«Вийначух тера ду иза». Пхи шо кхечи иллиалархо Бакаев Зеламха Нохчийчохь вайна

0
465

Пхи шо хьалха Соьлжа-ГIалахь муьлш бу ца хуучу наха лачкъийна вигира нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха. Бакаев Зеламха къайлаваьккхина рогIера шо кхочуш Кавказ.Реалиино дагалоьцу пхи шо хьалха хилларг.

ТIаьххьара шен кIант гира Бакаева Маликина 2017-чу шеран Марсхьокху-беттан 8-чохь. Москвахь вехаш, цигахь шен карьера нисъян гIерта Нохчийчуьра къона иллиалархо даймахка веара, шен йиша маре йоьдуш кертахь долчу гIуллакхашца нанна дан гIодархьама. 

Сингаттам Iотталур бу аьлла цхьа а бахьана дацара. Лачкъийначу Зеламхин нанас Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира, иза лачкъочу дийнахь кертахь гIуллакх деш хилла кIант юкъахваьккхинера ша, шеца Сбербанке вигархьама аьлла. 

Соьлжа-ГIаларчу Первомайская олучу урамехь банкоматера ахча схьаэцначул тIаьхьа, Зеламхин ойла хилира шена евза йоI Сальмира (Зубаирова Зарема, иллиалархо. – Билгалдаккхар), йолчу ваха, некъал дехьа болх беш яра иза. Цул тIаьхьа жимстаг базарахь йолчу шен ненах дIакхета везаш вара. 

Зеламха хьевала вуьйлира, цуьнан телефон жоп луш яцара. ТIаккха Маликас, шен йоI цхьаьнакхета везачу йоьIан телефон хьовзийра. Цо элира, цуьнгара СМС кхечира шега, тIекхочуш ву аьлла, амма кхин гучу ца велира иза аьлла. 

Буьйсанна 12 сахьт даллалц юх-юха телефон йиттира Маликас кIанте, дIайоьдура, амма жоп луш стаг а вацара, тIаьхьо дIаяйина яра. Зеламха вайра – дийнан делккъахь массарна а хьалхара дIавайра иза. 

Бакаевн доттагIий тешна бара, ницкъахоша иза лачкъийна а ву, къайлахчу набахтехь латтош а ву аьлла. Марсхьокху-беттан 18-чохь вайначун нана бакъоларъяран органашка елира, ткъа 22-чохь дIахьедира цо Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташоне, кIант схьалохуш гIо дахьара аьлла. 

Оцу юкъанна, Соьлжа-ГIалахула йолчу МВД-н урхаллехь чIагIдора «дуьххьара хезаш ду цунах [гIуллакхах] лаьцна», Бакаев Зеламха цIе йолу стаг вайна аьлла, шайга кхачийна дIахьедар дац бохуш. 

Шайн цIераш яха ца лиъначу артистан доттагIаша хаамбира «Дождь» телеканале, меттигерчу бахархошна гина хиллера, месаш тоечу салонера араволучу заманчохь тIеман барзакъца болчу наха лаца а лаьцна, Бакаев машенчу а тоьхна, дIавуьгуш. Цхьадолчу хаамийн зорбанаша анониман хьасташна тIетевжаш, хаамбира, «Терек»СОБР-н белхахоша лаьцна иллиалархо, иза вигарна бехке нохчийн Iедалера лаккхара даржхо ву аьлла. 

ТIаьхьо Зеламха къайлаваккхарх лаьцна нохчийн Iедалхоша оцу сохьта масех верси йовзийтира, тIаьхьо уьш бакъ цахиларх дIахаийтира артистан гергарчара. Масала, мехкан урхалло тIечIагIдира, пиар еш ву, йа ша банкехь тIехьерчийначу декхарех ведда иллиалархо аьлла. Бакаева Маликас тIе ца йитира и легенда. Цо чIагIо йора, шен кIанта кредиташ цкъа а эцна дац, йа цьунан таро а яцара эца, хIунда аьлча, официалехь иза цхьанхьа а балхахь вацара бохуш. Цул совнах банкехь кредит оьцуш, жоьпалла тIелоцуш стаг а хила веза. (Радио Маршо) 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz