Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Депортацихь йинчу яхархочо шен бакъо юхаметтахIоттийна

Депортацихь йинчу Нохчийчуьра йахархочо Шамсуева Салисата шена реабилитаци йайта бакъо йаьккхина. Политикан репрессиш цо лайна хиларе терра, реабилитаци йоьхуш цо чуйелла иск Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело къобалйина. Хьалхо Нохчийчухула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дуьхьало йинера цунна, Шамсуева билггал къам махках даьккхинчу шерашкахь йина йоллушехь. 

Административан гIуллакхан материалаш юкъарчу хаамашца, 1944-чу шарахь цуьнан дена-нанна репресси йина хилла, Казахстане дIа а кхачош. МВД-хь дуьхьало йора Шамсуевана кехат дала, хIунда аьлча, нохчашна а, гIалгIашна а, кхарачойшна а, церан доьзална а административан тIехьажар дIадоккхуш омра арахецначул тIаьхьа иза йина хиларна. 

Кхело тIечIагIдина, махках баьхначарна тоьхна дозанаш дIадахарх бакъо ца лора царна шаьш хьалха баьхначу меттигашка юхаберза аьлла. Даймахка юхабаха дехкар ницкъе доцуш хилар къобалдира СССР-н Лакхарчу Советан президиумо “Нохч-ГIалгIайчоь РСФСР-н декъахь юхаметтахIоттош” указ тIецча. 

Хьалхо оцу тайпа сацам тIеийцира Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело, да-нана депортацихь долчу хенахь казахийн Алдыр эвлахь йинчу Радуева Малкана искан хьокъехь. 

  • 1944-чу шеран чиллан-беттан 21-чу дийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн халкъан комиссаро Берия Лаврентийс Сталин Иосифа буьйралла а деш, омра арахийцира нохчийн а, гIалгIай а Къилбаседа Кавказера Казахстане дIахьажош, кхин а ши де даьлча йолийра “Чечевица” цIе тиллина операци. Шайн хIусамаш дIатийса дийзира ахмиллион стеган.
  • Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира 11 къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейцаш. (radiomarsho)

Yazarın Diğer Yazıları

KAFDAV konferansları devam ediyor

Kafkas Araştırma Kültür ve Dayanışma Vakfı’nın düzenlediği, Hacettepe Üniversitesi Tarih Bölümü’nde doktora öğrencisi ve Kültür Bakanlığı uzmanlarından Berat Yıldız’ın konuşmacı olarak katıldığı “Bir Hayat...

Gençlik zexesi

Balıkesir Adige Çerkes Kültür Derneği’nin düzenlediği “Gençlik Zexesi” 20 Nisan’da Susurluk Demirkapı Köyü’nde gerçekleştirildi. Etkinlikte bilgi, dans, sandalye kapma ve halat çekme yarışmaları yapıldı.

Çerkes Osmaniye Köyü’nde piknik ve şenlik

Manisa’nın Çerkes Osmaniye Köyü’nde gerçekleştirilecek olan “20. Geleneksel Bahar Pikniği ve Kafkas Şenliği”nde Manisa Çerkes Kültür Derneği Kafkas Halk Dansları Topluluğu ile İzmir Çerkes...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img