Яхиханов Хожи кІант Рустам – Репортаж (1.гь дакъа)

Нохчий суртдиллархо, Росси «Исбаьхьалчеран Союзи» дакъархо, «Нохчийчоьн сийлахь исбаьхьалча», И.Репин ц1арха йолу Санкт-Петербургер Исбаьхьаллин Академехь лакхара хьехархо волу Яхиханов Хожи к1ант Рустамца репортаж кечйина «Жинепс» газети йаздархо Айдамирова Миланас. Репортажи хьалхара дакъа шу тидаме дуьллу оха.

***

-Рустам, хьо Соьлжа гІалахь дуьненчу ваьлла. ЦІеран мичар ву хьо? Ахь суьрташ дохкуш хенахь ваьхна меттигаш дагахь лаьтти хьуна?

-Со тейпан гуно волш, цІеран Чечан эвлер ву. ГІалан гена йоцуш йолу юртар. Цигахь кхиан ву со. БерхІитта шо кхаьчна волш кхузар сурт диллар Іамдан Санкт-Петербургер Академи деша вахар со. Суьрташ дохкуш хенахь чІогІа дагахь лаьтта со ваьхна меттигаш, ойланаш хуьлу, йуха а вагІа лаьа. Массо меттехь а хаза меттигаш дІас хьаьж –хьаьжначохь хуьлу, амма чІогІа мехала, уггаре хаза йерша- вай лаьмнаш, вай мохк бу.

-Хьайн суьрташ дилла дозналла арахь Іамдина ахь. Сурт дилла Іамда вахар муха нисделар хьан?

-Со 14 шо кхачли дІогара говза суьрташ дохкуш Іэмаш вохш вацар. Чечан эвлахь Абу Пашаев хьехархо вара сан. Со 5-гІа классаьхь доьшуш волуш хенахь цуьнца вовзар нисделар сан. Со сурт дуьллаш вуй гора цунна. Таккха цо со ше пхьалгІе кхайкханчултІехь, кхин чІогІа беза белар суна ас беш болу болха. Таккха бахьанш хІун дара аьлча: иштта хьекъал долуш и, лела хууш и, хІар корматалла йуьцуш и, пайдехь хІуманаш дуьйцуш и, гондахь нах нисбелари терра, хІоккха белхан чулацам дика бовзара хилар суна. ХІар болха, хІара хІума хаза хетар, хІинца хеташ ду, хийтира а ду. Цхьан агІор Далла йела ма йелли суна хІар говзалла. Нахан цхьан агІор со воьвза а воьвзан. Вай Нохчий махкахь даггара чІогІа лоруш бац ас беш болу болха, ма тов, ма лаар чІогІа тІелоцуш а бац. Вайн ма хаар дуьненан чохь къезиг бу сурт диллархой, пІелгаш тІехь багарбан бен бац. Даггара хаза говза сурт дилла хууш, воьвза а воьвзуш массанхьахь- къезиг бу. Хьалха вай Кавказан тІом болуш Ермоловс бера долуш хенахь дІавиган волу Петр Захаров вара, «Петр Захаров –Нохчи» – суртан кІел яздина куьг хуьлар цуьна (вина 1816 год, Дади-юрт — дІавалар 1846 года, Москва), уггаре хьалхар нохчий, говзалла йолуш мехалла сурт дуьллушчарехь волуш Исбаьхьаллин Академи чакхйаькхан вара иза. Цул тІаьххьа къезиг хилла, Бакъ дериг дийцича.

 

-Сурт дилларца къоргер говзалла ца хилча нохчаш къобал ца во, вахь а -хала во. Нохчий къомо хьо къобал вайта хІун деза?

-Хьуна цхьа хІума дан хаахь, массарна а хаза хета, хьаста во, дика хІума ду а олу. Амма хьастийча ма ца тоьи, и болх беш хенахь къоргера говзалла йеза, и говзалла Іамо еза, кху махкар ара ваьлла лела везаш а хьулу, иза хууш ца хилча, лела хууш ца хилча, хала хуьлу. Вай мохк кхин боккха а бац. ГІарбаьлла-м бу вай мохк кху дуьненчохь, нохчий массанхьа боьвзуш бу, бакъ дериг аьлча. Ас лелош долу хІумантехь чІогІа къезиг бу нохчий, дІогара гІарбаьлла чарехь -дуккха бац. Хилийта-м лаьара гуттара: дикчу агІор, хекъал долуш агІор, сурт дуьллуш корматталлица хуьлитш. ХІинца лерачу хенахь Нохчийчохь хІара болха лерана буьйцу, сунаъ хаза хета-кх, со цара къобал вина, ас беш болу болха цара тІелацарна. Ас лелош долу хІума а массарна гайта гІерташ хуьлу со. Сурт диллархочунна хІума а данлур ду, вахалур ву, сом а дакха лурду. Нахана товш суьрташ данлур ду. Мехалла долш, нахана хаза хеташ диллан долу суртахь пайда эцалур бу. Лелош дериг эрна дац. Мохк гІар баккхар, даган паргІато яр хуьлу- иза а дика хІума ду. Сай ма хуьлда сай махкхошна гайта а дийца гІерташ хуьлу со. Сом даккхар хуьли а дуьйца ас хаттар даьшчарна, и сурт диллар хІунда оьшу а дуьйцу.

Нохчаш къобал веш вериг мил ву, аьлча: Хьо оьзда, дагчохь цІена, лела хууш хуьли; хьо хаза дош долуш, гІиллакхехь хуьли; хьо къобал ван там бу.  Иштте леларци бен хьо тІелоцар вац, къобал вийра вац хьан къомо. И хІуманаш хьан дагчохь хилчани, хьо хІун а лелош велахь, муьлха болх беш хилархь а- хьоьца гергарло лела дийра ду.

-2005 шарахь Санкт-Петербургехь пачхьалкхан академаьхь деша вола велара хьо. И хенаш, тІом лаха белла лораш ю. Россияхь хала дара цу хенахь, балха хІоттарца а, дешарца а. Новкъарлонаш хилари хьуна ахь доьшуш хенахь? Цу хьоккхехь дийцахь.

-Со 2004 шарахь дІахІотта веанера Исбаьхьалин Академи, доьххьар цкъа курсашка лилар со. 2005 шарахь дешархо дІахІоьттар. Вайн тІом дІабаьлла лораш йелахь а – хала заманаш яра. Нохчийчоь метта хІотта гІерташ хенахь, оцу юккъан нисделар со деша вахар. Академаьхь со чІогІа хаза тІелецара. Бухахь берш- дика нах бара. Со нохчи ву аьлча, тІамехь кІелхьарваьлла ву иза, бохуш, соьга дика ховсар, суна хІун оьшу ховсар. Со эхь хеташ вуй хууш, леран лела вора. Суна паргІат дара цигахь. Цкъа а махкар араваьлла, лаьлла вацар со хьалха. Оьрсий мотт хаа-м хаар суна амма дІогара шера ца буьйцура ас, дуккха маьІанаш ца хаар. Цигахь вовзарш хилар, керла нах-кегирхой а боьвзар. Нохчийн доьхьалла цабезам хиларна сагатталуш вара со цига воьдаш хенахь, амма дІакхаьчча, кегирхой юккъехь со нохчий вуй хиъча-суна ца гира иштта хІуманаш. Со реза волуш гІуллакх хилар-кх сан цигахь. Дика деша дийшар, кхаьстанна са болх массо белхаш юкъара хоржур, лекхара мах а хадабора. Ала хІума а дац сан цхьанне цу хьокхехь. Стаган лела хиачани, деша лууш хилчани, цхьан хІуман тІекхиа гІерташ хилчани- хьо тІе а лоцур ву, болха а бойтар бу. Сан хьехархой дика бара. Со цигахь Іаш волу І9 шо ду. Цигахь дешна ваьлла Академаьхь, цара со тІекхайкхан хІинца цигахь дешархошна хьехош ву. Со леларца дика ца хиллехьари- цара кхойкхур вацар аьлла хета суна. Сан лелари хьаьжна, ас болх бари хььажна цара со тІелацарна суна доккха хІума хета, вай къоман юккъера хьалха нохчий ву-кх со Исбаьххьалин Академийн хьехархо.

 

ТІаьхье йу…


Рустам Яхиханов

20 маьтселл баттахь І986 шарахь Соьлжа гІалахь дуьненчу ваьлла.

2005 шарахь Санкт-Петербургер И.Репин цІарха йолу Исбаьхьаллин Академи исбаьхьал факультетахь дешна ву. А.Быстрови куьгалхоца йолу монументи пхьалгІехь Іамийна иза. «Сан даймохк» цІерца йолу дипломан болха тидаме эцнера аттестаци йеш йолу комиссис.

2011 шаран 2015 шо кхаччалца В.Мыльникова куьйгаллца йолу исбаьхьаллин пхьалгІехь болха бира Рустамс.

2012 шарахь Росси Исбаьхьалчер Союзо дакъа лоцийтуш, къобал вина ву.

«Культура кхиорна» боху мидал елла Нохчийчоьр Культурийн Министерствас.

Пачхьалкхан дозадехьара дуккху меттигашкахь дакъа лаьцна цо шей белхаш гойтуш гайтамшкахь, пленэршкахь.

Академин Президиумс 2015 шарахь дато мидал йелла «Кхоллараллан кхиаме болх дІабахарна», аьлла йолу.

2015 шарахь Нохчийчоьр Культурийн Министерствас «Культуршийн диалог» цІе йолу проектехь дакъа лацарна, грамота йелла цунна.

2016 шарахь Росси Исбаьхьалчеран Союзо дато мидал йелла, кхин дІа а оцу шарахь «Нохчийчоьн сийлахь исбаьхьалча» бохуш сийлахь цІе а йелла.

Лаккхара мах а хадош дуккха тейп- тейпан дуьнен пачхьалкхаш юккъехь, Росси пачхьалкхан регионаш юккъехь нисйин йолу гайтамашкахь дакъа лаьцна ву иза. Хункар махкахь а маситта суьрташийн гайтам хІоттина ву.

ХІинца Іаш а, болха беш а Санкт-Петербург гІалахь ву. И.Репин цІарха йолу институтехь хьехархо ву.

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz