Аш ма баха соьга, ирс ду дахар,
Аш ма баха, дахар хаза ду…
Ас а мелла цуьнан мерза чагIар,
Ойла Iехаяллал, дог гIаддаххал,
Сан иллеш а оцу ирсах ду.
Аш ма баха, бала бу вайн дахар,
Ма баха, и къиза Iазап ду…
Валар ирс а хеташ, дезна ваха,
Ирс хетташехь валар, дезна ваха, —
Оцу ирсах а сан иллеш ду.