Бисултанов Хьасайн (Озкан), нохчий къоман кІант, Туркойчоьн дуьххьарлера а, цкъа чунна, цхьаъ а бен воцу дзюдо спортан Олимпан чемпион ву. Туркойчоьнан дзюдо спортан къоман тобанан коьрта тренер ву иза.
Оха хьалха, тхайн газетехь, яздина ма-хиллара, дуккха тренерийн а, спортхойн а инициативица Коджаэлин провинцин мэрин гІоьнца, Измит гІалахь Хьусейн Озкан цІарах Дуьненаюкъара дзюдо турнир вовшахтоха сацам бина, хІора шарахь дІахьуш йу иза. Кху шарахь 4-гІа дІахьуш йара и турнир. Оха сацам бира ша Хьусайнца жима репортаж йина, хІинца, кху баттахь дІахьош йолчу турнирах лаьцна доцца хатта.
– Хьасайин, хІора шарахь хьан цІарахь йолу Дуьненаюкъара «Хусейн Озкан» турнир дІахьош йу, къовсадалар селхана чекхдаьлла моьтту суна, тахан хІун деш ду шу кхузахь? Кху шарахь турнир муха дІаяхара, дийцахьа?
-Кху шарахь 4-гІа ю оха турнир дІахьош. Кху шарахь кхин а алсам бу дакъа лаьцна пачхьалкхаш а, спортхой а. Стохка дакъалоцуш вара 1500 стага. Шо-шаре мел долу уьшша алсам болуш бу. Хьалха баьхкинарш юха а кхуза бахка лууш хуьлу. 3 де лакхарчу дикаллин къовсадаларш хуьлу тхан, 4 де тренинг хуьлу. Цигахь спортхойша цхьаьна тренировкаш еш, вовшех пайда оьцу.
-Суна схьахетарехь, Къилбаседа Кавказера тоъал спортхой баьхкина кхуза.
-ХІаъ, масех тоба еара Кавказера. Дуьненан массо а маьІІера баьхкина кхуза.
-Казахстанера а, Узбекистанера а спортхой гира суна.
-Вайн турнирехь дакъалоцуш дуккха а пачхьалкхаш ю, Кувейт а, Мисар а, Болгари а, Германи а ю. Австралера а-м ву 2 спортхо веана. 20 сов пачхьалкхашкар бу баьхкна спортхой.
-Суна хетарехь, турнир хІинцале а шен ницкъ совбоккхуш, махкахь хилла ца Іаш, дерриг а дуьненчохь йоьвзаш йу.
– Хаъ. ХІора шарахь кхин а чІога гІара йолуш йу тхан турнир. Цкъа кхузахь хилларш даима а юхабахка лууш хуьлу. ХІунда аьлча, кхузахь Іаморан тренингехь шайн корматаллийн тІегІа, классификаци хьалайокхуш, шай зеделларг дІадоькъу.
-ХІара турнир нисйеш, вовшахтухуш берш спонсорш муьлша бу?
-Вовшахтоьхна кху Коджаэлин Провинцин Мэрис а, Коджаэлин Кегийрхойн а, Спортан а Департаменто а, Кехат Спортан Клубо.
-Коджаэли мэрис, суна хетарехь, дуьненаюкъарчу барамехь турнире кечам вуно дика бина. Дуьненан тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара оццул дукха нах вовшахтохар, дІатарбар, кхача а, вижа меттигаш а кеччош, кхин дІа а, Іаморан меттигаш нисбеш – мелла а къинхьегам оьшуш гІуллакх ду иза.
– Ду дера, хІара инзаре боккха болх бу. Оццул дукха бу кхузахь дакъалацархой. Оццул дукха, кхечу пачхьалкхашкара бахархой богІуш, Коджаелехь цкъа а хилла дац кху кепехь, кху барамехь турнир. Генарчу махкашкар 700 гергга стаг. 1000 сов туркойн спортхой бу дакъа лаьцна. Тренерашца а, суьдхошца а цхьаьна хир ву 2000 гергга стаг. Отельшца, йохка-эцаран центрашца цхьаьнатоьхна болх бу хІара.
-Ткъа и дерриге а цхьан кІира йуькъехь нисдан дан дезаш дара, дари?
-ХІаъ, оцу декъехь болх дІанисбина бу.
-Тахана тІаьххьара де дуй? Турнир маца чекхйолу?
-Къовсадалар селхана чекхделира, тахана Іаморан лагеран хьалхара де ду, кхин а кхаа дийнахь дІахьур ду. Кхо де даьлча дІабаха буьйлалур бу декъашхой.
-Хьасайн , доккха баркалла ду хьуна вайн провинцина а, ерриг Туркойчоьнна, а оццул йоккха турнир вовшахтохарна а, дІаяхьарна а. Дела реза хуьлда хьуна! Кхузахь Іаш болу нохчашна бокха йуьхькІам бо ахь, хьай хиларца!
-Дела реза хуьлда хьуна а! Тхан къийсамашкахь а, Іаморийн лагершкахь а керла спортхой а, даима бохуш бериш а , тІедоху шарахь ган сатуьйсуш ду тхо. Ша зер лууш верг тхан турнире вола-кх!