Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Къоман хелхаран, исбаьхьаллин са -1.гl дакъа

«Дог эца а, вай далаз дийна дуй хаийта а, даха дезаш дуй хаийта а, вай нохчий дуй дагадаийта а, деш долу хелхар»



Нохчийн къоман хелхарча, хореограф, балетмейстер, Нохчийн Пачхьалкхан “Вайнах” а, “Нохчо” а ансамблан хилла куьйгалхо, Культурин министерствон хилла куьйгалхо, дукха а совгІаташан да, премишн лауреат, дукха махкашкахь “Халкъан артист” цІе, “Хелхаран са” цІе йолуш волу – Музакаев Дикалуца йина интервьюн дуьххьара дакъа.


Совет заманахь а, цул тIаьхьа 1990-чу, 2000 шерашкахь а, хIинца а- хала дари нохчийн хелхарча хила? Муьлха зама йара уггаре хала?

-Нохчийн хелхарча хила массо заманахь а атта дацара. И болх хала бу, къахьегар дезаш, могушалла оьшуш, собар оьшуш болх бу. Совет заманахь, нохчий Сибрехьара цIа даьхканчул тIаьхьа, цхьа жима гIишлочохь, центр проспектехь лаьтташ йолу, гастроном йистехь йара «Вайнах» ансамблан гIишло. Готта меттиг йара иза чIогIа. Суна дага маьлла догIа «Вайнах» ансамбль Совет пачхьалкахь цхьаъ бен йацара шен гIишло йоцуш. 1985 шарахь дуьхьара ансамблан меттиг Кирова паркехь яра, Ф. Шаляпин цIарах йолу театр чохь. И театр а Ф. Шаляпин Нохчийнчоь вохуш ву аьлла йина йара. И гIишло тIаьхьа «Вайнах» ансамблана схьайелла. Цу чохь 9-10 шо болх бира ансамбло. Нохчийнчоьх тIом баьлча и гIишло йохийнера. Со шинна ансамбляхь болха бина ву. 1978 шарахь «Кульпросветучилище» хьелхаран отделени а йакхина «Вайнах» ансамбле веара со. Цигахь дика хьехархой бара тхан. Сан дуьххьара гастролиш Латин Амерекехь хилара. Биъ баттахь хилара уьш. Цул тIаьхьа, 1980 шарахь, со Ростов гIала вахара эскарийн ансамблехь ши шо даьккхира ас. Цул тIаьхьа Москвар культуран институтан хореографийн отделенехь балетмейстер отделени деша вахара. Иза а цIие дипломца чакхайаькхина 1986 шарахь РСФСР культуран министерствос «Вайнах» ансамблан балетмейстер хила цIа вахийтира со. Цу хенахь дешна ваьлча Iэдало дIахьажавор болха бан метте. Ас, суна Нохчийнчоь ваха лаьа аьлча, «Вайнах» ансамбле дIахьажийра ишта. Ансамбль цу хенахь, ас ма дийцара, «Шаляпин театр» чохь йара. 1990 шарахь сан накъосташна дага ваьлла «Нохчо» цIе йолу фольклоран-хьелхаран театр кхолла волавелира со. Массийтта меттигашкар хелхарчаш гулбина болх дIаболийра оха ВОГ (Ерригроссийн мотт цахуушболчеран организаци) гIишлочохь. Дукузов Сулейманс йелара тхуна и меттиг. «Нохчо»- иза Пачхьалкхан «Кегирхойн эшарийн, хьалхаран» ансамбль ю, тахана а.

1991 шарахь 22 оханан баттахь Соьлжа- гIалахь театр-концертан залчохь премьера хилара тхан керла йина «Нохчийн культуран кладезь» программ. Ахмад Сулеймановн дийцар тIаьхь, Гузуев Хьусейн режисеран белхаца гIо а деш, гайтам хоттира оха. Цу хьенахь хила долу Нохчийнчоьн Iэдалса Соьлжа гIалахь Ленин проспектехь «Родина» кинотеатран гIишло, 120 белхан меттигаш а, автобус а йелара тхуна. «Нохчо» ансамблан а «Пачхьалкхан ансамбль» статус а йелара. Дика гIо дира тхуна. Иштта хилара сан «Вайнах» ансамблан «Нохчо» ансамбле дIавахар. Тахан и шиъа ансамбль а болх беш йу. 1996 шарахь цхьацца болу нахас шиъ ансамбль махкахь дукха йу, оьшуш йац, аьлла и шиъа вовшахтоха гIоьртира, амма цу хьолехь ас болха бийра бац, аьлла, со балхара дIавелира. И хиъна Аушев Русланас суна тIаьхьа нах бахкийтира. ГIалгIайнчоьн культуран министро (Алихан Паров) шейга кхайкхира со. Цара со шейн керла кхоьллина йолу ансамблан куьйгалхо хIоттира, эсаран бутт бара иза. Цу хенахь гIалгIайн мохка «Республика Ингушетия» а хилла, Нохчийнчоьнахь дIакъаьстан шена йолуш йара.

Амма муьлха зама уггаре хала йара, аьлча: уггаре хала зама тIемаш болабелла зама йу. Дуьххьара тIом зама йолуш, гIала чуран ара баьлла амма дIабалаза бара тIом. 1995 шарахь ас нохчийн эшарийн, хьелхарийн ансамбль «Нохчо» йухьа вовшахтоьхна, гIалахь 7-чу школан директор Хамзатас тхуна шейн гIишло йелла, тIамо дохадийна корашна клеенка тоьхна, цIано йина хIутосург баттахь репетициш дIайолайира оха. Эсаран баттахь гIалан Черноречехь, Iэдало меттахIоттайина йолу «Дворец Химиков» чохь гайтам бира оха. «Нохчо» ансамбль, Дадашева Тамара, Дагаев Валид, Iимран Усманов оха цхьани йира иза. Иза гIишло тхуна йелча «дерриге дуьне» тхуна делла санна хетара. Хала, кхераме, меца заманаш йара уьш. Чоьнаш шийла яра, болха бан меттигаш бацара. Валид а Iимран а чIогIа оьзда, къонах нах бара (Дала декъала бойла уьш). Цу концертехь, арахь тIемаш болуш, охааьтта гIишлош йолуш, кхара хIун леладо, хIун концерташ- гайтамаш хIоттадо, аьлла нахан дагадахахь а, вайх нийса кхетийта, цкъа дистхила деза вай, аьлла, ас дуьххьара дош Дагаев Валидна делар. Цул тIаьхьа Усманов Iимран вистхилира. Цу хенахь ТВ, радио болх беш йацара, реклама йан меттиг бацар, «хезар-бахарца» нах гулбира оха, 12 эсаран баттахь ду иза. Ас дош эцча: «Шорта нах, къаьмнаш го суна кху чохь, чоь йуьззан нах баьхкан кхуза. Вай Сибре дIадахийтина долуш хенахь нохчий цIа бахкарна сатуьйсуш хенахь, реттранслятор чухул Дими Iумаран пондаран аз хезна арахь, дерриге адам тIегулдел и бIогIум мара боьллан вайн наной билхира, даймохкан сагаттадеш, цIа бахка лууш. Иза ду шунна оха лелориг, самукъане доьвла лелуш дац шуна. Наггахь санна шуна иза нийса цахетахь – тхуна къинтIерадовла, шу дог доьхна дуй хаа тхуна. Дог эца а, вай далаз дийна дуй хаийта а, даха дезаш дуй хаийта а, вай нохчий дуй дагадаийта а, вовшахкхетта деш хелхар ду шун вай», элира ас.

Такха цхьан вокха стаг хьалагIаьтна, аса а ластийна, элийра: «ЦIе муха йу хан?».

Ас жоп делира: «Дикалу йу сан цIе.»

Вокха стагса: Дикалу, катоьхна дIаболабе хIара гайтам, вайхь цакхеташ веригца-м «да хакхийца воллийла», аьлла.

Дерриге адам деладелла, тIараш туьхийра.

«Ахь аьлларг дийра ду-кх оха», аьлла оха концерт дIайолайира.

Цу залчохь Iаш маьлволчунна бIаьргах хи даьлла ма дара, хаза хитийра царна. Концерт чакхе йолуш, берриг артист сцене тIе ваьлча, нохчийн синкъерам кеп хIоттош хелхар дан дуьйладелча тхо, залчуран моллийн духарца, йеха маж йолуш 70-75 шо долуш цхьа хаза товш вокха стаг аравелира гон йукъе. Ансамблера цхьан йоIаца велира иза. Ансамблехь хелхарчашна цу хуучу кепехь хаза, цхьа оьзда нохчийн хелхар дира цо. Дерриге адам хьалагIаьттар. Нахас тхуна дукх-дуккха баркаллаш элира. Цу хенахь, «Нохчо» ансамбльна шолгIа чу сакхоллар хилира иштта.

И зама йара суна хала.

Кхин а аьлча, со Ингушетехь ансамблехь куьйгалхо волуш хенахь а йара. Бекарг баттахь профессионал кепехь хелхаран дуьхьара программ оха хIоттайира цигахь. Вайн нохчашшкара гIалгIайшна дина совгIат дара иза. Вай вежарий ма бу уьш, Дала мукъалахь. Цу хенахь, Ингушетехь, вайн драмтеатрера а, кхин меттигашкар а, артисташ бара тIом баьлла, схьабаьхкан Iаш. Усманов Iимран а, Эльжуркаева Луиза а, ас болх бан схьаэцнера. Церан аьтто хилийта а лаьара, суна а церан болха а оьшура. ГIалгIай куьйгалхошша суна цкъа цкъа хIума а цааьлла, ахь и нохчий «хIунда оьца балха- хIунда ца оьца», аьлла. Цу хенахь и хIуманаш дан а дацара. ХIинца ду уьш: хьо гIалгIа вуй, хьо нохчо вуй, бохуш. Дала мукъалахь тIаьхье хира йолуш хIуманаш дац уьш. Вай цхьа къам ду, дерриге дIадаькхача а -цхьа бусулба нах бу. Иштта Дудаев Муса , Давлетмурзаев Абдулмуталиб, Ахмадов Муса, цара элира, хьан 40 шо кхочуш баханца, ахь кхузахь исбаьхьалца доьзна массо нохчий нах гулбина цхьанкхетаран цхьа суьйре йан езара, вовшен гарна (цу хенахь телефонаш яц), бахана хира дара, аьлла. Цигахь со Iаш волу чохь даима хьеший бара, ца боьвзуш болу нах а хийла баьхкан, сецна, Iийна дIабахна бу. Цундера со даимна сан белхан меттехь Iаш- вехаш вара, ала мегар ду. ГIенташ вовшахтоьхна, гIойла йой, дIавуьжара со. Цкъа цкъа цхьанне дош ца аьлла, тIаьхьа а цатоьхна, ас докха хIума дина а ца хетта суна, са хилдолу рицкъа нахаца декъна ас даимна. Кхин ца ваьллаьхь а, цхьа ши бIе стаг сан хусам чухулла ваьлла ву. Уьш тIелоцуш, дIаваха везаш вериг дIахьажош, кехаташца гIо деш. Далас суна аьтто маьлла бо-гIо дина ас. ТIемаш лаха баьлча, Осмаев Мовлас (Нохчийнчоьн цу хенахь культуран министр) со схьакхейкхира. Артисташна хоьца болха бан лаьа, «Вайнах» ансамблан болх дIабола бе, аьлла вистхилира иза соьга. ГIалахь болха бан меттиг бацара, цундера Нальчик гIала а дахна, цигахь болх дIаболабира оха. 2001 шарахь чиллан баттахь ду иза. Дукхах болу артисташ соьца болха бан лаарца, цу хенахь хилла волу куьйгалхо дIаваькхана, со цуьнан меттан бекарг баттахь болха бан дIаволавелира.

Вай къамна дукх-дуккха еана и хала хенаш: Боккха Кавказан тIом, революци, Сибри, Казахстане дахар, керла заманашкахь шиъ тIом. Уггаре хала заманаш- вайн бохам хилла когашн тIехIуттуш хенаш йу. Вайн а и мур беара.



Дикалу Музакаев

Музакаев Абузеди воI Дикалу 24 мартахь 1960 шарахь Казахстанехь дуьненчу ваьлла. Ц1ера Эна-Хишкара, Эрсеной тейпан ву.

Профессин некъ цуьнна дIаболабелла «Вайнах» Нохч-ГIалгIайн АССР-н Пачхьалкхан хелхаран ансамблехь. 1978-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу культуран кхетош-кхиоран училищехь хореографин отделени чекхъяьккхинчул тIаьхьа республикан коьртачу хелхаран тобана кхайкхира иза. «Вайнах» ансамблца иза хийла дозанал арахьа гастролашкахь хилла. Аргентинехь Санта-Фехь гастролашкахь волуш, цо сихонца чекхъяьккхира цигара «Маламбо» Халкъан хелхаран институт.

1980-чу шаран 1982-чу шаре кхаччалц эскарехь хилла. Музакаевс 1980 шарахь шен дуьххьарлера хореографин «Ах-Вах эвлахь» гайтам хIоттийра. Эскархо а волуш, Къилбаседа Кавказан округан эскаран исбаьххьаллин тобан «Иллин а, хелхаран а» ансамблехь балетан хелхарча хилла иза.

1990-чу шарахь Казахстанан «Салтанат» цIе йолу Пачхьалкхан хелхаран ансамблехь хIоттийра цо «Нохчийн кегийрхойн хелхар». 1986-чу шарахь дикачу ларамехь чекхъяьккхина Москван Пачхьалкхан культуран институт, РСФСР-н культуран министерствос тIедиллина, иза юхавоьрзу «Вайнах» ансамбле балетмейстер болх бан.

1991 шарахь цо кхоьллира «НОХЧО» Пачхьалкхан иллин а, хелхаран а ансамбль. Нохчийн Республикан халкъан яздархо Сулейманов Ахьмедан дийцар тIехь концертан программа хIоттайо цо («Нохчийн ламастийн хазна»). Премьера хилира цу шеран оханан беттан 22чу дийнахь.

1996-чу шарахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан Нальчик гIаларчу «Кавказ» олучу муниципалан хелхаран ансамблехь цо хIоттийна «Нохчийн кегийрхойн хелхар».

1996 шеран гурахь дуьйна 2001 шеран бекарг бутт кхаччалц ГIалгIайчоьнан культурин министерствос кхайкхарца цо болх бира Пачхьалкхан хелхаран «Ингушетия» ансамблан куьйгалхо даржехь. Цо цигахь хелхарчийн говзалла лакхадаьккхира, керла гайтам программа а хIоттийра («Нартан эпос»).

1998-2000 шерашкахь хореографин гайтам- премьераш хилира Башкортастанехь. Ф. Гаскаровн цIарахчу Башкортостан Республикан Пачхьалкхан академ халкъан хелхаран ансамблехь а, Сибайн филармонехь а, Башкортостанан Пачхьалкхан филармонехь а, Стерлитамакерчу Пачхьалкхан филармонин хелхаран театрехь а. Программехь дара: «Беркутистан» хелхар, хореографин сюита, нохчийн-гIалгIайн даздарийн хелхар, аргентинхойн жаIуйн хелхар «Гаучо», азербайджанхойн хелхар «Яллы», нохчийн хелхар «Ловзар», нохчийн кегийрхойн хелхар «Нисархой», кхин а гайтамаш.

2001-чу шеран бекарг баттахь Нохчийчоьнан куьйгалло кхайкхарца Дикалу Даймахка цIа а вирзина, Пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамблан куьйгалхо дира. Цигахь кхин тIе а студи кхоьллира цо, дуккха а дешархой-хелхарчой кечбира. Оцу шеран хIутосург беттан 18-чу дийнахь ансамбло Краснодарехь концертан программа гайтина.

«Вайнах» ансамбль хIора шарахь дакъалоцуш яра Санкт-Петербургехь а, Москвахь а дIахьочу Ерригроссин «Оьрсийчоьнан къаьмнийн цхьаалла» фестивалехь. Иштта ансамбло дакъалецийра Россехь а, Европехь а хиллачу «Созвездие России» гайтамашкахь. 2002 шарахь Францехь Гран-при яьккхира, ткъа 2003 шарахь Италехь а, Испанехь а «Горица-2003» а, Барселонехь а фестивалашкахь « Гран-при» а, Корматаллин фестивалан совгIат а, «Хьовсархойн безам» совгIат а яьккхира.

Нохчийн Республикан культуран министр дарже хIоттале цо хьехна Нохчийн Пачхьалкхан университетан актерийн кафедрехь. Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университетан сийлахь профессор а ву иза.

Д. А. Музакаев Нохчийчоьнан культур министерствон куьйгалхо дарж 2007-чу шеран бекарг бутт юккъе баьлча доладелла 2014 чекх даьлла. Иза куьйгалхо волуш махкахь хилла кхиамаш:

-2008-чу шеран аьхка Соьлж-ГIалахь дIаяьхьна йолу «Нухьан кема» цIарца Дуьненаюкъара кинофестивал- боккха хилам хилара.

-2009-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира кIосташна юкъара халкъан исбаьхьаллин фестивалаш: «Культурийн догIанан нур», «Лаьмнийн ламасташ», кхин а. Соьлжа-ГIалахь дуьхьара схьайиллина, хIинца а Нохчийчохь хIора шарахь дIахьош йолу, СССР-н халкъан артистан Эсамбаев Махьмудан цIарах йолу Дуьненаюкъара соло-хелхаран конкурс а.

Керла культуран учрежденеш йилина: Нохчийн Республикан культуран тIаьхье ларъяран а, цуьнах пайдаэцаран а комитет а, Нохчийн Республикан Пачхьалкхан симфони оркестр а, СССР-н халкъан артистан Магомаев Муслиман цIарахь йолу Къоман музыкан школа а.

-2008-2012 шерашкахь йина Нохчийн Республикан Къоман музей, Айдамиров Абузаран цIарах йолу Нохчийн Республикан Къоман библиотека, Я. Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драман театр, Пачхьалкхан театр а, гайтаман чоь а.

2015-2018 шерашкахь Азербайджанан культуран а, туризман а министерствон кхайкхамца Азербайджанан Пачхьалкхан академ хелхаран ансамблан коьрта балетмейстер а, директоран а даржехь болх бира. Азербайджанан хелхаран академехь а хьехна цо. 2016-чу шарахь хIоттайина «Сан Азербайджан» керла концертан программ а, «Короглу» цIе йолу къоман балетан гайтам- премьера.

Д. А. Музакаев шен соло дакъошкахь а, хелхаршкахь а белхаш: «Дошлон хелхар», «Ламанхойн хелхар», хореографин ламастан «Нохчийн кIент-йоIан хелхар», «Хин йистехь цхьаьнакхетар», гуьржийн халкъан хелхар «Картули», хIирийн хелхар «Хонга кафт», «Теркан нохчийн хелхар», « Махкахваьккхинарг» цIе йолу хореографин поэма, «Гаучо» цIе йолу аргентинхойн хелхар, кхин а дуккха а.

Карарчу хенахь Д. А. Музакаевс пачхьалкхан йаккхийчу гIаланашкахь Россин а, дуьненан а къаьмнийн хелхарийн мастер-классаш луш ву. Балетмейстеран болх хьоьхуш, Ерригроссин а, Дуьненаюкъарчу а хореографин конкурсашкахь жюрин юкъехь дакъа лоцуш, эксперт хуьлу.

Сийлахь цIераш а, совгIаташ а:

Музакаев Дикалу шен дуьххьарлера сийлахь цIе – «Нохчийн-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу артист» елира СССР-н культуран министран Губенко Николайн магорца 1991-чу шарахь.

1996-чу шарахь елира «Россин Федерацин хьакъволу артист» – сийлахь цIе.

Россин Федерацин культурин министралло шозза къобалбина цуьнан болх «Культур йукъахь кхиамаш» совгIатца.

1998-чу шарахь «ГIалгIайн Республикан халкъан артист» цIе.

2004-чу шарахь «Россин Федерацин халкъан артист» цIе.

2005-чу шарахь «Нохчийн Республикна дуьхьа дина гIуллакхашна» мидал.

2008 шеран гIуран баттахь «Культура» декъехь Россин Федерацин Правительствон лауреат совгIат.

2008-чу шеран чиллан баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун омрица Нохчийчоьнан лаккхара пачхьалкхан совгIат «Кадыровн орден».

«Оьрсийчоьнна гIуллакх дарна» хьалхарчу классан орденан кавалер.

2009-чу шарахь «ГIебарта-Балкхаройн Республикан халкъан артист» сийлахь цIе.

«Абхазин хьакъволу артист» сийлахь цIе.

2010-чу шарахь «Нохчийн Республикан сийлахь вахархо» цIе.

2009-чу шарахь «Махкбезаран кхетош-кхиоран декъехь кхиамаш бахарна» Россин Федерацин культурин министерствон Сийлаллин кехат, 2011-чу шарахь Сийлаллин кехат-билгало.

2011 шарахь «Халкъан а, сценин а хелхаран рыцарь/къонах» категорехь балет дуьненан «Хелхаран са» совгIатан лауреат.

2010 шарахь «Башкирийн Республикан Халкъан артист» .

2012 шарахь «Нохчийн Республикан сийлахь исбаьхьалча-гIуллакххо».

Yazarın Diğer Yazıları

Нохчийчоь-Баца: «ТушетІи»-«Бац/Баца»-«бацой» -1.гI дакъа

Кху шаран кхолламан баттахь вайн газетан чохь оха шира нохчийн сийлахь Тушолехь лаьцна яздинера. Цигахь шира заманашкахь нахана Тушоли хІун йу, хІун меттиг лоцара...

Низам Латтош Таlзаран Кепаш: Карлагlаш

Нохчийн юкъараллехь емалваран уггаре а даьржина кепаш йара; «цІе йайар/тиллар», «цІе кхабар», «долар валар», «хІуй/гуй кхайкхор», «неІалт кхайкхор», «карлагІа йогІар», «лай кхайкхор», «юьртара ваккхар»,...

Рок-тоба «Нохчо» -2.гI дакъа-

Нохчийн республикера Соьлжа- гІалахь Іаш болу, шейн концептуальни альбом йолуш, «НОХЧО» альтернатив рок-тобан дакъашхой Бисаев Анзор, Шагериев Рамзанца йина интервьюн тIаьххьара дакъа. Милана Айдамирова К. -Шу...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img