Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

ДIАВАХА ЦА КХЕТТА ХЬАША

Веана хьаша хилла. ХIусамден зуда цIахь ца хилла. Хьешана шена чохь карийннарг хьалха йиллина хIусамдас. Хьаша шина дийне а, кхаа дийне а ваьлла. дIа ца воьдуш.
Чуьра юург чекхъяьлла, дIа-схьа хьаьжчи, кхалла хIума ца карийна. Зуда цIераялале яьккхина лаьтташ ведар шура карийна хIокху шинна. И шура а йиъна чекхъяьккхина. ТIаккха ший а, маьнги тIе а ваьлла, дуьхь-дуьхьала а вирзина. шаьш яьккхина хан дагаоьхуьйтуш, хабаре ваьлла.

Хьешо Шартеса дIадолийна шен къамел:

— Берашна юккъехь осал ца хилар дика гIиллакх дара сан, — аьлла.

— Дера дара, — аьлла, жоп делла хIусамдас Шемале.

— Синкъераме воьдуш цкъа а доттагIчуьнга маьхьсеш ца ехар а дара сан дика гIиллакх, — аьлла шолгIа а хьешо.

— Дера дара, — аьлла, жоп делла цунна хIусамдас.
Иштта хьаша ша-шен хестош вахвелча, хьеше хIусамдас элира боху:

— Кхин цхьа гIиллакх дика ду хьан, Шартес, дIа ваха а саготту вац хьо, — аьлла. (teptar.com)

Вайнахан аз

Yazarın Diğer Yazıları

1 Eylül Dünya Barış Günü

1 Eylül Dünya Barış Günü'nü kutlarız! BM Genel Kurulu’nun oybirliğiyle 2001’de “şiddetsizlik ve ateşkes dönemi” olarak belirlenen ve “Uluslararası Barış Günü” olarak da bilinen “Dünya...

1 – 3 Eylül 2004: Beslan Katliamı

1 - 3 Eylül 2004 Beslan Katliamı’nı unutmayacağız!

Okur Paylaşımı

Sosyal medyanın, klavye başında siper arkasından ateş etmeyi iş edinmişlerin mecrasından biraz uzak durup bir tartışma zemini olabilir mi diye düşünerek aşağıdaki yazıları paylaşıyoruz....

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img