маьІан ду «шешен» бохуш дериг бохуш. Амма бакъонца, хааман дай болу, яьхь йолу черказашна хаа гІебартлойн диалектехь «шешен» бохург- нохчи/чеченец бохург дуй иза нохчийн хелхар дуй. ХІун эр дара ахь хІокхунах лаьцна?
-Нохчий, адыгаш, гуьржий Кавказан оьзда цІийна къаьмнаш ду. Вайн юкъахь гІиллакх -гІуллакх хилла масо заманахь. Вай лулахой ду. Гуьржийн махкахь нохчий бу Іаш: кистхой, пшаваш, бацой, тушхой… Цаьрга ас: «Эш нохчийн хелхар шейн ду бохуш хІунда до?», аьлла хаьттича. «Иза шейн махкахь Іаш долу къаьмнийн хелхар ду», -олу цара. «Нохчий-кистхой-гуьржийн махкан къам ду.», олу. Такха ас цаьрга «Аджарийн хелхар-аджарули, абхазийн-абхазети олий ма кхайкхадо эш, нохчийн-нохчийн хелхар ду хІунда ца олу эш?», аьлча- жоп ца хуьлу. ТІакха шаьш деш дериг гуьржийн мехкан хелхар ду олий дерздо цара.
Цу хьолехь, вайн дуьсуш дериг, вайн культуран дай хилла, деш долу хелхар дукха чІогІа дика, тоьлла кепехь дан- ду. ШолгІа лоцара вай- адыгаш. Суна боьвзуш бу церан дукхахберш балетмейстерш, хелхаран тобанашан куьйгалхой.
Цаьрга а хаьттира ас: «Масала, «Ляпэрэс» йа шейн кхечу агІо цІе туьллий эш деш дериг нохчийн хелхар ма ду!», аьлла. «Кабардинка» ансамблан куьйгалхо Атабиев Игорьс а, Хаджаев Асланс а : «Хьо нийса лоь, оха даимна хІора меттигашкахь, массаьрга а и нохчийн хелхар ду олий билгалдокха», элира. Амма хІинца а иштта дІа доьдуш ду иза. ТІаьххьар лерачу заманахь, алсам йоьвла и харцонаш.
Сайн «Сесен» йа «Шешен» бохург говран ког баккхар ду шейн маттахь, нохчийн хелхар дац дуьйцуш хезча, такха хилара Атабаев Игорьца сан къамел. Иза шейгар даькхина хІума ду, и хелхар нохчийн ду, аьлла чІагІдира цо. «Говран ког бакхар» хелхар ду-й, «Ляперес» ду-й, кхин дІа дериг а шаьш-шаьш юкъа йаьккхина цІерш йу. Иза нийсо йолуш хІума дац. Хаджаевса а Атабиевса а иза нийса доций къобал дина. Бакъон тІехь хила веза кавказан стаг. Кхечу агІор барт хира бац вайн.
Сирехь, Иорданехь Іаш болу кавказхойн юкъехь ду «Шишани Кафа» бохуш хелхар. Цигахь ловзаргахь тІаьххьара деш хелхар «Шишани кафа» олий кхайкха дой, нохчийн хелхар до. ХІунда аьлча, царна и хелхар хаза хета, нохчий а шейн вежарий хета. Кхечу меттигашкахь вайн хелхар шейн агІо докхуш жимма хийцам а бой, шейн кепехь цІе йоккхий, къийсало вайца- иза шейн ду бохуш. А амма шейн къоман культура а, лулахойн культура а йоьвзуш болу, профессионалшна хаа, иза хьенан а, муьлха а хелхар ду. Бакъ дериг хІун ду а.
Ас бахарх, хаттарш дарх ца тоьу цигахь, дукха нахас къа хьега дезаш, корт бетта безаш гІуллакх ду иза.
Кхин ца хІума ду: «Вайнах» ансамблехь 2 программ, «Нохчо» ансамблехь дуьххьара заманахь цхьаъ, цул тІаьхьа шиъ программа хІотта йира ас. Сан дахар дерриге хелхарца, культурца доьзна ду. Амма тхан программехь кхечу къоман хелхар деш хенахь оха даимна «хІири хелхар», «суьйлий хелхар», «гІебартлойн хелхар» к.дІа а. хелхар ду олий дІакхайкха дина. Кхечу неха культуран оха пусар дина. Цкъа а церан хелхараш нохчийн хелхар ду ца аьлла. Цундела неха керта боьвла, нехан хІуманаш лачкъо ца гІерташ, хелхаран тобанашн куьйгалхошша, векалша нийсонца, низам ца болха бан беза. Вай эзар шарашкахь истори йолуш къам ду. Вайн вейш шира хелхар ду, цуьнан цІе а «Нохчийн хелхар» ду. Оха цкъа а цкъа нехан хелхарш вайн ду ца баьхна, йа шейн хелхар а ца хийцина.
-Хан зама хийцало, белхаш тІехь кхиамаш кхечу тайпа лакха дохуш ду. Халкъан хелхарш лакхарчу тІегІане даха, масала, театр постановкан кепе даха, хаа дезаш коьрта дериг хІун ду?
-Вай Сибре дІадахийтина схьадаьхкиначул тІаьхьа «Вайнах» ансамблан куьйгалхо оьрсий бара. 1971 шо кхаччалц ансамблан цІе «Пачхьалкхан эшаран а, хелхаран а ЧИАССРн ансамбль» йара. Амма нохчийн къоман хелхаран, культуран «тум», «орамаш», ламасташ, церан бухаш, бахьанаш нохчашна бен хуур дац. Масала, вай оьрсийн йа туркойн мотт буьйцуш хенахь акцент хуьлу- иштта ду иза. ГІазкхичо нохчийн хелхар хІоттош хенахь- оьрсийн акцент хуьлу цуьнан. Къайленаш ца йоьвзу цуна. Абазинхо, Георгий Дзыба вара 5-6 шарахь ансамблан куьйгалхо дира цо. “Танец с саблями”/Таррашца хелхар/, «Под небом вайнахов»/Вай неха стигал кІелахь/ цІе йолу гайтамаш бира цо.
ЧИАССРн Культуран министр Татаев Ваха хІоттийна хенахь, цо ансамбльн куьйгалхо Хамидов Абдул, балетмейстер Юсупов Гелани вира, тІакха ансамбло ше нохчийн «тум» схьаэцна, бакъо нохчийн къоман ансамбль хилира.
Азербайджанехь сан куьйгалхоца къоман хелхаран программа а, балет а хІоттийна. Цу программаца цара кху шарахь, Ташкентехь, Гран- при яккхара. Хелхаран коьрта маьІан буха лоцуш цкъа, коьртан чохь хелхаран «дийцар» кхоьллина, такха хелхаран куц-кепан ойла йан еза программа, йа постановка хІоттош хенахь. Башкортийн, аргентинийн хореографин хелхарш ас иштта хІотта дина. Стаго ша беш болу белхан да хилча, муьлха кепара беш болу болха Іилманца, шен сийца бан беза. ПохІма, ойла, Іилма деза цигахь. Лакхара тІегІене иштта дера ду иза.
-Вайн хелхаршна дай хила, культурана дола дан, вай хІун дан деза?
Вайн хІуманашна дай хила хІун дан деза, аьлча, баркалла хІуна и хаттар дарна, уггаре коьрта -Іилманан да хила веза. Ше болха хаа беза. Даимна шен Іамо деза, деша деза, хаамаш гулбан беза. И дерриге беш болу балхахь лело деза. Вист хила, нийса хаттар дан, жоп дала хаа деза. Дай хила вайн яздархо, хьехархо, хелхарча к.д.а уггаре хьалха шейн меттан дай хила беза.
Вай муьлха беш болу некъ йа болх- уггаре лакхара барамехь бича хира ду вай хІуман дай!
-ТІекхуьуш чкъорна хІун эр дара ахь?
Вайн берашша школехь доьшуш хенахь дика деша деза, тІакха тоьлла университете даха деза. Шейн тІаьхьа къа хьега деза, ша кхио веза массо агІор. Кегий нахана хаа еза ше къоман истори, культура, ламасташ, этнографи, иллеш, хелхарш, мифологи. Бакъахь волу «Нохчи» хила веза. Дагца, цІийца, ойланца нохчи хила веза. Нохчийн халкъан хаза хетар тІе деанехь- хаза хеташ, хало- бала беанехь -дакъа лоцуш, тІелоцуш хила веза. «Со нохчи ву», аларх -нохчи ца хуьлу. Ше леларца, дог ойланца, гІуллакхца, гІиллакхца, яьхьца, йуьхьца хила веза нохчи. Такха вай вайн хІуманна дай хир ду, «со нохчи ву», ала бакъо а хира йу. Кхин некъ бан а бац.







