Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хиллачу президенто Обама Барака “къиза” ву аьлла Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, оьрсийн эскаро Нохчийчохь лелийначуьнца масала а далош. Кхаарин дийнахь, Украинехь карарчу хенахь долчу хьолах дуьйцучу заманчохь, аьлла цо иштта.
“Иза даим вара къинхетамза. Шу тешаш ду, цо Нохчийчохь динчун. Эхь-бехко хьийзош вацара иза, шена кхераме бу аьлла хетарш хIаллакбечу хенахь. ХIара керла хIума дац”, – зорбане даьккхина CNN канало экс-президентан вистхилар.
Обамас бахарехь, Украинехь хуьлучун хьокъехь “дукха хьалхе ду хIинца муха хир ю ловзаран чакхе дийца”. Оцу юкъанна Оьрсийчоь а, Путин Владимира а тамаша бора “тIеман хатI хийцаделлачу кепах”, аьлла хета цунна.!
- Москвано официалехь “Контртерроран операци (КТО) леринчу шолгIачу оьрсийн-нохчийн тIеман жигара фаза лаьттира 1999-чу шеран Марсхьокху-баттера 2000-чу шеран Чиллан-батте кхаччалц. Делахь а, официалехь КТО-н раж юхаяьккхира 2009-чу шеран Охан-баттахь.
- Оцу тIамехь билггал хиллачу зенех хIинца а хаамаш бац. Оьрсийчоьнан тIеман министраллан 2010-чу шарахь йовзийтинчу официалан статистикаца, 1999 шарера 2008-чу шаре кхаччалц Къилбаседа Кавказехь кхелхина 3684 эскархо, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу министраллан лараршца чоьхьарчу эскарийн белхахойх вийна 2 эзар стаг. Оьрсийчуьрчу салтийн нанойн комитетан Союзан зерашца, официалан терахьаш мел кIезин а шозза лахара ду. (marshoradio)