Массарна а хаьа наха мотт буьйцуш а, лелош а мел бу-мотт беха. Хенан йохалла дешнийн маьІна хийцадала тарло, амма орам хийца ца луш буьсу цуьнан. Мотт шира хилча, цо шеца дІакхоьхьу шиъ-кхаа элпаца хьалха хилла хаарш, дахаран некъаш, ламасташ, тешарш. Адамийн дуьне «Homo sapiens» цІарца доладелла лору. Массарна хезна дериг- и термин схьаяьлла латинийн маттара «синкхетам болуш стаг/адам» бохучу дашах. Амагов Доккас, шен ненан маттана къайленаш чу а воьдуш, оцу дешан орамашка хьоьжуш цуьнан маьІнийн «хазна» гуча йокху. ХІун маьІна долуш ду и дешнаш нохчийн маттахь, хІунда, мичара схьадевлла, стенца доьзна ду уьш- гойту. Доккас бинчу талламашна шун тидам тІебахийта хІара болха гайта лаьа тхуна. Иштта…

Амагов Докка:
Вай дуьйцур долу “гом” боху дош
Ас сайн байташкахь далийна дара иза.
Ткъа и дош юкъахь хиллачу хьалхарчу байтан могІнаш ишта а долуш:
“…Ас чиркхах ягайо гІел елла ойла,
Массара шайн чиркхаш дайинчул тІахьа.
Сан гом а, сан синна набахте хилла,
Шен тутмакх хьийзадо цо тховса гІийла…”
ХІетахь и могІнаш зорбане даьхначу редакторе ас хьалхе дІа аьллера оцу дешан маьІна Амма важа сох нийса цакхетта хиллачох тера дара. Цундела и байт ара а яьллера; “Гом -дегІан чарх”, бохучу цуьнан билгала даккхарца. Ткъа ас оцу байтаца дийцина “гом ” а, “са” а, гІазакхийн маттарчу; “тело” и “душа” (beden ve can) бохучу кхетамехь дара. Нохчийчохь, Арцул лакхарчу ламорошна юкъахь и лелаш ма хилларий.
Масала, цигарчу ЧІаьнташа олу; “а (и) гом (тело; фугура/beden, vücut) воун бу цуьнан (хьан)”. Йа, “а (и) гом (хребет/sırt) каг бан безара цуьнан”. Вуьшта йиначу хьайбанийн меженеш (чоькоь дІаяхначул тІахьа) вовшаха якхха олуш а олу цара; “а гом (туша/leş) вовшаха баккха цуьнан”, ишта дІа кхин а.
Гуш ма дарра, вай дуьйцу “гом”, массанхьа а шен маьІна цхьаъ долуш, тайп-тайпаначу меттехь леладо ламороша. Амма вай кхузахь дийца кеч йинарш ю, адамах адам деш йолу ши агІо; “гом” а, “са” а. ТІаккха иштачохь лаахь а, цалаахь а вайна дага догІу, латинин – “гомо сапиенс” (грекин транскрипци). Дийцарехь, ша гІазакхин маттара – “человек разумный”/bilinçli (“кхетаме”; “синІа (духовный/ruhanilik) ерг”; “хьекъале стаг”) санна хуьлуш долу.
Соьга хаьттича, и латинин -“гомо сапиен(с)”, шен дуьззиначу маьІнаца цхьанадогІу, Нохчийн-Ламоройн; “гом – са пиен “, бохучу аларца. ТІаккха вайн гом бохург хуьлу: “синан цІа”; “са лардо пиэн”; “са лаьтта пиэн” оцу кепара кхин дІа а.
Кхеташ ду ишта, вайн -”пиэн” боху дош а цІийнаца , гІопаца, Іэр-дахарца доьзна хилар. Масала, оцу кхетамехь и лела, гІазакхийн маттарчу: “дом”; “защита”; “преграда” бохучу дешнашца а.
ТІаккха вай дуьйцучунна гуттаре цакхетачунна гайтамна далор вай цхьа алар. Масала; “цкъа хьалха Дала поппарах Адаман гом кхоьллина, тІаккха цунна чохь, Цо са диллина”, бохург. Кхузахь вайна го, оцу цхьана “гом” бохучу дашо, вай аьллрг мел чІогІа шен кхетамца нисдо. Дала цкъа хьалха поппарах Адаман гом (“тело”; “конституци”/beden) бинийла, тІаккха цунна чохь, Цо са диллийчи бен, Адамах, Адам хилла воцийла а гойтуш.
Билгаладоккхур вай, Нохчийн маттарчу “по(ппар)”, “пи(ен)” бохучу дешнашна юкъера гергалло а. Иза а, важа а цхьана латтан-маьІдаха деш (беш) хилар а, церан орамаш цхьаъ хилар а гойтуш (дагадайта кхузахь, вай лакхахьа хьахийна долу, Нохчийн “гом-са пиен” а, “латинийн-гомо сапиен(с)”.
Схьахетарехь латинин-Нохчийн “гом(о)” бохучу дашца доьзна ду, ивритан -“гои” а*. Нагахь иза ишта делахь, жуьгташа кхечу къаьмнехь олу “гои” а кхета деза, уьш цара: “хьекъал доцу нах”; “синІа (духовность) йоцурш”; “Дэла воцурш”; “кхетам боцурш”, санна ларарна олуш дуйла.
Масала, цхьацца коьртаца дика воцучу стагах Нохчаша а олу: “гомш санна Іовдалла ву”; “гомш санна боьха ву”. Вуьшта шен гом боккха болучох а олу -” гомш санна ву”, ишта дІа кхин а. Аьллачунна тІетоха деза, гомаш шираллехь дукхачу а къаьмнийн гІоматца дІадужу белхан хьайба хилла хилар а.
Со антисемит вац, цундела ас цабоху, жуьгташа шайн къомаха мел воцург, дІадужу хьайбанаш санна лору. Амма цхьабакъ ду, Нохчаша кхечу къаьмнеха и “гомш” олуш делахь, тІаккха-м лара дезара иза ишта.
Кхин цхьа дош а ду Нохчийн маттаца -“гом” (ала-“гоом”), бохуш. Ша гІазакхийн маттара- “враждебный” (düşman gibi) санна хуьлуш долу. Масала, вай олу: “гом нах”; “гом хьажар”; “гомалла” и. дІ. кх. а.
Вай ХІинцалца схьа дийцнарг тоьаш ду аьлла хета, и “гом” боху дош, ша цІенна латинин-Нохчийн хилла а цаІаш, шумерийн-арамейн меттнашкахь а лелла дуьйла хаа. Цигара кхаьчначохь тера ду и, масала, жуьгташка -“гуф”(“тело”; “масса”/beden, ağırlık), гІазакхашка – “изгои”, бохучу барамашкахь а.
Цу тайпа, вайна хаало мел инзаре шира дош ду, Нохчийн – гом боху дош. Цундела ледарло санна хета, цунаха Нохчийн историкаша а, меттан талламхоша цхьа а пайда оьцуш цахилар. Гайтамна аьлча, масала, оцу гом бохучу дашах пайда а оьцуш, гІазакхийн маттара – “памятник” (heykel, anıt) боху дош, Нохчийн маттахь вай аьлча хир дара -“иэсангом” санна. Ткъа уьш санна долу масалаш, дуккха а хила тарлуш дара, Нохчийн маттахь керла дешнаш кхуллучохь.
Аьллачо гойту, мел шуьйра шех пайда эца йиш йолуш ду и дош, Нохчийн меттан талламашкахь, Нохчийн маттахь керла дешнаш кхуллучохь. Ткъа ХІинца, вай ваьшша цунаха пайда а оьцуш, кхин дІа а талла хьовсур вай, латинин -ламоройн (Нохчийн) меттийн уьйраш (дехар ду, нагахь ас шена цхьа цатовш дерг аьлла хеттачунна бехк цабилар. Вай дуьйцург, маттаца а, историца а доьзна хиларна нислур ду иза ишта).
Масала, нагахь вай и дош хьалха а ХІоттийна, ламоройн аларехь – “гом се берг” (“гомсеберг”) аьлча (ламаройн -“се”, лит. -“сте”), иза хир дара: “дегІ сте дерг”; “зуда”; “зударийн хьесапехь верг”, ишта дІа кхин а. Цу тайпа вайна хаало, латинин маттара (грекийн аларца долу) – “гомосексуал” (гомосексуализм) а, ламоройн (Нохчийн) – “гомсеберг” (гомселла) а, цхьаъ хуьлуш дуйла.
Ала деза, вайна кхузахь гучадолуш кхин цхьа ХІума хилар а. Латинин (грекин аларца долу) – “se (ks).”, бохучу дешан орам, ламоройн (Нохчийн) -“се” (лит. сте), бохучуьнца боьзна хилар.
Ткъа ХІинца гойтур вай, оцу -“се” бохучу дешан – “эра” (“эр”; “эри”; “эро”) боху антоним а. Цуьнан латинин-Нохчийн маттахь цхьатерра маьІнаш дуьйла а гойтуш. Кхузара вайна го, “эротика” (греки аларца) боху дош мичара схьа ду а. Цу дешан кхетам хила безачура кхечу дуьненан меттанашца цхьажимма кхечу агІора баьлла буйла а.
Ткъа цуьнан ма-дарра шираллера маьІна го, ламаройн: “эра”; “эралла”; “орулла”; “арулла”, бохучу легаршгахь. Гайтамна аьлча, цу кепара и дош цара олу, шаьш хьайбанийн боьршалла билгала йоккхучохь, масала: “эра ка”; “эра су” (“сту”); “эра бог” (“бож”) и. дІ. кх. а.
Цу тайпа, Нохчийн маттара, инзаре шира: “гом”; “се”; “эр”, боху дешнаш тидиначул тІаьхьа, ХІинца тидам бер вай, масала , Тоурато юьйцучу “Гоморрий”, “Содом” (грекин аларшца) бохучу гІалийн цІерашна. Кхузахь хьалхарнийг ас йоьшур яра арамейн -ламаройн (Нохчийн) – “Гом эрой” санна, ткъа шолгІанийг – “Се къам”, бохучу барамехь. ГІазакхийн маттара церан маьІнаш, хьалхий-тІаьхьий: “самцы”; ”самки” (er, dişi), санна а лоруш.
ТІаккха иштачо ойла хуьлуьйту; Лут – пайхамар (а.с.) ваьхна а, цунна хьешиий -малийкаш дахкийна а йолу гІала – “Гомор” хилла юй те, бохучунна. Хууш ма хиллара, шен боьрша нах, боьршачу нахаца леларца сийза яьлла хилла йолу. Цунна тоьшалла ду, Лутас (а.с.), цу гІаларчу нахе, шен “хьайший” Іадда а битахьара, царна метта шен мехкарий бара шуна, аьлча а, вукхара баьхначу – “ХІа-ХІано”.
Оцу кепара, вай кхин а дІа таллам бича хетало, “Содом” бохуш хиллачу гІалара зударий а вовшашца лелла буй те, бохург. ТІаккха Дала и ший а гІала цхьаний ХІаллак яр, и къа а, важа къа а цхьатеррачу эрчонца Шена дуйла гайтархьама а долуш. (статья яц йина ю).
ЕгІиптхойн – «Ка»; «Ба»
…Ишта долу тидарш вайн хиллачул тІаьхьа, суна кхечу кепара а тида луур дара -“Баал”. Иза вай цхьангара тІеэцна а доцуш, Нохчийн маттара -“БІа + Эл (Ал)” дуйла а гойтуш. Ала дашна, цуьнан хьалхара ламоройн маттара – “бІа”, вайн талламхоша а, йаздархоша а шен дан догІу хьесап цадарал совнаха, шех цхьа а пайда цаоьцуш тесна дитна дош хилар.
Цхьана меттахь иза – “бІо” санна, кхечанхьа – “бен” санна а кхетош. Ткъа цуьнан, ма барра болу кхетам лара бохура, масала, ЧІаьнтийн диалектикера – “БІа”. ГІазакхийн маттахь далийча, ша кхаалха кхетаме хуьлу:
1) “Дом”; “гнездо”; “среда обитание” (ev, yuva, barınma yeri).
2) “Рать”; “воинство” (ordu, askeri);
3) “Дух”; “сила духа”; “сила воли” (can, canın gücü, iradenin gücü) санна.
ТІаьхьара аьллачунна догІу, масала, вай олу; “бІа къежа…”, йа “бІа цакъежа…”. Вуьшта аьлча; “лаам бац ( -и дан)”, йа “лаам бу (-и дан)” бохурш. Цараха терра тидало, масала:
1) “Сан бІа буьлий хьох” (“Ты уверовал меня”/Bana inandın sen).
2) “БІа+хо” (“стойкий духом”/ruhen güçlü).
3) “БІа+гор беъна”, боху аларш а. ТІаьхьарнийг, шалхачу: “эскар гор деъна”; “са мІал делла”, бохучу барамехь а долуш.
Цу тайпа, вай дуьйцучуьнан юкъара жамІа дича, оцу “БІа+”Ал” (“Эла”) бохучу аларца тусало, гІазакхийн маттара: “Господь Духа”, йа “Воля Господа” (Tanrının emri). Ала деза ишта, ширачеран кхетамехь “Баал” = “Ваал” санна лелар а, меттан законашца “б”, “в” дІа-схьа долуш нислуш хиларна хилла дуйла.
Тидаре диллича, хило тарлуш ду, и “Ваал”; “Ва (есть) + Ал” (“Господь”) бохучуьнан барамехь нислуш а. Амма терго ер вай, Нохчийн маттарачу цхьана шина аларна. Хьалхарнийг, масала, вай цхьана дустарца олу; “…ваал дукха веза”. ТІаккха Нохчий, нах буу нах цахиларе терра, и алар, шираллера дуьйна, вайн маттаца дисна долу; “… Ваал (санна) дукха веза”, бохург дуй те, аьлла хетало.
Иштанийг долучох тера ду, вайн цхьаболчара шаьш инзара, йа цецдевлча олу; “вадда, сан Дэла” а. Шен хьалхара хилла чулацам; “Вадда, сан Дэла” а болуш. Шецара “Вадда”, Ноахь-пайхамаран (а.с.) къоман хиллачу цІунан цІе а йолуш. Кхузахь данне а ларамза ца хета, вайн зударша шаьш дукха цецбевлча, я инзара бевлча олу; “Вадда – сан Дэла” (цу хьокъехь лерийна болх бу вайн) а.
Цул а совнаха, Нохчийн – ламоройн “БІа”, ширачу арамейн (кхечеран а) “Баал – Ваал” бохучуьнца санна, вайна го, ширачу Егіиптхойн – “Ба” бохучуьнца а. Масала, кхузахь вайн тидам хуьлуш ду, историка -йаздархочо К. Керама (“Боги. Гробницы. Ученые”/Tanrılar. Mezarlar. Bilim adamları) дуьйцург.
Цо йаздо:”… Но прежде всего, нужно было сохранить тело, его следовало обезопасить от всяких посторонных воздействия. Только в этом случае, то есть при условии полнейший сохранности тела, душа умершего (по египетский Ба), которая покидала тело после смерти, могла, свободно передвигаясь в пространстве, вновь, точно так же как и дух-хранитель “Ка” – олицотворение жизненной силы, которая появилась на свет вместе с человеком, но не умирала, подобно телу, а продолжала жить, сообщая в дальнейшем покойнику необходимую силу в том потусторонном мире. … Затем труп тщательнейшем образом обмывали и солили выдерживая его в соляном растворе больше месяца. После этого его в течение 70 дней высушивали. Захоронение производились в деревянных гробах. … (в большинстве случаев им придавали форму тела)”.
Türkçesi: “Ama her şeyden önce, bedenin korunması, tüm dış etkilerden muhafaza edilmesi gerekiyordu. Ancak o zaman, yani beden tamamen bozulmamışsa, ölümden sonra bedeni terk eden ölenin ruhu (Mısır dilinde Ba), tıpkı koruyucu ruh “Ka” gibi -kişiyle birlikte doğan, ancak beden gibi ölmeyen, yaşamaya devam eden ve daha sonra ölene ahirette gerekli gücü veren yaşam gücünün kişileştirilmesi- uzayda özgürce hareket edebilirdi… Daha sonra ceset iyice yıkanıp tuzlandı, bir aydan fazla tuzlu suda bekletildi. Bundan sonra 70 gün kurutuldu. Cenaze, tahta tabutlarda (çoğu durumda, bedene benzeyecek şekilde şekillendirilmiş) gömüldü.”
Иштанийг доьшучохь вайна тусаделла цаІа цхьана “БІа” (гІаз. “сила Духа”, йа “воля Духа” санна) бохучуьнан маьІна. Кхузахь гайтаме ду, вай дуккха а лакхахьа дийцина долу -“Ка” а. Ша ширачу Егіиптхойн а, Нохчийн а меттан кхетамца цхьатерра догІуш хиларца.
Цул совнаха вайна хаало:
1) Ширачу ЕгІиптехь дакъа дакъош хилла дуйла.
2) Иза барме чохь бермалла лаьттош хилла хилар.
3) Цуьнан ХІора меже а чІогІа Іалаш еш лелош хилла юьйла. ТІаккха иштачу хаамаша вайна гойту, Нохчийн: “дакъа”; “барма”; берам\берма боху дешнаш мичара схьа ду а, Нохчаша дакъа чІогІа леладар ХІун ду а, тІеман арахь а, и тесна цадуьтуш
Аьллачуьнца ишта хотталуш ду:
1) ЕгІиптехь санна, Нохчийчохь а маьлхан кешнаш хилар.
2) Цигахь дІа духкуш хилла долу декъий а, вайнаха цкъа хьалха барме чохь берамалла а духкуш, тІаккха цхьана ханна малхах дакъош хилла хилар (тидам бе, оцу дешнийн шишша маьІнаш хиларна)
3) “Малхан-каш” бохучу аларан хьесап, ширачу ЕгІиптхойн – Нохчийн кхетамашкахь цхьатерра шайн чулацам болуш хилар а.
Нагахь вай, ЕгІиптхойн коьрта цІу -Атон, церан “малхан дэла” хилла вуйла терго йахь.
4) “Каш” боху дош а, ЕгІиптхойн – Нохчийн “Ка” дашна тІера схьа хила тарлуш дуйла тидам бахь. Масала, “Ка +с (а) бохучу аларан кепара (“ш”; “с” хийца даларца). Хьалхарнийг, гІазакхийн -“Всемогущий” а, ткъа шоллагІнийг: “Уголок”/köşe; “место”/yer; “душа”/can; “человек”/insan (диал. “саг”) а долуш. Вуьшта аьлча, “Дала луш йолу меттиг (велачунна)” (кхузахь “са”; гІазакхийн – “уголок” санна).








