Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

КХОЛЛАМАН-БЕТТАН ДОЦА КЕРЛАНАШ

Нохчийн халкъан артист Исраилов Хож-Бауди, яздархо, поэт, публицист Мамакаев Эдуард дIакхелхина кху баттахь. Нохчийн къоманна йокха деган Iовжо хилар иштта беза нах шайн йукхеран дIабоьвла.

Грознеран ГТРК корреспондент волуш, TENET DRIVERS CLUB клуб кхоьллинарг Баудинов Шамилас а гIараваьлла  автоблогер Шерипов Асланца цхьаьна вовшахтоьхна  туран гурашкахь «Крепость Грозная»  автодромехь  автомобилан хахкарш нисдира.

ХIора шарахь Кхолламан-беттан 9-чу дийнахь нохчийн къомо билгалдоккхан шен исторехь уггаре а мехалчарехь йолу хан – Нохчийн Халкъан Пачхьалкха ЮхаметтахIотторан Де.

Оцу дезчу дийнан исторически орамаш 1957-чу шарахь СССР-н а, РСФСР-н а Лакхарчу Советан Президиумо Нохчийн-ГIалгIайн АССР меттахIотто а, Грозненски область дIаяккха а сацам бира. Оцу сацамо неIарш схьайиллина эзаршках нохчашна, шерашкахь Казахстананехула, Юккъерчу Азихула халонаш текхуш Iийна болу, шайн Даймахка юхаберза. Дерриге халкъана нийсонан а, дегайовхонан а де хилла дIахIоьттира и.

Соьлжа-гIалахь хилира Нохчийн-Этно-Пхьерийн Ассоциацин мероприяти.

ХIинцалера рогIера чемпион волчу Бетербиев Артурас шен категорехь шеран боксер номинацехь толам баьккхира 2024-чу шарахь хиллачу Meta MMA Awards конкурсехь.

Нохчийн паргIат латархочун а, СССР-н Хьакъволу спортхо Вараев Iадланан дагалецамашна лерина Ерригроссин паргIат латаран къийсадаларш дIадаьхьира Нохчийн Республикан коьртачу гIалахь.

Соьлжа-гIаларчу №25 йолчу юкъарадешаран ишколан 3-чу классан дешархо Гатаева Амина Ерригроссин «Ас хьуна сайн сирла дуьне ло» цIе йолчу суртдиллархойн конкурсан совгIатхо хилира, сийлахь 2-гIа меттиг а йоккхуш.

Хьалха Март кIоштан Димаев Iумаран цIарахчу культурин цIачохь, Къоман «Культур» проектан гурашкахь дIаяьхьира экологин акци «Iаьн заманахь олхазарш кхаби вай!»

Шелахь Берийн исбаьхьаллин школан гIишло схьайилна. Школехь Iамадо фортепиано а, дечиг пондар а, соло-илли алар, хореографи а, суртдиллар а, исбаьхьаллин кхин долу хIуманаш.

Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн университетехь дIаяьхьира нохчийн маттан лерина «Хаарийн бIов» цIе йолу викторина.

Омаев Дагунан цIарахчу даздарийн цIачохь дIаяьхьира «Синмехаллаш» цIе йолу 16-гIа республикан телевизионан фестиваль-конкурсан финал. Къовсадаларийн жамIашца хьалхара меттиг яьккхира Веданар тобано.

Шатойн тобано шолгIа меттиг яьккхира. КхоалгIа меттиг екъна Шеларчу а, Нажин-Юьртарчу  тобано.

200 сов декъашхо вовшахтоьхна ОРГА-2024 фестивално. Цигахь дийцаре йаьккхира Къилбаседа Кавказехь туризман индустри кхиоран ойланаш. Цигахь дакъалаьцначара шайн проекташ йовзийтира, зеделларг довзийтира, керла бизнесан зIенаш тесира. Цхьаьнакхетаран жамIехь резолюци тIеэцна, цу агIор кхин дIа а болх бан бух хир болуш.

Нохчийн Республикехь дIаяьхьира «Лаьмнашна тIехула» цIе йолу суртдилларан мастер-класс. Иза дара Историн а, Архитектуран а, Культурин тIаьхьенан шарна лерина. Иза нисдинарг бара Нохчийчуьрчу кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон векалш.

Республикин берийн библиотекехь «Вайнехан Гран-при 2024» серера 2011-чу шарахь дуьненчу бевллачу а, цул кегий а дешархошна юкъахь шахматийн республикан турнир дIаяьхьира. 21 шахматист вара интеллектуал къовсамехь дакъалоцуш.

Дашо къолам» цIе йолчу XI-чу дуьненаюкъарчу журналистийн совгIатан жамIашн лерина церемони дIаяьхьира Соьлж-ГIалахь

 

Хьоста:

https://chechnyatoday.com/

Yazarın Diğer Yazıları

Bir efsanenin izinde: Altınpost Haber Sitesi, Abhazya-Türkiye arasında dijital köprü olmaya devam ediyor

Abhazya’nın tarihini, kültürünü ve güncel gelişmelerini dijital dünyaya taşıyan bağımsız bir yayın organı olan Altınpost, yeni döneminde çok daha kapsamlı ve vizyoner bir yayın...

Birlikte reddetmeye çağrı

Bir grup Çerkes kadını tarafından oluşturulan ve her kesimden katılımcı tarafından imzalanan aşağıdaki metin, Ötüken Yayın Yönetmeninin yaklaşımının yalnızca Çerkes kadınlarına yönelik değil, kadınları...

Şahdağ halklarının anadilinde eğitim hakkı

Şahdağ halklarının Türk kökenli olduklarına dair çeşitli geç dönem versiyonların bilimsel bir değeri yoktur Lezgi dili, Güney Dağıstan ve Kuzey Azerbaycan’ı birleştiren benzersiz bir kültürel...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img