Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Гергарчаьрга салам дахьийтина аьлла ши вахархо лаьцна Нохчийчохь

Европехь бехачу шайн гергарчаьрга салам-маршалла дахьийтина меттигера ши вахархо лаьцна Нохчийчохь. Лецнарш бевзачо Кавказ.Реалиига хаамбарехь, уьш лецаран бахьана ду – “Далла дика делла нах ду шу, кхузахь Iаш даций шу” алар. 

“Вай дукха хан йоцуш схьайиллинчу керлачу туьканахь ду хIинца, муха яра цуьнан цIе? Хьалха муьлха вистхир вара шух Европерчу вайн махкахошка?”, – хоьтту видео дIаязъечо. Цунна жоп лучо боху, царех хьоьгуш ву ша, хIунда аьлча, уьш Нохчийчохь бехаш цахиларна. 

Видео дIаязйина керла “Грозный-Молл” центрехь. Бинчу хаамашца, дIалецнарш бу Котар-Юьртара бахархой. Ролик дIаязйинера авторо, ша вехачу Бельги дIавахале хьалха. 

“Селхана буса дIабигна уьш ницкъхоша. Iуьйранна Бельги дIавахначунна тIедожийна маса юхаван, нагахь санна, оцу лаьцначу шинна вон болх хила ца лаахь”, – дийцина къамел динчо. 

Кавказ.Реалиин хьастано хаийтина, Котар-Юьртара ший а вахархо махках ваккха сацамбина аьлла. Яхначу сарахь маьждигехь хIоттийначу гуламехь сацамбина, цо аьллачу дешнаша массо а бахархой сийсазбина аьлла. 

IАDAT телеграм-каналан информацица, лаьцначех цхьаъ Устаев Абубакар ву, шолгIачух лаьцна хууш дац. Нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос дийцина Кавказ.Реалиига, видео тIера ши стаг дIавигарх шега а хаамбарх. 

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь кху сохьта официалехь информаци яц лецначарех. 

Нохчийчохь дуккха а нах леца болийра байначу беттан юьххьехь дуьйна. Блогерийн а, юкъаралхойн а хаамашца, дIабигинера Нохчийчохь иттаннашкахь церан гергарнаш. 

Нохчийчуьрчу информацин министро Дудаев Ахьмада харцдерг а, дезинформаци а ю аьлла республикехь Нохчийчоьнан куьйгалхойн критикаш лечкъорах дина дIахьедарш. 

Оьрсийн а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина “Мемориал” а, “Гражданское содействие” а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай совцайе аьлла. Цкъачунна Кремло делла жоп дац.. (Дечкен-бутт 12, 2022 – radiomarsho) 

Yazarın Diğer Yazıları

“Çerkesler Geleneklerini Yaşatıyor”

Salihli Ticaret ve Sanayi Odası tarafından üç ayda bir yayımlanan Salihli Vizyon dergisinin 77. sayısında, Çerkeslerin tarihi, kültürel üretimleri ile Manisa Salihli'deki Çerkes toplumunun...

KAFFED 12. Olağan Genel Kurulu

Kafkas Dernekleri Federasyonu (KAFFED), 12. Olağan Genel Kurulu’nu 7-8 Kasım’da Ankara’da gerçekleştirdi. Yaşar Aslankaya ve Doğan Eser’in KAFFED başkanlığı için yarıştığı genel kurulu 146'ya 148...

Yeni yayınlar

•Abhazyalı yazar Anzor Mukba’nın “Mezit’e Çıkış” adlı eseri, Oktay Chkotua çevirisiyle Papirüs Yayınları etiketiyle raflarda... Kitap, Abhazya halkının sürgün sonrası hafızasını ve Türkiye’deki Abhaz...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img