Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

ТІурнене вахийта

Нохчашшна бІаьвнаш, гІишло хилла ца Іаш, стигалца «уьйра» латтош «зІе» санна йара. БІаьвнан локхалла, йоьзна йу олу «сийлахь ломан» вастаца а,» «Дуьненан дукъах» лаьцна йолу мифашца а. БІов- латтан тІера стигала дІакхалхаран йа дуьненаш/Іаламаш вовшех хьакхадаларан меттиг санна хетара.


Нохчашшна бІаьвнаш, гІишло хилла ца Іаш, стигалца «уьйра» латтош «зІе» йара. БІаьвнан локхалла, йоьзна йу олу «сийлахь ломан» вастаца а,» «Дуьненан дукъах» лаьцна йолу мифашца а. БІов- латтан тІера стигала дІакхалхаран йа дуьненаш/Іаламаш вовшех хьакхадаларан меттиг санна хетара.

Нохчийн бІаьвнаш пирамид кепехь тхов болуш йара, тІехула «цІункал/цІурка» конус кепехь тІулг а болуш. БІов йиначунна мах дІабалар совнахь, цІункал дІахІоттош, бІаьвнан да декхарийлахь вара пхьерана сту бала. Сту ницкъан а, токхонан а, маьлхан циклан а билгало/символ йара цу хенахь.

Сурт: Тамара Тайсумова

«ЦІункал» ша а стигалан цхьа символ йу. «ЦІу» – маьлхан малик йа «цІе» а, «Іу» а – «цІеран/цІена верас» бохург санна маьІна дохуш. ШолгІа дакъа -» Кал/ку – «кІелхІотторг» бохург санна хила там бу.

БІаьвнаш йора лаьмнашкахь а, ломан кІажошкара кІошташкахь а. Нахан баха меттиг, тІом бан/дуьхьалонан а, сигнал луш-гІаролан а гІишлош санна лелош. Цул сов, церан сийлахь цхьа Іалашо а йара. ТІаьххьо оха иза йуьйцура йу. ТІеман а, гІаролан бІаьвнийн тхевнах «мІайла» олура. «мІайла» дош кхоьллина «мІа» орамах. Цуьнан маьІна- «цІена/малхан лакхара меттиг» бохург ду. ЧІогІа цІеналла йуьйцуш хенахь- «малх санна цІена» олу нохчашша. Оццу орамах хила там бу. Нохчийчохь МІайист мехкан цІе а -«маьлхан/лакхара мохк» бохург ду. Цигахь бу Нохчийчоьн уггаре лекха болу, ТІуло лам. ТІуло (Тебулосмта) ломан боьхь а – «маликийн ломан боьхь» олу.

Иштта , цу тІера кхин дІа а дуьйцур ду вай «ТІурнене вахийта», ма-дарра аьлча- «ТІурнене/стигала дІахьажо» цІе долу нохчийн ламаст.(1)

Лингвист А. Карасаевс, цуьнан этимологехь лаьцна «тІур» – шок йетташ сиха тІемавалар бохург; «Нана» – «цІу», Дела бохург ду, аьлла далийна. «ТІурр аьлла, Нене (Дала дуьхьал, стигала) вахийта» санна хуьлу иза.

С. Ташуевс а цуьнан этимологи кхечу агІо йала йо: цо къастадо Т/Тха-Іур-нана. «Т/Тха»-«цІу», Дела, «Іур»-«серло», «де», «Нана»-«нана», «омранча», «цІу».(3)

«ТІурнене вахийта» ламаст мифологин дийцарца доьзна доцуш, рузмах доьзна ду. «ТІурнене вахийтарца» нохчийн керла шо дІадолало. Керла шо дІадолалуш- «Наб» еана олура. Иза а нохчийн шира «33 шеран латталелоран» рузманан циклан йуькъе дохуш цхьа хенан системан рагІ йу.(1)

Сурт: Тамара Тайсумова

И ламаст дІадахьа ножах йина йолу лекха бІов хила йеза. Цу чу жима стаг вохийтар. Цуьнах «паІа» олура. Шо долалуш ткъе шийтта шо кхаьчна, ткъа «дІахьажочу» хенахь – ткъе кхоъ шо долуш хила везара иза. БІов дукх-дуккха лекха хила езара, хІунда аьлча, цу хенахь хилла тешамашка хьаьжна, мархашан юкъехула цу бІов тІе охьадуьссуш маликийн куьйгаш гича, лахахь болу нах бІаьрзе бовла кхерам бара. ПаІа бІов чохь йууш-молуш-сакъоьруш шо даьккхинчул тІаьхьа, иза «стигала дІахьажавора». Цуьнан Іалашо- керлачу шарца нах декъалбайта, шо беркате хилийта, Деле дехар дан. Цул тІаьхьа бІов йагайора. Цуьнах баьгна бисина кІора- нах ларош ницкъ болуш бу, хетара. ХІинца долу вайн деношкахь «ас тІурнене вохуьйтур ву хьо» бохург- кхерам тасар санна лелош ду.

Кхузахь, бІов- дуьненан сема, лаьттана а, стиглана а йукъара «тІай» санна лору. Адам, дуьненашна йукъахь йукъан -меттиг латтош, элча хуьлу.

Шеран йуьхьан цІе «наб» хилар а синкІоме ду. Нохчийн маттахь и дош, дукхах дериг, «наб кхетар» хьолашкахь лелош ду. Наб кхеттачул тІаьхьа стаган гуш дериг-«гІан» ду. ДІавижан наб кхетар- стеган кхин кепе/хьоле валар санна лоруш ду. Иштта, керла шо долуш цуьнах «наб» алар- стаг цхьа хан чохь цхьан хьолер кхечу хьоле волуш санна, дІадирзинчу шарна тІера керлачу шарна дехьаваларн, муьра йу. Наб кхетча, цхьана ханна адаман са сема дуьненчура арадаьлла, кхечу хьоле даьлла (масала, цициган йа чуьркан дегІа чу долуш) некъ бан йиш йу, сама волуш, са «юхадоьрзу», тешамаш а бара цу хенахь. Цундела стаг сихха а, цІеххьана а самаваккха дика лоруш дацара. Оцу мІаьргонехь стаг шинна дуьненна йуккъехь висан кхерам бу, хетара.

Къуръан чохь а «наб» – цкъа са «стеган дегІан чура хьаладаьлла», цул тІаьхьа «юхадоьрзуш» хьал санна йуьйцу- цхьа шатайпа «жима Іожалла» санна. Керста нехан кхетамехь «наб»- иза стеган са дуьненах дІакъаьстан а, кхечу дуьненах хьакхадаларан мІаьрго йу. Оцу маьІнехь «наб» – «стиглар дуьненахь» цхьана муьран герга кхачаран, санна хуьлу такха.

Хьостанашкахь, масала, далийна ду «къилбаседан бІаьвнаш-хІусамашн тІера ЦІу Дела воьсна»… Цул тІаьхьа къилбаседан а, къилбан а бІаьвнаш тІера охьабиссира хьоме ЦІу Села, ЦІу Гела, Ана, Бена…».(2)

Исламаьхь йалсаманин бахархой ткъе кхойтта шо гергга долуш хир бу, аьлла кхетамаш а бу. Моххьамад пайхамар элча хилла воьлча 33 шо долуш вара, аьлла дуьйцу. Иштта, гІеметтахІоьттинчу хьолах волу стаг 33 шо долуш хила веза лорура. Такха кхин дІа а «33 шо…» цІе йолу рузманан цикл а, элчан хан а 33 хилар, «тІурнене вахийта» везаш волу векалан 33 шо кхочуш хилар, «наб» кхетам, ракетахь тера йолу бІаьвнан кеп- а дерриге цхьаьнадогІуш ду, аьлла хета тхуна.

Масала, Вавилонан бІов-«Bab-El», «Делан кевнаш» бохург лоруш ду. Кхузахь «El» -Делан билгало Йу. Нохчийн маттахь а «Эл»- Іэлан вастаца догІуш дерг ду. Цуьнца цхьаьна тера дохуш делахь а, нохчашкахь бІов йар «стигала кхача» гІортар санна а доцуш, стигалан низамах хьакхаваларан, Деле дехар дан меттиг санна йу.

Сурт: А. Ф. Гольдштейн (Александр Федорович Гольдштейн), Башенные сооружения горцев Кавказа (1977), Издательство «Наука», Москва
Сурт: Хойн тlеман бlаьв

Хьостанаш:

1. Хасиев С.-М. Календарный год у вайнахов // Новые этнографические и антропологические исследования неба М., 1974. с. 72.

2. Мадаева З. А. Мифология вайнахов, с. 113-114.

3. С. Ташуев. Отправить в космос ТIурнене вахийта. Проза. ру. 2025

Yazarın Diğer Yazıları

Нохчийн Истанг: хьалха а, тахана а, кхана а – ТІаьххьара дакъа

Истанго, ше ширачу орамашца, нохчийн культурехь йоккха меттиг лоцу. Истанг-тІаргІах бина, бос болуш, аппликаци кепехь, къоман хьаьркашца, суьрташца кечбина болу нохчийн  куз бу. Петроглифаш/хьаьркаш...

Нохчийн Истанг: хьалха а, тахана а, кхана а – 1.гI дакъа

Истанго, ше ширачу орамашца, нохчийн культурехь йоккха меттиг лоцу. Истанг-тІаргІах бина, бос болуш, аппликаци кепехь, къоман хьаьркашца, суьрташца кечбина болу нохчийн  куз бу. Петроглифаш/хьаьркаш...

Шира хьаьркаш – Петроглифаш -2.гI дакъа

Йешархошна дагадоуьйту оха, таханлерчу дийнахь 3500 сов петроглиф йу Нохчийчоьх карийна хууш (Леча Ильясов). Дуккха а историн меттигаш хІинца а теллина йац вайн. Цу...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img