Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Колонехь Iазап хьегначу Нохчийчуьрчу вахархочунна 65 эзар сом компенсаци лур ду

Дахначу еарин дийнахь Ярославлерчу Заволжскан кIоштан кхело сацамбина, Ярославлерчу ИК-1 колонехь хан текхначу Муртазалиев Хасдинан чукховдийначу искан хьокъехь. 

Колонехь шена тIехь ницкъбарна Муртазалиевс компенсаци дехнера 500 эза сом, амма кхело хьесап дина цунна 65 эзар сом бен ца луш.

«Общественный вердикт» (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн тептаре яьккхина, «Общественный вердикт» цуьнца реза яц. -Редакцин билгалдаккхар.) фондан информацица, Муртазалиев ИК-1 колоне кхаьчнера 2016-чу шеран Дечкен- баттахь. Муртазалиевн гIуллакх кхеле кхачийна адвокат Бирюкова Ирина фондаца болх беш ю. 

Шлюзехула иза дехьаволучу хенахь, цига дIакхачош бу этапе бохуьйту тутмакхаш, Муртазалиевна йиттинера буйнашца а, когашца а, чхьонкаршца а: колонин белхахочунна Яблоков Максимна ца тайнера, Муртазалиев схьаваларан орамаш, ткъа цуьнан леларца кхерам тусабеллера цунна. ТIаьхьо колонин кхечу белхахочо, Оныпа Романа, хеттарш дечу заманчохь дIахьединера, «этап шога тIеэца» аьлла, дина омра дара аьлла. 

Компенсацин барамах кхело бинчу сацамна латкъамбан дагахь ю «Общественный вердикт». 

Муртазалиев Хасдинан гIуллакхца цхьаьна бакъонашларъярхоша дIахьош ду, оццу колонехь хиллачу кхечу, Iазап хьегначу тутмакхан Гукасян Артуран гIуллакх а. Цо а дехнера 500 эзар сом, кхело сацамбина 50 эзар сом кхачаде аьлла. Оцу сацамна а латкъамбийр болуш бу фондо. 

  • ШенайиттинчултIаьхьа Муртазалиевс далхош хиллера, шен доIах чохь а, жаннашца а лазар хилар, бIаьрса лахдаларх а. Цо бахарехь, лоьраш тIекхойкхучу метта йиттинчул тIаьхьа ШИЗО хьажийра иза, цул тIаьхьа камеран хьесапехь чоьначохь витира, эххар а шогачу хьелашкахь дIатарвира. 
  • Яблоков,Оныпа,кхин а цхьа белхахо, Муртазалиевна еттачаьрца юкъахь хилла Писаревский Владислав а бехкебина Ярославлерчу ИК-1 колонехь тутмакхашна еттарна. Арахь яха хенаш кхайкхийна царна массарна а. «Общественный вердикт» фондо латкъамбийр болуш бу оцу сацамашна а, царна доггIу таIзар дайтархьама. (radiomarsho) 

Yazarın Diğer Yazıları

KAFDAV Yayınları’ndan yeni kitaplar

Kafkas Araştırma Kültür ve Dayanışma Vakfı (KAFDAV) Yayınları, beş yeni kitabı okurlarla buluşturdu. Bislan Salih Hurmi’nin kaleme aldığı “Yaşanmış Zamanlar 1965-1999” adlı kitap; yazarın anılarına...

6 ciltte Oset soyadlarının kökeni

Rusya Bilimler Akademisi, Kuzey Osetya Coğrafya ve Sosyoloji Enstitüsü Etnoloji Bölümü’nde başaraştırmacı olan İslam-Bek Marzoev, Oset soyadlarının kökenleri üzerine hazırladığı altı ciltlik araştırmasını tanıttı. Eserde...

Anılara yolculuk

Abaza yazar Oleg Etlukhov’un “Abhaz Şarabı” adlı romanından uyarlanan uzun metrajlı filmin çekimleri Abhazya’da başladı. Çekimlerin ilk günü, Oçamçıra bölgesindeki Gup Köyü’nde gerçekleşti. Film, anne...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img