Нохчийн абат Брайлан системи тӀе йоккхуш ю

0
883

Нохчийн мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а декъера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тӀедахкарш кхочуш а деш, нохчийн меттан абат Брайлан системи тIеяккхаран болх бу дӀаболийна.

Оцу декъехь хӀинцале бина а, бан лерина а болх бийцаре бина Дешаран а, Ӏилманан а министерствехь дӀаяьхьначу кхеташонехь.

Цигахь билгалдаьккхина Брайлан системица йогӀуш йолу нохчийн абат кхачамбацарш доцуш а, бахархой атта кхетар болуш а хила езар.

И болх бан вовшахтоьхна леррина комисси ю.

07.07.2021 (Даймохк-газет)

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz