Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Исаева Асет нохчийн театран сирла седа

3гь дакъа

Газиева Аза

Де дийне мел дели, б1аьстенан заза санна къе-гина пох1ма серладуьйлуш схьайо Иучу Исаева Асетан корматаллина т1ейоьг1на пьесаш язъян буьйлабелира Нохчийчуьра драматургаш: Мусаев Мохьмад – «Цхьана юьртахь», Музаев Нурди – «Уг-гаре а хьомениш», Хамидов 1абдулла – «Мохсолтин доьхна де», иштта дуккха а кхиберш а. Уьш ерриге а Нохчийн театро х1иттийна спектаклаш ю. Исаева Асета царна массарна юк-къехь боккхачу кхиамца дакъ-алаьцна. Делахь а, цхьа роль оцу башхачу актрисин репертуарехь шех къаьсттина дийца дезаш ю. Иза вайна массарна дукхаезаш йолу Маймин роль ю «Бож-1ела» спектакль юккъера. Изза ц1е йолчу Хамидов 1абдуллин пьеси т1ехь режиссера Харлип Петрас х1оттийра дуьххьара и спектакль. Нохчийн театр кхоллаелчахьана «Майра Кикила» ц1е йолу кхин цхьа спектакль яра иштта боккхачу кхиамца вайнехан сцени т1ехь гайтина. Амма «Бож-1ела» спектакль, вайна массарна хууш ма-хиллара, цул т1ех елира шен кхиамца. Лаккхарчу т1ег1анехь актерски говзалла йолу ансамбль яра цу спектаклехь. Давлетмирзаев 1абдул-Мут1елип, Дениев 1альви, Зубайраев Яраг1и, царна массарна т1е б1иллиг дуьллуш – Исаева Асет. Луу-чунна карор-м дера ду цу пьеси т1ехь алсам кхачамбацарш. Масала, марвешин к1анта шен девешех йисинчу зудчунна за-хало дийцар нийса ма дац нохчийн г1иллакхашца.

Делахь а, вай д1а могуьйту – буьйцу мотт а, актераш а, шайн хьуьнарш ца кхоош, цара кхоьллина ва-сташ а ваьшна товш, самукъа-не, чомехь долу дела. Ткъа Исаева Асетан Маймина-м вай х1уъу гечдийр дара, дукха доггах, забаре актрисас и васт кхолларна. Дуьххьара сцени т1ехь Майма гучуяьлчахьана гуш ду диканан дакъа цунна к1езиг дайна хилар. Сибреха-ра ц1адоьрзушшехь х1усамда велла, доьзал бац. Гергарча-рех виснарг а – х1ара къаьр-къанча марвешин к1ант, дуьне гездеш ваьлла лела кхин цхьа марваша Абубешар а. Иаккха пал тесна, жинашна шун х1отто деза аьлла, нах 1ехийна, шена яа сискал-юьхк ца яьккхича йолий иза? Цу хенахь юьртахь бехачу нохчийн зударшка кхо-чуш хиллачу доярка балха яха жима яц. Бабацица йохье юьй-луш буракаш лело дог домуш яц. Маттана шера, забарна т1ера ю, маре новкъа дац, шай-кай йолчу Сутарбига яха муххале мегар ду, убар санна чуерзадацатта.

Иштта чолхе амал мел къегина гайтина васт ду иза. Дог-1аьржа яц Майма, шен ца нисделлачу дахарна тий-жаш яц, олучу дашна кисана кхийдаш яц. Цундела еза иза хьовсархошна дукха, цуьнан дукхахйолу репликаш халкъан кицанаш хилла д1ах1иттина. Нохчийн сийлахьчу актрисин комаьрша корматалла бахьанехь ду аьлла хета иза, дукхахьолахь. Ловзийна дера Исаева Асета-м кхечу къаьм-нийн драматургаша язйиначу пьесашкара ролаш а. Островский, Чехов, Шиллер, Лорка, Мольер, Шекспир… Уьш берриге а Исаева Асетана дук-хабезаш авторш бара, церан пьесашкахь цо кхиамца ролаш ловзийна. Делахь а, Исаева Асет шен сица, ц1ийца, ле-ларца, духарца, хот1аца нохчийн актриса, нохчийн зуда яра. Мел къегина гуш дара иза Чахкиев Саь1ида, Русаков Геннадийс дакъалоцуш язйиначу «Юентий х1аллакьхуьлучу хенахь» ц1е йолчу пьеси т1ехь хиьттийначу спектаклехь. Не-нан роль яра Исаева Асета цу спектаклехь ловзийнарг. Неман къизачу ц1аро багош бу Даймохк. Хала ду иза муьлхха-чуяхь йолчу зудчунналан. Кхин а хала ду ша бина к1ентий цу т1аме д1ахьовсо. Лаамаш, дек-харш галморзах дуьйлу и чолхе сурт говза х1оттадо Исаева Асета, турпалчу ненан турпала к1ентий хила безий хоуьйтуш. Ишпа ненан васт кхуллуш яра Исаева Асета «Лийрбоцурш» ц1е йолчу спектаклехь ловзийна Бикатун роль а. Т1ам т1е ваханчу Нурадилов Хампашина езаш хиллачу Каметин нана ю иза кхузахь. Юха а трагедига хьалаг1ерта лакхара драма. Неман хьаьттана дукха генахь йолчу нохчийн юьртах герз ту-хий х1аллакйо жималла, хьошу заза хеца кечбелла безам. Хьере хуьлу нана. Дукха нохчийн к1ентийтурпала мостаг1ех леташ болуш, бехк боцуш мах-кахдаьккхина къам дагадог1у кхузахь. Актерийн говзалло т1е1аткъам беш цхьана къе-пе гулйо и яьржина ойланаш. Актрисин шовкъечу ловзаро духе кхиаво сцени т1ехь алаза дисинчух, цу хенахь хьахо йиш йоцуш луьрачу 1едало дихкин-чух. Гойту мел оьшу шуьйра диапазон йолуш Исаева Асетан актерски таронаш хилар. Иза даима тидамехь латтадо-ра цуьнца болх бечу режиссераша. Хаддаза керла ролаш кхийдайора говзачу актрисе. 1едало терго йоцуш ца юьтура и оьзда зуда. Цо бинчу белхан лаккхара мах хадош, «Заслуженная артистка Российской Федерации» аьлла, сийлахь ц1е тиллира, шовзткъа шарахь гергга Нохчийн театран сцени т1ехь цо бина болх билгалбок-кхуш. Цу хенахь Исаева Асетан ши йо1 – Тамарий, Раисий – яра кхуьнца болх беш, Хе-тарехь, жимчохь ша юьхьар-лаьцначу 1алашоне кхаьчнера иза. Делахь а, яла къена яцара Исаева Асет. Къизачу лазаро лоцуш дуьззина 55 шо бен да-цара цуьнан. Кхоллараллехь г1еметтах1утту хан, керлачу анийистошка дегайовхонца б1аьрг тухуш. Амма Исаева Асет нохчийн зуда яра, шен къомо хи ма х1утту лайна хало-наш цхьабосса екъна, алсам къаьхьа къурдаш дина, цара яхь йолчу дагана инзаре ницкъ бина, хеназатишъеш.

1971 -чу шеран 5-чу мартехь детталучуьра сецира Исаева Асетан дог. Нохчийн театраль-ни искусство байлахь юьтуш. Дала декъалйойла иза.

Вайн дегнашкахь-м даима а самукъане, сирла дуьсур ду Асетан оьзда амат, заманан йохалла дицдапа йиш йоцуш.

Иза юьззина нохчийн зуда ма яра, т1аьхьарчу т1аьхьенашна шех масал эца хьакъ долуш, доьналлех ца юхуш, дуьненан бала еларца лайна, нохчийн зудчуьнгахь товш йоцу осал-лех ларлуш чекхъяьлла. (Чакхяьли)

Yazarın Diğer Yazıları

Avni Lifij’in fotoğrafları 100 yıl sonra sanatseverlerle buluştu

1851.gallery, ünlü sanatçı Avni Lifij’in platin-paladyum baskı tekniğiyle üretilmiş fotoğraflarından oluşan "Affedersiniz ama sanat bir kodak fotoğrafı değildir. Ressam Avni Lifij’in Yeniden Hayat Bulan...

Boston Üniversitesi’nde bir Çerkes masalı

Karaçay-Çerkesli yönetmen, oyun yazarı, kukla sanatçısı ve sahne tasarımcısı Şaukh Evgeny İbragimov 11-16 Kasım tarihleri arasında Boston Üniversitesi’nde gösteri ve atölye çalışmaları yaptı. Üniversite...

Dijital kitap: ‘Dilin Yolu’

Tüm dünyada gündemin öncelikli sıralarına yerleşen eğitimde dijitalleşme çabaları sadece Çerkes cumhuriyetlerindeki eğitim kurumlarında değil Çerkes diasporasında da yürütülüyor. Çetav Merwan, Mışe Hun Su’ad, Ğuç’el’...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img