Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

/Юсупов Iусман, “Къоман тептар”, 2-г1а книга./

«Юькъачу хьуьнна кIеззиг юьстахо болчу попан луьстачу гаьннаша ларвора Алхаст маьлхан йовхачу зIаьнарех. Шен IиндагIе дIатарвелла кIант веза-воккха хьаша лерина болу и нохчийн поп, шега тахана кхаьчначу хIусамден даржах дозаллийца боккхабуьйш хеталора. Гаьннийн буьхьигаш Алхастана гуттар а тIекховдийна, ша беха хIара Iаламан хIусам ницкъ ма-кхоччу цунна аьхна йина, кIеззиг йолчу гIовгIанах а кIантана новкъарло хиларна кхоьруш, атталла, махе шен гIа а ца ластадойтуш, тешаме гIарол хилла лаьттара поп. ХIинццалц, Дела денна вовшашца мукъаман къовсам латтош, хаддаза иллеш кхайкхош хуьлу зарзаррий, къоркхокхий а бацара тахана хезаш. Дехьо-о кхуьучу кхуран гIодах а летта, вотанча шех хилла хьийзаш хенакIур-м яра, хIара хаза тийналла тийна хила ца юьтуш, йилбазмохье дуьйлу шен «тIах-тохь» хьун юьззина декош йоллуш. Амма, да висарг шен яI-кха, ма совнаха а яцар-кха хIоккхехь цуьнан зIакаран и башха гIовгIа. Ма шен меттахь а, шен хеннахь а яр-кха и. Ма говза дузуш дерзадора-кха цо кху Iаламан исбаьхьа сурт. 

…Кхано-о, малх шен гуо берзорехьа таьIча, малхбузе а, кханалера йоькхана билгалъеш, кIеззиг цIияла йоьлча, ха хоьрцуш цкъа-шозза дIаса а керчина, бIаьргаш дIадиллира Алхаст. Цу сахьта цуьнга терра самаделира попан хIора га а, гIа а. Олхазарийн тайп-тайпана аьзнаш арахьаьлхира царна юкъара. ГIодехь сетташ санна а хоьтуьйтуш, халла хаалуш техкира поп ша а. Чухчарин гIовгIа а чIагIъелира, цуьнан когашкахь чуоьгучу хиэ хIиттийна кегийра куьркаш а яра шайн аз хазош. 

И схьахезаш мел йолу гIовгIа… хенакIуран «тIах-тохь» а, къоркхокханан-зарзаран илли-эшар а, гаьннашна, гIашна юкъахь даьлла шабар-шибар а, чухчарино гIаттийна дур а, куьркаша до «булкъ» а… и еригге а гIовгIа Iаламо шега деш къамел лерина, оцу къамелах мелла а кхеташ ша а карийна, церг-кхела гучуяккха лерича санна, велакъежира Алхаст. ТIаккха, парггIат хьала а гIаьттина, айми йисте а хилла, юьхь-куьг дилира. 

Алхаст цуьрриг а хийрачу меттехь вацара. Я къехка а, я, цхьа нехан нахана юкъахь санна, ийзавала а, я, стунцахошна хьалха санна, бехк лаьцна хила а ца везара кхузахь. Алхаст шен цIахь, уггаре а баьрчерчу баьрчехь вара. Цундела цуьнан синна маршо а, йоккха паргIато а яра кхузахь.» 

Yazarın Diğer Yazıları

Асҭамыр Кәыҵниа имултфилм ҿыцқәа

Амультипликатор Асәамыр Кәыәниа мышқәак раәхьа ахәыҷы рацәа еизигеит. Иара иаәиәаз аәсуа мультфильмқәа әба: «Риәа алегендеи», «Ахьча Чаҳмаәи Аәсәаа Қәамзачи» рәыргараәы азал азна әәын. Амульфильмқәа...

«Дзакәыда Миҳри» Анҭалиаҿы

Анҭалиа Азиндырҩыцәа Рнаплакы, Аҳәса Рзинқәа Ауаажәларратә Хаҵеи-Ҧҳәыси Реиҟарара Акомиссиа еиҿнакааз, Аҳәса ирызку Акинофилмқәа цәыргара иҭагӡаны, адокументард фильм «Дзакәыда Миҳри» гьы иыубарҭан. Хәажәкрамза 13 рзы,...

Акоманда Нарҭ чемпионхит

Аҧсны Супер Куп Ашьапылампыл Чемпионат аҿы, акоманда Нарҭ аиааира агыит. Афинал мач, Динамо астадиум аҿы, Хәажәкрамза 20 амш, акомандақәа Ерцахәы’и Нарҭ’и ирыбжьан. Ҭашәарада инҵәаз 90...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img