Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

«Кавказан бахархой хиллехьар Нохчийчоьх тІом хира бацар» 1.гь дакъа

Нохчийн историк, историйн Іилман кандидат, Ичкери пачхьалкхан хилла волу коьрта векал, политтутмакх. Ичкерин президентан пресс-секретарь хилла волу Вачагаев Моми кІант Майрбек цани репортаж.
«Жинепс» газети йаздархо Айдамирова Миланас кечйина репортажан доьххьаллера дакъа арахецна оха.

-«Caucasus Survey» и «Prometheus» и журналашкахь редактор, соредактор ву/хилла хьо. Оцу журналашийн коьрт Іалашо хьу яра? ХІинца а болха беш вуй хьо цигахь? Шу дешархойн аудитори муьлша бу/бара? Цу журналехь ахь бина балхах лаьцна дийцахь.

-И шин журналан Іалшо цхьаъ бен йацар. Къилбаседан Кавказ, Кавказан истори, цуьнахь доьзна йолу политика йовзийтархьам. Аса-айса деш хилча сайна атта хир ду аьлла дуьххьар юккъа даьккхна «Prometheus» журнал дара. Онлайн журнал дара иза. Издательствахь зорбе тоха тарро яцар. Ишта, со санна историца бала гІуллакх долш болу гуьржий Георгий Мамулия, нохчий Альберт Батукаев, гІалгІай Марет Цароева, Макка Албогачиева, кхи Кавказер къомахь берш а вовшах тоьхнера ас. Кху журналехь наха пайда эцарна лууш. Дуккха холехь нохчий къомах доьзна, нохчий исторех доьзна йа Къилбаседан Кавказех доьзна бара цун чулацам. Амма нахана оьша аьлла ца хийтира суна оха болийна болу некъ. Ахь дечух нахан цхьа реакци оьцуш ца хилча хьан дог долу. Ткъехь сов номер ара йаьккхинера оха. ТІаьххьаре дІакъовла  сацам бира оха. Цул тІаьхьа, наха «юхаъ керла яххьара эш материалаш», бохуш дехарш дан буьйла белира амма таккха а кхи маьІан ца диснера цуьнан. Аса цкъачунна иза «законсервировать» дина ду, оьшуш замнахь карладакхан йиш йолуш ду.

Caucasus Survey журнал ингалсан маттахь ара долуш ду. Цкьа шозза оьрсий маттахь даькхнера оха иза а ешархой хир бу бац хьажа. Оьрсий маттахь йоьвла номерш кхи баш тидаме лаьцна хиллан ца хийта суна цундеран кхи оьрсий маттахь номер ца кечйира оха. Шиъ дакъа ду цуьнан: Къилбседан Кавказ а, Къилбера Кавказ и- Армени, Грузи, Азербайджан пачхьалкаш чулоцуш.

Масала Калмыки республикахь лаьцна ара йаьккхнера оха материал, и меттиг йовзийтархам. Европа латтан тІехь лоруш ю и республик. ХІунда аьлча Ийдал хи тІе кхаччалца долу латтанаш Европан юккъе догІуш ду. Лоренц Броерцанни оха барт бина ара хецна номер яра иза. Иза чогІа нахас тидаме ийцира, бала алсам хилара, хІунда аьлча, сайт тІера дуккха копи схьаэцнера наха. Журнал Брилл издательстваца барт бина ара хоьцуш ду. Таккха а, дуккха хьолехь Къилбера Кавказехь лаьцна материалаш ара йовлу. Иза 1683 шарахь юкъа даьлла йоккха издательство йу. Цаьрца болх барна тхуна дозалле ду, хІунда аьлча журналан статус кхи хуьлу таккха. Ара хецар, зорбанехула массо меттига даржа дар, цара шайна тІелоцу.

«Prometheus»  «Caucasus Survey» ца дуста йиш яц. ХІунда аьлча Прометеус баттахь шиъа, кхоъа бІе, эзар стаго доьшар, «Caucasus Survey» академи барамехь, Іилманца доьзна хаамаш, дийцарш яздеш долу дера эзаршкахь, эзаршкахь уггарен тоьлла университеташкахь тидаме оьцуш ду. Кавказ чулацам болуш долу журналшан юккъехь рейтинга хьажна дикчу могІехь ду. Ткъа шо хьалха ара довлуш долу журналашиг хьажча, тхайниг алсамо ю, цундера оцу хьоло тхоьга болх бан дога доита. Кхи цхьа хІума ду- оцу шиъ журналас тхуна ахча ца деана. Йа тхун ахча лурду аьлла а беш бац оха и болх. «Caucasus Survey» ара долуш шийтта шо ду. Цхьаммо цхьаъ кепек йелла яц. Оха даьш долу хІума дика хаза дан лаьа тхуна, наха дешийла лаьа, хаттарш дойла а лаьа. Шарахь кхузза ара долуш ду «Caucasus Survey». Тхун нахас йоиташ йолу статьяш схьаэцарна хала ду, хІунда аьлча шо хьалха схьаэцна статьяш ю тхан арайяккхаз. Нахана а шиъ шо тІехьа ара далийла ца лаьа шей материал. Статьяш къеззиг хиларна бала бац тхан, статьяш алсам хиларна бала бу.

 

-«Prometheus» журналан цІе иштта хІунда хаьржана ю? «Прометеизм» бохуш йолу философийца йоьзна юй иза?

-«Prometheus»  французски маттахь ара долуш дара. Иза некъ бу оха лаьцна бериг хоиташ цІе хаьржан яра оха. Германехь, Польшехь и цІе яржан йолан дера а. Къилбаседан Кавказехь дуккху къаьмнаш ду дехаш. Кавказан хьо муьлхачу кІажахь, меттахь  вехаш велахь а массо  къаьмнашийн цхьан дохуш долу хІума ахь лехча, муьлха къоман адам деллахь а къаьмнашийн юккъа некъаш чагІдо, барт бо-коьрт Іалашо иза яр. 20 номер ара хаьцна оха, цана юккъехь цхьана агІор баьхка боккхуш йа Іутташ чаьккх ца далийтан оха, тхан и Іалашо яц. Цхьани дена баьхк билла а йа иза баккха а ара доьйла дац тхо. Вай лаха безаш болу некъ- вай цхьаьн хилар некъ бу, олара ас даимна. Иштта цу тІехь суна тІетоьвжан сан накъостий а бара.

 

-«Кавказийн талламийн юкъа(центр)» организацийн беш болу белх кхочуш хиллар и   хьу ду?

-«Prometheus» журнал долчу хенахь юккъа даккха дагахь цу тІехь болх барна вовшах тохан лууш дара амма болх кхи дІа ца бахара тхан, цундера цкъа чунна лаьтташ бу иза.

 

-Истори Іилмана чогІа деза лоруш чарех ахь кечдина 2018 шарахь арадякхна долу «Къилбаседа Кавказийн Ламанхойн союз и Ламанхойн республик и» цІерца монографи жейна ду. И жейна оьрси маттахь дуьненчу даькхна а ду. Кхи долу матте даьккхан гоч дина дуй иза?  Масала туркхойн матте гоч дарна дагахь дуй шу?

-Иза Москвахь ара даьлла долу жайна, сан чогІа даг лазам болша даьлла ду. ХІунда аьлча, дуьйцуш хенах, договоран куьг тІаъош хенахь ара даккхали суна шозза, кхузза гойтар ду, со реза хилча бен ара дера дац, аьлла дийцан барт бина дара. Амма 2018 шарахь соьга хІума а ца олуш, ара даьккхана хилла. Суна наха  хаздира сай цІарца жайна ара далар. Суна цу жайнан тиллан цІе а ца тайра «Яйна республика» дешнан лелдина хиллера цара. Ас-айса и цІе туьллар яцар. Иза соьгар хаьттан дац. Жайнан текстехь цхьа миллион ах миллион дара са цуьнан тоьхна элпаш, цара кхаъа декъе декъа декъна кхоъолгІа дакъа бен ара ца хецнера. Цхьа документ йа сурт ара ца хецнера, шайна ца дезаш долу хІума а дІа даьккхнера цара. Соьгара хаьттача «хаз нехан санна» доьхна ара даьлла жайна хета. Амма хІетте а хІуьттарен санна иза дІасдаьржара. Ворх баттахь уггаре дуккха даьржан долчарехь Москвахь цхьац йолу туькнашкахь къастийнера иза рейтингаьхь, уггаре дуккха дІадоьхкан чарехь ду, аьлла. Тахан пхи шо даьлла, йолхалгІа шо ду, уьш цкъаллигор цкъа соьца зІе тесна бац. Аса кехаташ дахьийтан, интернетехула а яздина, соьга бист хилла жоп ца делла цара. Цундера и жайна аса юха ара хоьцар долш ду. Кху шарахь французски маттахь, цул тІехьа Чехаьхь оьрси маттахь ара хоьцуш меттиг ю цигахь. Сайна хетачу кепар, сайна луучу кепар и жайна ара даккха дагахь ву со. Ше бал болчо кхечу меттнашка даккха хьажа мегар ду, жима собар дина аса керла йуккъа доккхар долу жайнех пайда эцар алсам хира бу.

 

-Цу жейначохь дуьйцуш долу хІуманаш 1917-1920 шершкахь хилла ду. Кеззиг ханна чулоцуш делахь и хиллаш, цІеран чулацамийн дозалла алсам хила тарло. Ламанхойн республикан зама хІунда тидаме аьцна ахь?

-Соьгара хаьтича (цу ханчохь) Российски импери йоха йоьхна, дІасхьайаьлла, (берриг тар цалуш тІемш беш) Къилбаседан Кавказехь дехаш долу къамнаша шай некъ схьалаьцна, вай шаьш даха деза, вай культура, дин, истори цхьан йогІаш ю, вай барт хила беза, аьлла вовшах кхетта бу уьш. Хьар историйн дакъа чогІ хаза хийтира суна. ХІунда аьлча, Совет эдал доьхна хенах вай иза дан дезаш хиллера. Уьшша (кхи къаьмнаш) Вай Ичкерин тІехиттан, йа Ичкерис лелийнарг цара а лелийна хиллехьари цунах алсам пайда хилан хира бар, аьлла хета суна. Амма Къилбаседан Кавказ тап аьлла ІадІийра, «нохчаша лелош дериг а цкъа хІун ду хаалца собар дийра ду вай», аьлла. «Цкъа царна хІун хуьлу хьовсар ду вай» бохуш вайна улло ца хІиттира уьш. 2-3 миллион Кавказан бахархой хиллехьари Нохчийчоьх тІом хира бацар, гІаскхий баьхьар бацар, гІаскхийша и дийра дацар. Цундела хьалхалера замана Росси импери йухаш хенахь церан барт муха хиллера те, ца хиллехь, цуьнан бахана хьун дара те, аьлла и хаттар дагах кхетта, хаа лаар-кх суна. Вайн махкара цу хьолех лаьцна истори Тимур Музаевс яздина цхьа жайна дара, сайчулла ши шо хьалха ара хецна. Іаламат чогІа дика жайна ду иза. 1917шо бен дац цо дуьйцарг. Ламанхойн республика кхайкхаза хан ю иза. 1917-1918 шо дара цо схьалаьцна. Вай цу хенахь хилла йолу Архиван директоран Мохмад Музаеван кІант вара иза. Ше да санна хІум дика хууш, истори дика хууш вара иза. Суна цунах алсам пайда эца цу хенахь ца хиара амма эца дуккху хІума ду цу тІехь. ХІар тема йовза, Іамо лууш волчунна куьган къелах хила дезаш долчарехь ду и жайна. Цу тІера волавала веза. Дагестанехь и Кабардино-Балкарехь арахецна ду цера документашехь лаьцна ши жайна- архивийн документаш ду уьш. Иза документаш ара хецар а доккха гІо ду историкана, историца бала болчунна а.  Иза а доккха хІума ду. Аса арадаьккхна долчу жайна юккъех, оьрсийн архивашкахь доцург кеззиг хира ду амма таханлерачу дийнахь  Гуьржи махкахь а Франци махкахь а сайна карийна долу кехаташ а аса юккъа дІахитан ду. Цу тІехь керла хІума язда лууш волчунна, жайна яздан ара волчунна атта хир ду, аьлла хета суна. ХІунда аьлча и документ мичахь ду, цуна тІехькхиа а, хьажа а атто бийра бу цунна. Иштта оьрсаша ара хоьцучу хенахь цу  жайни тІехь иттех договор гайтан хила дезаш дара. Къилбаседан Кавказан Ламанхойн республикан Осман империца, Германица, Азербайджанца, Украинеца дин долу договоршехь лаьцна хаамаш. И массо кехат, документ цхьан меттехь карош хилча тиллам бечарна атта хуьлу, ка долу. ТІедогьучу шерашках со тешна ву наха Ламанхойн республиках лаьцна алсам яздийра ду, аса яздинчулла дикохо, Далла мукъ лахь. ХІинца Французи маттахь даьккхна долу жайна зорбане дІа делла ду сан. ТІе догьа шаркшкахь, Делан пурбанца юхьа а оьрси маттахь жайна арадаккха дагахь ву со. тІаьхье йу…


Вачагаев, Майрбек Момуевич

Вина 1965 шо, Эвтара, Шелан кІоштахь.

Нохчийн историк, историйн Іилман кандидат, Россехь Ичкерин хилла волу коьрта векал, хилла волу политтутмакх, Ичкерин президентан хилла волу пресс-секретарь.

1989 шарахь дешна чекхйаьккхина Нохч-ГІалгІайн пачхьалкхан университетан историн факультет. 1989-1992 шерашкахь болх бина Гуманитарийн Іилманан-талламан институтехь, XIX бІешерашкара Кавказан тІеман истори Іамош вара. Оццу хенахь дакъа лоцуш вара формалан боцучу боламехь, Соьлжа-ГІалин социал-демократин клуб кхоьллинчех цхьаъ вара. 1992-1994 шш. РIА Российн историн институтан (Москва) аспирант.

1993 шарахь Москвахь Российн Іилманийн Академин историн институтехь болх шарбеш вара. 1995 шарахь историн Іилманийн кандидат Іилманийн тІегІа яккха диссертаци чІагІдира Москвохахь Российн Іилманийн Академин Российн историн институтехь «Нохчийчоь Кавказан тІамехь (1816-1859 шш.)» тема йолуш.

1999 шеран октябрехь иза сацийра, Москвахь законехь доцу герз латтадарах шеко йолуш, Бутыркера набахти чувоьллира. Мемориал а, Amnesty International а кхолламаш Вачагаев М. политикин тутмакх хиларехь мукІарло дира.

2000 шеран июлехь дуьйна Майрбек Момуевич мухажир лоруш ву. 2007 шарахь Францин гражданство елла. Нохчийн исторех, исламан исторех, Къилбаседа Кавказерачу хьолах лаьцна белхаш арахецна.

2011 шарахь хилла Кавказан талламийн центран Президент.

2012 года соредактор ву историко-политически журналан Caucasus Survey, интернет Prometheus журналан редактор ву (Париж, Франци).

Таханалера замнахь Медиапроект «Кавказ.Реалии» чохь подкаст «Вачагаевца Кавказан Хроникаш» боху цІерца , Радио «Маршо» чохь а передачаш еш ву.

Yazarın Diğer Yazıları

Шайчарна хийра а волуш, нахана шайн а воцуш

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортаж: «Даимна, сайна мел хууш дерг, дIакховдан кийча вара со...» Дукхах болу нохчий санна хьо а Казахстанехь дуьненчу ваьлла. Цигахь хила долу...

Истамбулехь «Панкиси» ансамблан концерт

  Лахьан-беттан 30-чу дийнахь Истамбулехь «Панкиси» ансамбло концерт йелира. Цу ансамблан эшаршка, мукъамашка ладогІа гулбелла бара нохчий а, чергазий а, абхазаш а, дуккха а Кавказан...

Эсамбаев Махмудна100 шо кхочур дара, «Нохчийн Хелхар» йа «Лезгинка»?

Хьалха санна, тахана а нохчийн юкъараллехь нохчийн хелхар дина ду - тойнехь, сцени тІехь, хьошалгІахь, дезачу деношкахь. Нохчийн культуран «шовда», къоман «йуьхьсибат» ду хелхар....

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img