Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

ГIАДУЖУ-БЕТТАН ДОЦА КЕРЛАНАШ

  • ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь Нохчийчоьнан коьртачу гIалан 206 шо кхачар даздина. Оцу денна лерина Грознехь дIаяьхьира объекташ схьаелларан церемонеш а, халкъан фестивалаш а, концертан программаш а. И дерриг а чекхделира бес-бесара петарш, цIерш кхоссарца.
  • ГIадужу-беттан 15-чу дийнера 18-чу дийне кхаччалц Соьлж-ГIалахь дIахьур ю Эсамбаев Махьмудан цIарах йолу XV Дуьненаюкъара соло-хелхаран фестиваль-конкурс. Цу барамехь дакъалоцур ду тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара 60 сов декъашхочо, хаам бо Нохчийнчура културан министро.
  • Сухум а, Грозный а «йижари»-гIаланаш хиллар дIакхейкхина Абхазин коьртачу гIалан администрацин зорбанан сервисо. Цу хьокъехь барт бина Сухумин администрацин куьйгалхочо Эшба Беслана а, Нохчийчоьнан коьртачу гIалан мэро Кадыров Хас-Магомеда а. Соьлжа гIала Сухум гIалаца цхьаьна болхбийр бу Iилманан, техникан, дешаран, културан, гуманитаран, экономикан, спортан а, туризман а декъехь.
  • Веданан кIоштахь дIаяьхьира нохчийн поэтан Тугузов Асламбекан поэзин суьйре. Цунах лаьцна хаам бина Веданан муниципалан кIоштан администрацин куьйгалхочо Абдулазизов Турпал-Iалис.
  • Кху шарахь массо а категорешкахь латтан бахамашкахь 11 432 гектар ялта дIадийна. Таханлерчу дийнахь 2500 гектар тIехь ялта гулдина, ткъа ялта гулдинарг 8 эзар тонне кхаьчна, хаам бо Нохчийнчоьн юьртабахаман министро. ДIадуьйш коьртачу декъана махкахь къастийна Краснодарера хIуш леладора.
  • Берийн кхоллараллин фестиваль чекхъяьлла Нохчийчохь. ПохIма долу бераш а, берийн-кегийрхойн тобанаш а къасторан а, царна гIодаран а Iалашонца вовшахтоьхна ерриге а республикера къона похIма болу кегирхой: исбаьхьаллин искусство тIера мукъамашка, хелхаршка, поэзе кхаччалц чулоцуш.
  • 2012-чу шарахь Нохчийчоьнан парламенто къобалйира хьалха Совет Iэдало дIаяьхна йолу Чеберлоевски а, Галанчожски а кIошташ меттахIитторан хьокъехь долу низам. Оццу шарахь Iедало чIагIйира ГаланчIожан кIошт меттахIотторан белхан план. Таханлерчу дийнахь цхьа эзар сов доьзал бу цу кIошта дIакхелха лаам болуш, царех 100-ммо хIинцале а латтан дакъош дехар дина.
  • Нохчийн пачхьалкхан университетан лицейн оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо – Тазуркаев Изнаур Ерригроссин «Оьрсийчохь шеран хьехархо 2024» конкурсан тоьлла меттиг эцначарехь цхьаъ хилира.
  • ГIадужу-беттан 22-чу дийнера 24-чу дийне кхаччалц Нохчийчоьнан коьртачу гIалах дIахьур ю VIII «Мебель & Интерьер – 2024» цIе йолу гайтам. Мероприяти вовшахтоьхнарг ю «ActiveExpo” цIе йолу гайтаман компани. Гайтаман бизнес-программин гурашкахь лерина ю интерьеран дизайнехула йолу мастер-классаш, мебель кечъяран семинараш.
  • ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан галерейн гайтаман залехь Россин Суртдиллархойн Союзан Нохчийн регионан декъан гIараваьллачу декъашхочун Дибиров Джабраилан гайтам хира бу. Россин Федерацин культурин хьакъволу белхахо Ильясов Адам цIарах лерина бу и гайтам.
  • Грознехь дIаяьхьира гIалин школашкар вовшахтоьхначу тобанашна юкъахь республикин атлетикан Спартакиад. Цунах лаьцна хаам бина Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаментан пресс-гIуллакххоша. Массо школашкар 368 сов дешархочо дакъалецира къовсамехь, тайп-тайпанчу атлетикан дисциплинашкахь шайн говзалла гойтуш.
  • Дуьненаюкъара парашютистийн къийсадаларш чекхдевлла Нохчийчохь. «Гудскийн» цIарахчу парашютистийн центрехь дакъалоцуш бара Казахстанера 115 спортхо, иштта Оьрсийчоьнан 18 регионера а.
  • ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь ерриг а пачхьалкхехь, Нохчийн Республикехь а йолуш, дIайолаелира «Къаьстина ахчан кIира» цIе йолу акци. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан банкан зорбанан сервисо. Акци лаьттар ю ГIадужу-беттан 20-гIа де тIекхаччалц. Оцу муьрехь регионерчу бахархойн аьтто бу Соьлжа-ГIаларчу а, Урус-МартантIерчу а, Аргунерчу а, Гудермесерчу а, Ачхой-МартантIерчу а, Курчалойн а коммерцин банкийн филиалашкахь, комисси а ца луш, гулделла къаьстина ахчанаш хийца.
  • ГIадужу-беттан 4-чу дийнера 6-чу дийне кхаччалц ХIинжа-ГIалахь дIаяьхьира берийн командан шахматийн Каспийски кубок. Цу мероприятешкахь дакъалоцуш яра Къилбаседа Кавказан федералан гонан регионашкара тобанаш, хIоранна а юкъахь кхо кIант а, цхьацца йоI а яра Нохчийчуьрчу декъашхочо Шаипова Раббияс 9 баллах 7 балл а яьккхина, хьалхара меттиг йакхара.
  • Пензехь дIаяьхьира Ерригроссин берийн нека дарн лиган турниран 4-гIа этап, цигахь вовшахкхетта Россин 29 спортан школан векалш, шайна юкъахь Нохчийчоьнан векалш а болуш. Къовсадаларийн жамIашна тIе а тевжаш, совгIаташ иштта декъна: Дадашев Iабдул-Малик – деши (100 м медлей), дети (100 м паргIат кепехь, 50 м паргIат кепехь а, 200 м паргIат кепехь а Тулаев Ноха – дети (100 м медлей.), бронза (50 м паргIат кепехь а, 100 м паргIат кепехь а). Умхаев Дени – бронза (50 м паргIат кепехь).

 

Yazarın Diğer Yazıları

Умхин Хьамзат: «Нохчийн маттаца ду вайн са»

Нохчийн меттан говзанча, йаздархо, журналист, талламхо, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Яздархойн Союзийн, Журналистийн Союзийн а декъашхо, Нохчийн Республикан культуран «Хьакъволу Белхахо» волу,...

ОХАНАН-БЕТТАН ДОЦА КЕРЛАНАШ

• Тушолин беттан 25 дийнахь Нохчийн меттан де даздеш Нохчийн Республикин коьртачу г1алахь дIаяьхьира культурин а, спортан а, дешаран а барамаш. Дезчу дийнан сий...

«Къоман духарна шолгIа са дала гIерта со»

«Gerem» цIе йолу духаран марка тайна тхуна интернетчохь. ЧIогIа хаза даьхна суьрташца тегна нохчийн духар гойтуш бара уьш. Ткъа керла заманца дохуш духар а...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img