Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

ЗУ-КIОРНИ ДАХКАРЛАХЬ

(ИШТТА МА ХЬЕЖАХЬА СОЬГА, ЗУ-КIОРНИ) 

  • Туьйра: Козлов Сергей
  • Гочдинарг: Петирова ПетIамат

 

– Хезий хьуна? Со мичча хенахь а, – элира ЧайтаIо, – мичча хенахь а. 

Зу-кIорнис корта таIийра. 

– ХIуъу хилла латтахь а, мичча хенахьа со тIекхочур ю хьуна. Со даима а уллохь хир ю хьуна.  

Тийначу бIаьргашца ЧайтаIе а хьоьжуш, йист а ца хуьлуш, Iара Зу-кIорни. 

– Йист хIунда ца хуьлу хьо? 

– Со теша, – элира Зу-кIорнис. 

Ор чу а йоьжна, кIира даьккхира Зу-кIорнис. Ларамза Тарсална карийра и, цу ор уллох тIехйолуш, Зу-кIорнин гIийла аз а хезна. 

КIира дара ЧайтаIо Зу-кIорни лоьху. Ерриге а хьун толлуш лелла, са а хаьдда яра иза, Тарсал кхаъ баккха еъча. Сихха дIахьаьдира ЧайтаI Зу-кIорни цIа ялон. 

ЮргIанах а хьаьрчина Iуьллура Зу-кIорни, тийначу бIаьргашца ЧайтаIе а хьоьжуш. 

– Иштта ма хьежахьа соьга, – элира ЧайтаIо. – Ца мега со сайга цхьаъ иштта хьежча. 

Зу-кIорнис бIаьргаш дIахьаббира. 

– ХIан, хIинца елча санна, Iуьллу. 

БIаьргаш схьаббилира Зу-кIорнис. 

– Елалохьа, – элира ЧайтаIо. 

Елаяла хьажира Зу-кIорни, амма гIийла дара и къажар. 

– Ас хIинцца чорпа малор ю хьуна, – элира ЧайтаIо. – Тарсало керла жIаьлинускалш деанера, уьш кхехкийна ас чорпанна.  

Кеда чорпа а йоьттина, Зу-кIорнин корта хьалаайбира цо. 

– ХIан-хIа, иштта гIуллакх хир дац, – элира ЧайтаIо. – Охьахаа еза. 

– Ца хаало, – элира Зу-кIорнис. 

– Ас гIайба буьллу хьуна, иштта.  

– Суна хала ду, – элира Зу-кIорнис. 

– Сатоха. 

Зу-КIорнина хина Iен атта хилийта, гIайба нисбира ЧайтаIо. 

– Со шелло, – элира Зу-кIорнис. 

– ХIинцца, хIинцца. – Беданара схьаеана кетар хьарчийра ЧайтаIо. – ГIора ца еш муха йисина те хьо? Буьйсанаш мел шийла ю!  

– Со кхийсалора, – элира Зу-кIорнис. 

– ВорхI дийнахь? 

– Буьйсанна кхийсалора со. 

– Яа хIун юура ахь? 

– ХIумма а, – элира Зу-кIорнис. – Чорпа лой ахь суна? 

– Ло, дера! ДIамалал, – элира ЧайтаIо. 

Масех къурд а бина, бIаьргаш дIакъевлира Зу-кIорнис. 

– Мала, мала! 

– КIадъелла, – элира Зу-кIорнис. 

– Мала! – Зу-кIорнина Iайгахь чорпа мелон йолаелира ЧайтаI. 

– Кхин ца малало. 

– Суна тIера! 

Зу-кIорнис къурд бира.  

– Тарсална тIера! 

Мелира Зу-кIорнис. 

– Пхьагална тIера! Иза а яра гIо деш!  

– Собар, – элира Зу-кIорнис. – СадаIийта. 

– Пхьагална тIера мала, къа ма хьегна цо… 

Зу-кIорнис къурд бира. 

– Оьпанна тIера! 

– Оьпано хIун дора? 

– ХIумма а. ХIора денна ян а йогIуш, хьо хоттура.  

– Собар дайта цуьнга. Ницкъ бац, – элира Зу-кIорнис. 

– Iуьйранна йогIуш меттиг а хуьлура, – элира ЧайтаIо. – цхьа Iайг мала. 

Кхин а цхьа къурд бира Зу-кIорнис. 

– Ткъа хIинца БухIанна тIера! 

– БухIа мукъа хIунда юьйцу? 

– Муха – хIунда? Цунна тIера ахь кхо Iайг мер ю! 

– ХIунда? 

– Кхаа дийнахь шен букъ тIехь лелийна цо со. Хьо лоьхуш.  

– БухIано? 

– ХIаъ! 

– Ахь со лейо, – элира Зу-кIорнис. 

– Кхузара меттах ма йолийла со! 

– Хьо муха яьлла цуьнан букъа тIе? 

– И мел онда ю хаьий хьуна? Букъа тIе хьала а яьлла, дIаяхар-кха. Пхьагал тхойшиннах кхераелла ган езара хьуна! 

– Муха? 

– Цкъа чорпа малал, тIаккха дуьйцур ду ас. 

Чорпех кхин а кхо къурд а бина, бIаьргаш дIакъевлира Зу-кIорнис.  

– Муха? – хаьттира цо. 

– ХIун? 

– Пхьагал муха кхераелира шуьшиннах? 

– ХIа! Пхьагаллий? СхьайогIуш ю со БухIанан букъ тIехь. Дуьхьалкхийти-кх… Кхин цхьа Iайг малал. Мел хаза хьожа ю-кх кхуьнан! ЭхI!  

Зу-кIорнис къурд бира. 

– Лергаш а хьийзош Iаш ю-кх. Ткъа тхойшиъ…  

– БухIа а? 

– ХIаъ. Хьалакхосаелла и, дIаэккхаш ган езара хьуна! БухIа диттах дIакхетаза ели… БухIанна тIера малал. 

– ХIан-хIа. Кхин ца малало. ДIайижийтахьа со. 

Зу-кIорни охьа а йижийтина, кетар тIетесира ЧайтаIо цунна.  

– Йовха юй? ¬– хаьттира цо. 

– Ю, – элира Зу-кIорнис. – БухIанах дерг хьайггара дуьйцуш дарий ахь? Алахьа. 

– Дацара дера! Хьо то ма-еллинехь, цхьаьний хахкалур ду вай. 

– Хахкалур ду, – халла хезаш элира набаран тар туьйсучу Зу-кIорнис. 

Yazarın Diğer Yazıları

Samsun’da konferans: “Demokratik Cumhuriyetin Yolunu Birlikte Açmak”

Cumhuriyetin Demokratik Dönüşümü, 31 Ekim’de Samsun’da “Demokratik Cumhuriyetin Yolunu Birlikte Açmak" başlıklı bir konferans düzenliyor. Konferansın çağrısında Abdurrahman Karadeniz, Adnan Korkmaz, Aliye Zeyrek, Alparslan Çepni,...

“Uzunyayla” izleyiciyle buluşacak

63. Uluslararası Antalya Altın Portakal Film Festivali kapsamında düzenlenen Sinema Okulları Öğrenci Filmleri Yarışması seçkisinin gösterimleri 29-30 Ekim’de yapılacak. 29 Ekim saat 11.30’daki 1....

Hayriye Melek Hunç’u saygıyla anıyoruz…

Bugün, 1864’te Rusların Kafkasya’yı işgali ile büyük bir travma yaşayarak vatanlarından tehcire uğramış ve Osmanlı topraklarına göçe mecbur edilmiş, yaralı Çerkes halkına yazıları ve...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img