Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

ГIУРАН-БЕТТАН ДОЦА КЕРЛАНАШ

  • «Исбаьхьаллин калейдоскоп» цIе йолу гайтам хилира «Сийлаллин Алея» мемориалан комплексехь. И гайтам лерина бу «Нохчийн халкъан историн а, архитектуран а, культуран тIаьхьенан» цIе тиллан долу шарахь доьзна.
  • Дуьненаюкъара заьIапхойн де даздеш, къоначу хьовсархойн Нохчийн Пачхьалкхан Театран залчохь дIакъевлина гайтам хилира «Iэлан ирс» цIе йолчу документалан фильман.ЗаьIапхошна юкъараллин тидам алсамбаккхархьама яьккхина ю и фильм. «Iэлан ирс» цIе йолчу фильмчохь дуьйцу, ша дуьненчу ваьлчахьана дуккха а дехкарш хиллехь а, массо халонаш эшош шен дешар тIехь а, балхан тIехь а лакхара кхиамаш гайтан 42 шо долчу вайн махкахо, лор-невролог Исмаилов Iэлин дахарах лаьцна.
  • Нохчийн Республикин Шелковски кIоштан № 4 йолчу школин дешархоша дакъалецира къоман «Экологи» проектца вовшахтоьхначу «БумБэттл» шира кехаташ-макулатура схьагулъяран Ерригроссин акцехь. 500 сов дешархочо гIо дина кехатан нехаш гулйеш. 2024-чу шарахь макулатура схьагулъяран «BoomBattle» цIе йолу ерриг Оьрсийчоьнан акци пхоьалгIа акци дIаяьхьира Товбецан-беттан 10-чу дийнера Лахьанан-беттан 15-чу дийне кхаччалц. Цу барамехь дакъалецира 9 миллион гергга стага, 305 эзар сов тонн макулатура гулйира.
  • Росси Пачхьалкхан Эрмитажо а, Нохчийн Республикан музейо а цхьаьна болх бан барт бина. Цара сацам бина цхьанни программаш кхоллар, музейн гIуллакхашехь доьзна конференцеш, семинараш, горга стоьлаш дIаяхьар. Цигахь дакъалоцуш вара Пачхьалкхан Эрмитажан коьрта директор Пиотровский Михаил а, Нохчийн Республикан музейн коьрта директор Мамаева Залина а.
  • Нохчийн Республикан промышленностан а, йохка-эцаран а министерство дийцаре хьажна азотан удобрени еш йолу завод йийра йу махках.
  • Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн Пачхьалкхан Драматически Театро Къилбаседа ХIирийчохь йовзийтира «Массо хIума Iункарнехьа долу цIа» цIе йолу комеди. Шоу дIаяьхьира Э. Вахтанговн цIарахчу Оьрсийн Академически театран сцени тIехь. Постановка хилира шина театран хийцаран тур юкъахь. «Массо хIума Iункарнехьа цIа» – иза Альваро Портесанан пьеси тIехь йина спектакль ю, цу тIехь дакъалоцуш ялх артист бен вац. Вахтанговн цIарахчу театран труппа 2025-чу шеран чиллан-баттахь Нохчийнчу йогIур ю, цигахь цара гойтур ю «Iаламат хIума динарг» цIе йолу спектакль.
  • Нохчийн Республикчохь, тавв- беттан 1-чу дийнахь дуьйна дIайолор ю школашкахь «Нохчийн истори» Iамор.
  • Соьлжа-гIалин цхьана урамна Усманов Iимранан цIе туьллур ю, аьлла хаамаш бу.
  • «Россин могашаллин хьехархо – 2024» XV Ерригроссин къовсаман «Корматаллехь кхетам» номинацехь толамхо хилира Гудермесан №5 йолчу юккъерчу ишколан хьехархо Юсупов Бакар.
  • ГIуран беттан 1-чу дийнахь Санкт-Петербургехь Пачхьалкхан Эрмитажан музейехь дуьххьара гайтира «Нохчийн Республикан шира архитектура – керлачу серлонехь» цIе йолу суртийн гайтам. Цигахь суьрташца гейтира масала: «Хойн- керла дахар» проект, шира меттиг – музейехь муха йаьрзина. Мероприятешкахь эшарш лекхира, дуьненаюкъарчу фестивалашкахь толам баьккхинчу М. А. Эсамбаевн цIарахчу Пачхьалкхан Берийн Иллин-хелхаран «Даймохк» ансамбло.

  • Республикан цIийн станци «Доьзалан цIий далархойн кодекс» цIе йолчу Ерригроссин мероприятин-къовсаман толамхо хилира. Цуьнан жамIаш дина Москвахь дIаяьхьначу церемонехь. Къовсамехь гайтина «Дегнашша жоп лушхенахь» цIе йолу проект. Нохчийчуьра цIий луш КурбановгIеран доьзална лерина дара иза. Оцу доьзалехь 6 ваша «Россин Сийлахь ЦIий луш берш» сийлахь цIераш йолш бу. 870-зза герга цIий дIаделла цара.
  • Кемеровехь лахьанан-беттан 26гIа де дуьйна гIуран беттан беттан 1-чу дийне кхаччалц дIаяьхьира Ерригроссин кикбоксан чемпионат. Цигахь дакъалоцуш вара 54 регионера 600 сов спортхо. Нохчийчоьнан кикбокс федерацино 33 кикбоксерах тоба араяьккхира. Нохчийчоьнан тобано «КI» декъехь хьалхара командан меттиг яьккхина, 5 дашо а, 7 детин а, 9 борзан а мидалш а яьхна. РогI-рогIехь доьалгIа ду нохчийн спортхоша и тайпа жамIаш гойтуш.
  • Лахьанан беттан 27-чу ден 30-чу дийне кхаччалц Казанехь дIаяьхьира «Малхбален базар» цIе йолу Дуьненаюкъара Къаьмнийн Культурийн фестиваль. 30 пачхьалкхера а, 20 регионера а 50 сов къоман культураш вовшах а тоьхна. Исбаьхьаллин, ламастан кепехь иза даздарна Нохчийчура еан яра «Заманхо» хелхаран ансамбль. Цара «Нохчийн хелхар» а, «Бенойн хелхар» гайтира цигахь.
  • Кху шарахь 75 шо кхаьчначу Нохчийн Республикан Халкъан артист Шамилов Iайндис, шен кхойтта произведени тIетоьхна Нохчийн Республикин музейн коллекцина. Царна юкъахь ду «Хаамча», «Бехачу некъана хьалхахь», «Хала тIаьхье», иштта кхидерш а долу суьрташ.

  • Россин Федерацин Президентан омраца нохчийн иллиалархочунна Байкаев Мурадна «Росси Федерацин Хьакъволу Артист» сийлахь цIе еллира. Омаев Дагунан цIарахчу цIачохь хилира иза.
  • Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн колледжан дешархо Абдулхаджиева Хадижат «Ненан маттахь урок» корматаллин V Дуьненаюкъарчу конкурсехь «Ша кепар а, керла а методаш леладан» номинацехь 1-чу даржан дипломан долахо хилира. Къовсам дIабаьхьира 2024-чу шеран лахьанан-беттан 19-чу ден 21-чу дийне кхаччалц Улан-Удехь, Бурят Республикан Хьехархойн колледжехь.
  • ГIуран-беттан 17-чу дийнахь Нохчийн Республикин коьртачу гIалахь «Дашо пелаг» цIе йолчу дуьненаюкъарчу журналистийн къовсамийн XI-гIа церемони дIахьур ю. Тайп-тайпанчу регионашкара а, пачхьалкхашкара а 500 гергга журналисто дакъалоцар ду цигахь.
  • Алиев Хьасанан цIарах йолчу Республикан Кегийрхойн Иллин-хелхаран «Башлам» ансамблан 55 шо кхаьчна. Омаев Дагунан цIарахчу Даздарийн ЦIачохь дIадаьхьира и даздар.

  • ЧГПУ-н музыкальни дешаран отделан куьйгалхочо Джамалханова Лалитас арахецна «Усманов Германи кIант Имран: Дахаран генаш» цIе йолу эшарийн сборник. Книгин презентаци хилира ЧГПУ-н библиотекехь. Усманов Iимран вина 70 шо кхачарна лерина яра и мероприяти. Iимрани дуьххьарлера байташийн гулам «Геналло хьегийна» араяла езаш яра 1994-чу шеран декабрехь, амма республикехь тIемаш буьйлабелира. Дийна йисина байташ тIаьхьо гул а йина, зорбане яьхна, 2008-чу шарахь араяьлла шолгIа гулам «КIайн дуьйне».Советски киноклассикийн «Свадьба в Малиновке», «Иван Васильевич меняет профессию» нохчийн матте гочдинарг а ву иза. Гочдар сел кхиаме нисделира, цу сохьта цитаташ хилла дIасхьадаьржира иза нахан юкъехь. 2013-чу шарахь, шен 60 шо кхачарца доьзна, дуккха а шерашкахь эхь-бехк долуш къахьегарна цунна еллера «Нохчийн Республикан Къоман Сийлахь Артист» йолу сийлахь цIе.

 

Yazarın Diğer Yazıları

2024 nasıl geçti?

Ocak Rusya Federasyonu ile yapılan yeni anlaşma Abhazya ve diasporada gerginlik ve tepki yarattı ‘Şafak yasası’ ile Quo vadis Abhazya? Abhazya ve diasporanın gündemi siyasi ve...

‘Destek Komisyonu’ kuruldu

Kafkas Dernekleri Federasyonu (KAFFED), “Suriye Çerkeslerine Destek Komisyonu” kurulduğunu açıkladı. KAFFED Yönetim Kurulu Üyesi Selahattin Cantürk'ün koordinatörlüğünde kurulan komisyon, bölgedeki ihtiyaçlar ve talepler doğrultusunda...

Suriye Çerkes Yardımlaşma Derneği’nden açıklama

Suriye’de faaliyetlerini yürüten Çerkes Yardımlaşma Derneği 16 Ekim’de dernek binasında bir toplantı düzenledi. Toplantı sonunda alınan kararlar şu şekilde açıklandı. * Çerkesler, tarih boyunca çeşitliliğiyle...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img