ДОГЦIЕНАЛЛА
Цхьа стаг хилла базарахь етт бохка вахана. Цхьаммо тIевеана, хаьттина кхуьнга.
— XIapa етт дегIана ма жима бу хьан?
— ДегIана белахь а, ханна-м бац хьуна xlapa жима.
— Ой, шура мел ло кхо, шина-кхаа литре йолий?
— Йолу, ахьа гурралц оьзча-м.
— Ткъа базара хIунда балийна ахьа xlapa?
— Вуо болу дела балийна-кх, — аьлла, жоп делла етт болчо.
(Нохчалла)