Спортхошна дуьхьал санкцеш йаха Iалашо ю украинхойн парламентан

0
331

Шайн пачхьалкъан кхерамзаллин Кхеташонна а, тІеман министраллина а хьехна Украинан Лакхарчу Радо, Украинана дуьхьал тІом бакъбечу Оьрсийчоьнан 56 спортхочунна дуьхьал персонале санкцеш йаха аьлла. Тептарехь нисвелла Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бархІ стаг. 

Санкцеш тоха тарло латарехула Олимпикан чемпион волчу ГІалгІайчуьра Евлоев Мусана а, Дагестанера маьршачу кепехь латарехула Олимпикан чемпионашна Садулаев Іабдулрашидна а, Угуев Заурна а, Къилбаседа ХІирийчуьра Сидаков Заурбекна а, Таймазов Артурна а (Узбекистанера вовшахтоьхначу тобанца леташ вара). Пачхьалкхан думин депутат а ву иштта Таймазов. 

Тептаре ваьккхина Краснодар-махкара боксан дуьненан чемпион Пирог Дмитрий а, Оьрсийчоьнан парламентерчу физкультурин а, спортан а комитетан куьйгалхочун хьалхара гІовс вара иза. Санкцеш тоха тарло иштта Ростовера спортан гимнасташна а: Олимпикан чемпионашна Уразов Владиславна а, берийн патриотикан тІеман “Юнармия” боламан куьйгалхочунна Нагорный Никитина а. 

Документаца а догІуш, санкцеш итт шарна тоха дагахь бу. Уьш тІеэцахь, спортсменийн бакъо хир йац Украинан территори тІе бахка, цаьргара оцу пачхьалкхо делла совгІаташ а дІадохур ду, иштта блок тухур ю церан активашна а. 

Багарбина спортхой боцурш а, тептарехь бу, масала, гимнаст Кабаева Алина, ша тІехь хелхарш ден Плющенко Евгений, боксер Валуев Николай, шахматех ловзу Карякин Сергей, футболисташ Тарасов Дмитрий а, Широков Роман а, гимнаст Немов Алексей а. 

  • Оьрсийчоь Украинана тІелатарна бехкебечу нахана дуьхьал санкцеш йохуш хьалхо Украинан президенто Зеленский Владимира омрана куьйгйаздира. Санкцийн тептаре вазвира Нохчийчоьнан цІарах Пачхьалкхан думан депутат волу Делимханов Адам а, цуьнан кхуьй а ваша а.
  • Лахьан-бутт бовш Британино санкцеш кхайкхийра Оьрсийчоьнан 22 лаккхарчу даржхочунна, бертаза мобилизаци дІайахьарна а, йолахой лецар къобалдарна а бехкебина. Тептарехь бара Оьрсийчоьнан итт регионан куьйгалхой, царех пхиъ Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а вара.
  • Оьрсийчоьнан хьаькамашна а, совдегаршна а, компанешна а дуьхьалйаьхна санкцеш кхин а тІе шорйира Керлачу Зеландино. Цу юкъавахна Ставрополь-махкара энергетикан министран гІовс Курашов Денис, Ростовн кІоштара ясакх оьцучу хьукматан куьйгалхочун гІовс Шмелев Дмитрий а. Хьалхо сепаратистийн “ДНР-н” администрацешка балха хІиттийнера уьш. (radІomarsho)

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz