Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Ирсюхадерзар – Зулай Хамидова, “Нохчийн туьйранаш”

Ирсюхадерзар 

Цхьана наха нускал далийна хилла. Буса сахиллалц сакъоьруш Iийна уьш. Сатосуш, марда уьйтIа ваьлла, уьйтIахь цунна шайн цIенош чуьра дIайоьду лар гина. Цу лорах xlapa дIавоьдуш, генна хьалха дIавоьдучу стеган сурт гина цунна. Воккхачу стага, собар дахьара, аьлла, дехар дина. Воккха стаг лерина, цуьнан дехар кхочушдина вукхо. 

ТIевеанчу воккхачу стага сецначуьнга хаьттина: 

— Хьо мила ву? — аьлла. 

Цо жоп делла, шун цIен тIера дIадахана Ирс ду ша, аьлла. ТIаккха воккхачу стага дехар дина, юхадерзахьара хьо шен цIен тIе, аьлла. 

— ХIан-хIан, — аьлла Ирсо, — хьан уьйтIахь, хьан цIен тIехь со оьшуш цхьа а вац, цундела со а дитий, дIагIо, амма хьо суна тIаьхьа варна, аса цхьа дика дийр ду хьуна. 

Ойла а йина, воккхачу стага аьлла: 

— ДIа ма гIолахь кхузара, со схьаваллалц, цIерачарах дагавала воллу со. Ирс резахилира и схьаваллалц собарда. ЦIа а веъна, ма дарра дерриге а дIа а дийцина, воккхачу стага шен зудчуьнга хаьттина, хIун дика дайта луур дара цунна, зудчо шена баккхий бахамаш хуьлийла лаьа, аьлла, жоп делла. ТIаккха воккхачу стага шен йоIе хаьттина, хIун дика дайта луур дара цунна, йоIа шена хаз-хаза, ез-еза тIеюху хIуманаш хуьлийла лаьа, аьлла. 

ТIаьххьара а хIинцца ялийначу несе хаьттина мардас, хIун дика дайта луур дара цунна, несо шена массо а хIуманал дукха вайн доьзалехь барт хуьлийла лаьа, аьлла. 

Массаьрга ла а доьгIна, воккхачу стага, Ирс долчу а вахана, дехар дина, шен доьзалехь барт хуьлийла лаьа шена, аьлла. 

ТIаккха Ирсо аьлла: 

— Делла дош кхочушдан деза. Аса барт ло-кха шун доьзална. Барт болчохь со а хила деза. 

Барт боцчохь, ирс а ца хуьлу. 

Воккха стаг а, Ирс а цхьаьна цуьнан цIа бирзира. 

Yazarın Diğer Yazıları

Bir efsanenin izinde: Altınpost Haber Sitesi, Abhazya-Türkiye arasında dijital köprü olmaya devam ediyor

Abhazya’nın tarihini, kültürünü ve güncel gelişmelerini dijital dünyaya taşıyan bağımsız bir yayın organı olan Altınpost, yeni döneminde çok daha kapsamlı ve vizyoner bir yayın...

Birlikte reddetmeye çağrı

Bir grup Çerkes kadını tarafından oluşturulan ve her kesimden katılımcı tarafından imzalanan aşağıdaki metin, Ötüken Yayın Yönetmeninin yaklaşımının yalnızca Çerkes kadınlarına yönelik değil, kadınları...

Şahdağ halklarının anadilinde eğitim hakkı

Şahdağ halklarının Türk kökenli olduklarına dair çeşitli geç dönem versiyonların bilimsel bir değeri yoktur Lezgi dili, Güney Dağıstan ve Kuzey Azerbaycan’ı birleştiren benzersiz bir kültürel...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img