Нохчийчоьнан президент хиллачу Масхадов Асланан кIанте, Европехь вехачу Масхадов Анзоре кхайкхам бина цо, даймахка цIа а волий «Соьлжа-ГIалин юккъехь хьо эккхийта» аьлла. Кадыровна хетарехь, цу кепара Масхадовс тоьшалла дан деза «ша доьналла долуш» хиларан.
Цул тIаьхьа Ичкерин тIемалойн хиллачу командире, Ичкерин премьер-министре Закаев Ахьмаде кхайкхам бина Кадыровс хьайн кIентех цхьаъ Нохчийчу хьажаве аьлла, «цуьнга иккхина, гIазотехь вала».
Кадыровс иштта кхайкхам бина шен критикашка, «интернет-тIом а битий», Нохчийчу цIа а дуьйлий, шеца баккъала а тIомбе аьлла.
И дерриг а къамелаш дина цо, кIоршаме дешнашца луьйш а, шен оппоненташ сийсаз бан гIерташ а, ша царна ницкъ муха бийр бара а, уьш муха бойъур бу а дуьйцуш.
Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам теснера Кадыров Рамзана кху шеран Дечкен-баттахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео цо пайдаоьцучу инстаграм-агIоне яьккхинера.
Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла. (radiomarsho)