Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Федералаша динчу тохаршкахь лазийначу нохчочунна компенсаци елла

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь федералаша герзаш деттачу ханахь чевнаш йинчу махкара вахархочунна Ахъядов Шамсольдана 400 эзар сом компенсаци елла. Оьрсийчоьнан финансийн министралле цо кховдийна хиллачу искан хьокъехь сацам тIечIагIбина Нохчийчуьра Лакхарчу кхело. 

«Межидов Оьрсийчоьнна дуьхьал» аьллачу гIуллакхан декъехь оьрсийн эскархойн зулам листира ЕСПЧ кхело. Материалашкахь хаамбо, 1999-чу шеран гIадужу-беттан 5-чохь ЧIулга-Юьртахь артиллерин герзаш диттина хиларх. Меттигерчу бахархоша динчу тоьшаллашца а, иштта оьрнаш долчу меттигашца а къастийна, Теркан дукъан агIор герзаш диттинийла, цигахь латтош дара федералан эскарш. Юьхьанца Оьрсийчоьнан бакъоларъяран органаша цунна бехкейора нохчийн агIо. 

Кху шеран мангал-баттахь финансийн министралло къоьвсинера Ахъядовна компенсаци ялар тIедожош бина сацам. ХIинца Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело дIахьедина, бина сацам юхабаккха бахьана ца го шайна, цундела ницкъе хир болуш бу иза. 

Нохчийчуьра Лакхара кхел дуьхьал хилира, 2000-чу шарахь федералан эскарийн тохаршна бухахь маьрша нах бойъуш дина зенаш меттIахIийттон. Оцу гIуллакхехула къестамаш бен масех шо а ду. Иск чукхачийнера Тарамова Хожис а, Датаева Залпаа а, Тарамов Iаббаза а, Пайзуева Зайнапа а, ТарамовгIара Матас а, Iабдуллас а. Кхелан материлашкахь долчуьнца, 2000-чу шеран гезгамашин-баттахь Ханкалахь куп тоьхна хиллачу федералан ницкъаша тохарш дира Устрада-ГIаларчу нах бехачу кварталашна. Нийса хIоъ цIенна тIекхетта делира ТарамовгIеран зудий-майрий, церан кхаа берана кеп-кепара чевнаш йира. (radiomarsho) 

Yazarın Diğer Yazıları

“Çerkesler Geleneklerini Yaşatıyor”

Salihli Ticaret ve Sanayi Odası tarafından üç ayda bir yayımlanan Salihli Vizyon dergisinin 77. sayısında, Çerkeslerin tarihi, kültürel üretimleri ile Manisa Salihli'deki Çerkes toplumunun...

KAFFED 12. Olağan Genel Kurulu

Kafkas Dernekleri Federasyonu (KAFFED), 12. Olağan Genel Kurulu’nu 7-8 Kasım’da Ankara’da gerçekleştirdi. Yaşar Aslankaya ve Doğan Eser’in KAFFED başkanlığı için yarıştığı genel kurulu 146'ya 148...

Yeni yayınlar

•Abhazyalı yazar Anzor Mukba’nın “Mezit’e Çıkış” adlı eseri, Oktay Chkotua çevirisiyle Papirüs Yayınları etiketiyle raflarda... Kitap, Abhazya halkının sürgün sonrası hafızasını ve Türkiye’deki Abhaz...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img