Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

“Шу теш ду цо Нохчийчохь динчун”

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хиллачу президенто Обама Барака “къиза” ву аьлла Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, оьрсийн эскаро Нохчийчохь лелийначуьнца масала а далош. Кхаарин дийнахь, Украинехь карарчу хенахь долчу хьолах дуьйцучу заманчохь, аьлла цо иштта. 

“Иза даим вара къинхетамза. Шу тешаш ду, цо Нохчийчохь динчун. Эхь-бехко хьийзош вацара иза, шена кхераме бу аьлла хетарш хIаллакбечу хенахь. ХIара керла хIума дац”, – зорбане даьккхина CNN канало экс-президентан вистхилар. 

Обамас бахарехь, Украинехь хуьлучун хьокъехь “дукха хьалхе ду хIинца муха хир ю ловзаран чакхе дийца”. Оцу юкъанна Оьрсийчоь а, Путин Владимира а тамаша бора “тIеман хатI хийцаделлачу кепах”, аьлла хета цунна.! 

  • Москвано официалехь “Контртерроран операци (КТО) леринчу шолгIачу оьрсийн-нохчийн тIеман жигара фаза лаьттира 1999-чу шеран Марсхьокху-баттера 2000-чу шеран Чиллан-батте кхаччалц. Делахь а, официалехь КТО-н раж юхаяьккхира 2009-чу шеран Охан-баттахь.
  • Оцу тIамехь билггал хиллачу зенех хIинца а хаамаш бац. Оьрсийчоьнан тIеман министраллан 2010-чу шарахь йовзийтинчу официалан статистикаца, 1999 шарера 2008-чу шаре кхаччалц Къилбаседа Кавказехь кхелхина 3684 эскархо, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу министраллан лараршца чоьхьарчу эскарийн белхахойх вийна 2 эзар стаг. Оьрсийчуьрчу салтийн нанойн комитетан Союзан зерашца, официалан терахьаш мел кIезин а шозза лахара ду. (marshoradio)

Yazarın Diğer Yazıları

VEFAT

Çerkes edebiyatının yazar ve şairi Meşbaşe İshak’ı sonsuzluğa uğurladık. 90’ın üzerinde kitabı olan, eserleri toplamda 4 milyondan fazla baskı yapan Meşbaşe İshak’ın kitaplarından bazıları dünya...

Mezbjen Dragon Bot hafta sonu yarışacak

Gaziantep Büyükşehir Belediyesi tarafından bu yıl 7’ncisi düzenlenen Uluslararası Rumkale Su Sporları Festivali 7 Eylül’de başladı. Festival, doğa yürüyüşü, bisiklet yarışı, yüzme, dragon bot...

Mehmet Ayberk Koşak altın madalya kazandı

Uzunyayla Methiye Köyü’nden Mehmet Ayberk Koşak, 21 Ağustos-3 Eylül tarihlerinde, İtalya’nın Taranto kentinde düzenlenen 20. Akdeniz Oyunları’nda artistik jimnastik halka kategorisinde 14.250 puan alarak...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img