Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Масхадовн кIанте «Соьлжа-ГIалин юккъехь эккха» аьлла кхайкхам бина Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьамоггIа дIахьедарш дина парламентан гIантдеца Даудов Мохьмадца цхьаьна шен инстаграмехь хиллачу эфирехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. 

Нохчийчоьнан президент хиллачу Масхадов Асланан кIанте, Европехь вехачу Масхадов Анзоре кхайкхам бина цо, даймахка цIа а волий «Соьлжа-ГIалин юккъехь хьо эккхийта» аьлла. Кадыровна хетарехь, цу кепара Масхадовс тоьшалла дан деза «ша доьналла долуш» хиларан. 

Цул тIаьхьа Ичкерин тIемалойн хиллачу командире, Ичкерин премьер-министре Закаев Ахьмаде кхайкхам бина Кадыровс хьайн кIентех цхьаъ Нохчийчу хьажаве аьлла, «цуьнга иккхина, гIазотехь вала». 

Кадыровс иштта кхайкхам бина шен критикашка, «интернет-тIом а битий», Нохчийчу цIа а дуьйлий, шеца баккъала а тIомбе аьлла. 

И дерриг а къамелаш дина цо, кIоршаме дешнашца луьйш а, шен оппоненташ сийсаз бан гIерташ а, ша царна ницкъ муха бийр бара а, уьш муха бойъур бу а дуьйцуш. 

Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам теснера Кадыров Рамзана кху шеран Дечкен-баттахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео цо пайдаоьцучу инстаграм-агIоне яьккхинера. 

Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла. (radiomarsho) 

Yazarın Diğer Yazıları

VEFAT

Çerkes edebiyatının yazar ve şairi Meşbaşe İshak’ı sonsuzluğa uğurladık. 90’ın üzerinde kitabı olan, eserleri toplamda 4 milyondan fazla baskı yapan Meşbaşe İshak’ın kitaplarından bazıları dünya...

Mezbjen Dragon Bot hafta sonu yarışacak

Gaziantep Büyükşehir Belediyesi tarafından bu yıl 7’ncisi düzenlenen Uluslararası Rumkale Su Sporları Festivali 7 Eylül’de başladı. Festival, doğa yürüyüşü, bisiklet yarışı, yüzme, dragon bot...

Mehmet Ayberk Koşak altın madalya kazandı

Uzunyayla Methiye Köyü’nden Mehmet Ayberk Koşak, 21 Ağustos-3 Eylül tarihlerinde, İtalya’nın Taranto kentinde düzenlenen 20. Akdeniz Oyunları’nda artistik jimnastik halka kategorisinde 14.250 puan alarak...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img