Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Байт – Зелимха Яндарбиев

ХIумма а ца дисна сан юхахьежа,  

Цхьа некъан чан йоцург, дIаюьжуш йолу.  

Ас сайца дIахьош ду сайн къолам-кехат,  

Синтем а боьхкина ас эцна долу.  

  

Ас сайца дIахьош ду хьан бIаьрхийн къа а,  

Хьоьга а, цхьанге а гечдар ца доьхуш.  

Ткъа хьуна буьсаш бу къастаран лазам,  

ЦхьамогIа хаттарш а, шайна жоп доьху.  

  

Екъа хьуна юьсуш ю толаман байракх,  

Вайшимма сел луьра къийсана йолу.  

Амма де хир дац хьан, и хьалаайа,-  

Ахь цунах дийр ду хьайн бIаьрхишна йовлакх.  

  

Нахана дуьсуш ду, вайшиннах дийца,  

Вайшимма ваьшшимма дитина дош а ….  

Цхьаволачо дог лозуш дуьйцур ду иза,  

Цхаволчо-эвххьаза, кхардадеш дог вайх….  

  

Ткъа хьуна-анайист йоьжнначохь лаьтта,  

ЦIергахь малх багабеш,кхерсттачохь алу,  

Жоп доцуш,дагадеш гIелделла бIаьрса,-  

Кийрахь мохь буьжар бу, хуьлуш лен талу.  

  

ТIаьххар а,дог дуьллуш дуьненах, Делах,  

Буйнаш ахь къовлур ду, къовлур ду дог а.  

Хуур ду сан безам ца хиллий бегаш-  

Уггаре халачух кхетар ду дог хьан.  

  

Кхетар ду,эрна дуй, мел тIаьхьа хьежарх,-  

Вайн синойн къа летта со новкъа волуш,  

Сайца дIадаьхьнехь ас сайн къолам-кехат,  

Сайн са а доьхкина ас эцна долу. 

Зелимха Яндарбиев

Yazarın Diğer Yazıları

Tarihte bu ay – Ağustos

01 Ağustos Anavatanına Dönenler Günü 08 Ağustos 1496 Mısır Sultanı Kayıtbay’ın ölümü 24 Ağustos 1517 Mercidabık Savaşı ve Çerkes komutan Gavguru’nun ölümü 31 Ağustos 1561 Kabardey prensi...

Ağustos 2026 Türkçe sayımız yayımlandı

Değerli Jineps okurları, Ağustos 2026 Türkçe sayımızın yayımlandığını bildirmekten mutluluk duyarız. İyi okumalar dileriz, JİNEPS

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img