Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Рок-тоба «Нохчо» -1.гI дакъа-

Нохчийн республикера Соьлжа-гІалахь Іаш болу, шейн концептуальни альбом йолуш,  «НОХЧО» альтернатив  рок-тобан дакъашхой Бисаев Анзор, Шагериев Рамзанца йина интервьюн дуьххьара дакъа.


Милана Айдамирова К.


Нохчийн юкъараллехь културано дІалоцу меттиг даима а ладаме хилла. Тахана а иштта лаьтта иза, елхаран а, мукъаман а кеп заманца хийцаеллехь а. ТІаьхьарчу хенахь мукъамах а, хелхарх а лаьцна харам ду бохуш, реза боцуш кест-кеста хеза нохчийн къомана юкъахь. Культура ейча, къоман сибат дІа дер ду амма. БІешарашкахь хилла йолу нохчийн культура хІинца хІунда хила еза харам-кхета хала ду. Массарна а санна, вайн кегийрхошна хаза хета кхузаманан мукъаман стилаш. Дуккха а бу интернет-платформашкахь музыкан керланашна тидам беш. Интернет юьззина ю дуккха а текстан а, видеон исбаьхьаллин керланашца. Цкъа, цхьан дийнахь интернетчохь самукъане рок-мукъамашан видео йогІу тхан бІаьре. “Линкин Парк” тобано динчу “Намб” иллин кавер яра иза. Вокалист инзаре тера вара «Линкин Паркан» вокалистех: куьцца а, азца а. Гучуделира тІаьхьо тхуна и музыканташ нохчий хилар. Тхо чІогІа цецдевлира. Ма-хуьллу сиха уьш бовза лаьара тхуна. Цаьрга директе яздина, Бисаев Анзорас жоп делира тхуна. Кхин чІогІа цецдевлира тхо, уьш Нохчийнчохь бехаш буйла хиъча. Цаьрца девзира тхо Соьлжа-гІала дахча. Сихонца царех лаьцна кхин алсамо хаа лаьара тхуна. Вовшашна ган аьтто белира тхан гІалин юккъерчу цхьана кафе чохь. Цхьаьнакхетаре веара Бисаев Анзор а, Шагериев Рамзан а. Тхуна дукхах долу хабарш Анзора дуьйцура, Рамзан а наггахь къамелана юкъе волура.

-Мукъамашца доьзна долу шу дахар, Рок тобанан дахар муха дІадоладелла шу?

-Анзор: Музыкаца дахар дІа доладелира сан са 14 шо долуш. 16 шо долуш сан шен тоба яра, цу юкъахь шичой а, маьхчой а бара. Тобанан цІе яра «Внутри пустоты» – «Десалла чохь». Дукхах хьолехь, тхуна дукхаезаш йолчу рок тобанийн эшарш локхура оха, масала: Нирвана, Гансенроузес, Акцепт, Металлика, Айрон Мейден, Радиохед. Амма 1999-чу шарахь хилла тІеман хиламаш бахьана долуш, музыка сацийра оха. 2003-чу шарахь Соьлжа-ГІаларчу мехкан телевидени канала (ЧГТРК) балха хІоьттира со. Цигахь видеомонтажан инженер вара со. Телевиденин буха тІехь, ГІалан ЧГТРК-н куьйгалхочо Эльсаев Іаламахада гІо а деш, кхоьллира оха «Нохчо» цІе йолу рок-тоба. Іаламахад бахьана долуш тхуна музыкан инструменташ а, эксперименташ ян гІирс а карабирзийра.

Тхан тобанан декъашхой хийцалуш бара кест-кеста. Бас – гитарца Зелимхан Бунтышев, вокал- Ахмад Ахмедов, гитараца- Анзор Бисаев вара цу хенахь. 2005-чу шарахь тобанна юкъавеара вотанча Гучигов Іусман. Цуьнан 45 шо гергга хан яра. Тхо кегийра дара цулла цхьан ткъа хета вета. Студин музыкант санна дика зеделларг долуш вара иза. Іусманца болх бечу муьрехь, дуккха а пайде хІуманаш хиира тхуна.

-Дуьххьара ара йаьлла эшар муьлханиг йара шу?

-Дуьххьара «Эхартан къам» цІе йолу эшар ара йелира тхан. ХІара эшар лерина йара 1944-чу шарахь хиллачу къоман бохаман хиламашна (нохчийн къам махках даккхарна). 2006 шарахь оха арайокху «Эхартан къам» цІе йолу эшаран-трэк. Тагаев Сайд-Хьасанас драматикца дика а, хаза а текст язйина цуна. И эшар дІаязъеш, аккордеон локхуш, дакъалецира Сатабаев Денис. Араяьлла иза 2006 шеран чиллан баттахь 23чу дийнахь.

Цул тІаьхьа «Денджер Блок» тобанан гитарист Гайрбеков Аслан а тІекхетта тхуна. Цу муьрехь керла материал оха маьлла кечйина яра. 2006-чу шаран гурахь, керла вокалист Шагериев Рамзан веара тхоьга. Хьалха, медицинан колледжан «Дешархойн гуьйре» цІе йолчу цхьана барамехь Рамзан илли олуш хезира тхуна. Тхан гитарист Гайрбеков Асланас а, Гучигов Іусманас а цига ваханчохь тидам а бина, тхан тобане кхайкхира иза. Цу хенахь оха дІаязйира «Крылья», «Край земли», «В лабиринте мечты» цІе йолу эшарш. «Крылья» эшарна видеоклип яьккхира оха. Оцу эшаран клип гайтира Соьлжа ГІалан ЧГТРК-н эфирехь.

2006-гІа шо чекхдолуш а, 2007-гІа шо долалуш а хийцаделира гІуллакх. Тхан тобана веан гитарист Джабраилов Адам а, бас-гитарист Хайдаров Эльдар а. Оцу составца оха йазйина, дІаязйира «DESPAIR»- «Догдохар» цІе йолу альбом. Альбом оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь йолу трекашкахь уьзна яра. Хайдаров Эльдара дуккха а самукъане а, синкъоме а, дагалецаме а суьрташ деара тхан эшаршийн тексташан юкъе. Хаза философи яра цуьнан тексташкахь. DESPAIR альбом чохь 10 эшар йара. Иза яра тобанан дашо хенаш. И зама- уггаре а дика болх беш, йуьзна йохуш, зама йара тхан тобанан. Нохчийн Республикера концептуальни альбом йолуш цхьаъ бен йоцу альтернативни рок-тоба яра- тхан рок-тоба.

-ХІетахь группехь маса стаг вара?

-Аз-Зелимхан Бунтышев, Рамзан Шагериев, Адам Джабраилов- гитар, Усман Гучигов -вотанча, Анзор Бисаев -гитар. Зелимхана нохчийн маттахь эшарш локхура. Альбомна нохчийн а, оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь материал дІаязъян лаьара тхуна. Ткъа Рамзан тхуна ерриг а материал, балладаш а, хард-рок а, лакха ницкъ, пІохма йолуш вокалист вара. Тхан хьашташца догІуш дара иза.

-ХІетахь концерташ луш сцене тІе доьвла дари шу?

-Альбом дІаязъяле хьалха Элдар тІеІоттавелира Rokgeroy.ru сайтан тІе. Ерриг а Оьрсийчуьрчу бевзаш болу музыканташа шайн материалаш хьажош хилла цига. Иштта оцу платформех пайда а оьцуш, цигахь тхан цхьацца дем трекаш дІасаяржийра оха. Проектехь дакъалоцуш, хьаржам бешчарехь бара рок-тобанаш «Би-2», «Тараканы», Борзов Найк. Цара пурба делча, эшар сайтан лакхене кхача аьтто болура. Цул тІаьхьа и эшар «Наше Радио» тІехь «Чартова Дюжина» музыкан могІахь лоькхура. Иштта, оцу сайтан хьалхарчу пхеа чартана юкъа а девлла, цхьана баттахь гергга цигахь «Іийра» тхо. Цхьа хан яьлча, Ветров Марселера хаам кхаьчна тхуна, Самойлов Глеб («Агата Кристи» рок-тобанан куьйгалхо) тхоьца шейн «Южный Крест» эшарийн коллекцина юкъа тхан масех эшар дІаязъян лаьа аьлла. Хазахетарца реза а хилла, Таганрог гІала дІадахара тхо. Таганрогехь оха дІаязйира «Пыль», «Дети бездны» цІе йолу эшарш. Оцу хенахь Глебца дика доттагІалла тасделлера тхан. Таганрог-гІалин юккъехь Іэ цІа делира цо тхуна. Массо а агІор гІо дира цо тхуна, цунна доккха баркалла боху оха хІинца а. Цул тІаьхьа, Нохчийнчу юха а даьхкина, тхайн музыкан болх кхидІа а дІабаьхьира оха. Цу хенахь 30 гергга эшаршийн материал гулйинера оха. Despair альбомехь 10 эшар яра.

-Шу альбоман эшаршкахь дукхах холехь хІун дуьйцу?

-Телевиденехь меттигера концерташ яра тхан. Рамзан тхан тобанах дІакхетале а дара иза. Тхан цхьа жима программа яра. Уьш дара хьуна хІинца вайгахь долчунна хьалхара кечамаш. Оха кест-кеста дІахьора «Керлачу шеран зІаьнарш», передачашкахь йоца концерт. Цигахь дакъалоцура оха 2-3 эшарца. Радио чухула концерташ лора оха. «Диспейер» альбом вайн республикехь тІом чекхбаьллачул тІаьхьа хиллачу муьрца йоьзна концептуальни альбом яра. ХІетахь вайца хилла дерш, гина дерш гуш ду цу альбоман иллешкахь. ХІетахь, тІом болуш, дІабаьлча а, кхузахь Іийна и хенаш гина нахана кхетаме а, герга а йу и эшарш. “Нохчо” тобанан альбом тІера хІора эшар- жима дийцар ду.

Цхьана илли тІехь дуьйцу (цуьнан цІе INТERNAL BOMBING) тІеман массо а вонахь, инзаречу хІуманашехь лаьцна. Цигахь цхьа стаг психиатрин дарбан цІачу воьду. Лоьро дарба дан гІерта цуна, амма иза дарба дан холехь вац. Альбом дІакъовлу «Догдохар» – иллица. «Вай дахар деха, сирла а, самукъане а ду амма цІеххьана иза ондачу ІиндагІе дІа а доьдий, сингаттаме а, чолхе а хуьлу. Массо а агІор вон хийцамаш хилча а, дикачух теша тхо, сатийсам ца буьту оха, тхо теша, дерриг а дика хир ду!» – ду цу иллин доцца маьІна.

«Internal Bombing» эшаийн дешнаш:

That is all my internal bleeding

It feels like I am coming to the end

Separated from you by barbed wire

In different dimension

Runaway

I know it takes time

To make sure that it takes a life

To realize “we won’t live twice”

Runaway,

I rely myself on railroad again

Runaway,

Every road will lead me to you anyway

Иза дерриге а сан чоьхьара цІий Іанош ду.

Со чаккхенга вогІуш санна хета суна.

Хьоьца дІакъаьстина Іаьржачу кІохцал-сара

Кхечу барамехь.

Вадар.

Суна хаа, хьуна хан оьший.

Дахар оьшуш хиларн- тешна хила лаьа.

Хаа: «Вай шозза дехар дац».

Вадар.

Юха а эчкан некъах тешна ву со.

Вадар.

ХІора некъаца хьоьга кхочур ву со.


 

Despair эшарийн дешнаш:

Brought up in hate

A child with ugly fate

So seek and weak

He bites each helping hand

So disappointed in his lifetime

And disappointed in his own

Put off till tomorrow

Your despair and sorrow

Do not give in

My heart is beating keeping you within

 

ХьагІехь кхиъна.

Ирча рицкъа долу бер.

Иштта лехамашкахь воьхна а, гІийла а волуш,

ХІора гІоьналлин куьйган а цергаш йуьхка цо.

Иштта дахарехь дог доьхна,

Шен дахарехь а дог доьхна ву иза.

Кханен дита и хьан догдохар а, гІайгІа а

Къар ма ло.

Сан дог деттало- деха, хьо дагахь латтош.

Yazarın Diğer Yazıları

Нохчийн Республикин Яздархойн Союзехь тхан цхьаьнакхетар

Дукха хан йац вайн «Жинепс» газето интервью зорбане яьккхира нохчийн къонахех, «махкан бахамех» лаьцна, масех жайнаш-поэмаш арахецначу нохчийн похІмечу йаздархо Тугузов Асланбекца. Цуьнан поэмаш,...

Умхин Хьамзат: «Нохчийн маттаца ду вайн са» -2-

2.гI дакъа Нохчийн меттан говзанча, йаздархо, журналист, талламхо, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Яздархойн Союзийн, Журналистийн Союзийн а декъашхо, Нохчийн Республикан культуран «Хьакъволу Белхахо»...

Умхин Хьамзат: «Нохчийн маттаца ду вайн са» -1-

1.гI дакъа Нохчийн меттан говзанча, йаздархо, журналист, талламхо, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Яздархойн Союзийн, Журналистийн Союзийн а декъашхо, Нохчийн Республикан культуран «Хьакъволу Белхахо»...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img