Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

«Нохчийн менталитет ларъян- вайн коьрта декхар ду!»

– Дийцахьа хьайн доьзалахь лаци.

– Сан да Хачаро тейпана, схьаваьлла Ведучи юьртара ву. Сан нана ШIороер ю. 1944-чу шарахь оцу ярташкара Казахстане дIабигна уьш. Да дIакхелхира  хьалхара тIом балале, 1994-чу шарахь.

Сан доьзалехь коьрта стаг сан нана ю. Сан хIусамнана а, 2 кIант а, 4 йиша а ю.

– «Са» боху кхетам-коьрта меттиг дIалоцу хьан произведенешкахь. Хьан са адамашна а, хиламашна а призма ю, йа нехан синош хьайн синош долуш санна хаало хуьна?

– Муьлххачу а балхахь коьртаниг «Са» ду. Са доцу произведени- елла произведени ю. Авторна шен са а, шена уллохь бехачу нехан са а хаа деза. Цундела цо шен са хийрачу нехан са санна а, хийрачу нехан синош шен са санна а тIеоьцу.

– Нохчийн халкъан историн коьрта нахах лаьцна хьан дуккха говза йаздина произведенийн сериш арайолуш ю. Царехь уггаре хьалха баьргахькхета «Шейх Мансур», «Алибек Хьаьжа». ХIинца, дукха хан йоцуш «Кунта Хьаьжа» поэма арайаьлла хьан. Ишта поэмаш яздеш хенахь, цу заманан историн хаамаш,  хьелаш хаа, царехь кхета веза. Хьан гIо до хьуна цу тIехь?

– Ас дукхах йолу хан  историн хаамаш, исторехь вай хилла нохчийн къонах-турпалхойн цIераш гулйеш йоккху. Дукха цIераш йицъелла, уьш карош, дIайазйеш къахоьгуш ду тхо. Историн Iилманчашкар гIо эца дезаш меттигаш а хуьлу.  Цу тIехь кест-кеста Мусхаджиев СаIидца дагаволу со. Духаев Адамса а гIо дира суна, «Шаьлташца латар»/»Кинжальный бой» байта язош хенахь. «Кунта-Хьаьжа» трилоги язош цхьана декъехь, хронологически рогIаллехь цIерш, хиламаш гойтуш йолу билгалонаш а, тейп-тейпан кехаташ а карийра суна. ТIаккха, исбаьхьаллин тIегIа а къастош, яздан волавелара со иза. Исбаьхьаллин бос  боцуш яздинарг- еккъа йелла информаци хуьлу, амма исбаьхьаллин произведени ца хуьлу цуьнах. Суна мехала ду историйн хиламаш нийса а буьцуш, уггаре лакхара исбаьхьаллин барамехь такха и кехат тIе дилла.

– Исбаьхьаллин белхашца, литературца нохчийн менталитет. Оьший вайн иза хIокху глобализацин заманахь?

– Муьлххачу  произведенехь суна коьрта а, мехала а ю- вайн нохчийн менталитет. Нохчийн менталитет цхьана йогIу дуьненан адаман менталитетца. Вайн глобализацин заманахь коьрта декхар ду- къаьсттина нохчийн йаздархоша, шайн ламастан менталитет ларъяр. Суна хIара даима а хьалхахь а, коьрте а хетта! Иза дIадалахь, вай ваьш а довр ду, вайн къоман амалш, вайн башха культура, ламасташ дIадовр ду. Вай даима дийна дисина вайн синмехаллин культура а, вайн этика а, къаьмнийн принципаш а бахьана долуш.

Цундела нохчийн менталитет ларъян- вайн коьрта декхар ду!

– Вайн юкъараллехь литературан хьал муха ду? Ахь гIазкхийн маттахь язйо хьайн произведенеш, нохчийн маттахь ца язйо аьлла довдой хьуна?

– Лаккхарчу барамехь нохчийн яздархой тоъал бу вайн: Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, Абдулаев Леча, Бисултанов Апти, Юсупов Алмар кхин дIа а. Уьш нохчийн маттахь яздархой-говзанчаш бу. Суна критика еш, довдеш берш а бу. ХIаъ, ас кхечу маттахь яздо, амма ас яздо нохчийн менталитетца а, нохчочун цIарах а. Даймахкан арахьа вай довзийта- чIогIа атта гIирс бу хIара (гIазкхийн мотт). Цундела ас нохчийн маттахь ца яздо бохуш, суна луьшберш  дукха бац-кIезиг бу, ас вайн халкъана пайденна лелош болу сан «гIирс» къобалбеш чаьрга хьаьжча.

– «Похмаллин хьаса» буй вайн кегийрхойшкахь?

Суна хетарехь, вайн кегийрхойн похмаллин хьаса бу, амма цаьрца болх бан беза. ГIазкхийн маттахь яздеш къона яздархой а бу, нохчийн маттахь яздеш берш а бу. Нохчийн Республикин Яздархойн Союзан куьйгалхо А.Эльсаевс дехар дира соьга къоначу яздархошна дарс далар, царна некъ гайтар. Цара сайна цхьацца произведенеш еъча, ас даима а хьехарш до: вайн нохчийн менталитет а, вайн ламасташ а шейн произведенешкахь  гайта хьажа веза, аьлла. Вайна оьшу исбаьхьаллин «гIирсца» вайн культура дерриге дуьненан адамийн культуран «матрицехь» гайта. Тахана кегийрхошна вуно чIогIа тIеIаткъам бо Малхбузера културо а, Малхбузера авторша а. Кегирхой вайн менталитетан лартIе юхаберзо гIерта со, церан произведенешкахь вайн нохчийн къоман «матрица» дIакхоьхьуш хилийта.

– Кавказехь а, Нохчийнчохь а дукха хьолехь йаржина ю суфизм. Назманаш а, зикрш  а вайн культуран а, философин а дакъа ду. Вайн суфизмин некъехь берш лахлуш хиларо а, кхин боламаш-некъаш тIаьхь берш алсам бовларо, муха Iаткъам хуьлу вайн культуран а, литературан а?

– ХIаъ, суфизм тоххара вайн ламасташна йукъехь йу. Назманаш а, зикрш а дукха хенахь дуьйна вайн культуран а, философин а дакъа хилла дIахIиттина. Вайн халкъан хала денош дийцахь, масала: тIемаш, вай махках дахар схьаэцахь, вай дийна дисар- вайн устазашан энергица, вайн ийманца доьзна ду. Суна вайн зикраш ладаме хета. Жима волуш дуьйна схьа, цаьрца кхиъна ву со. Тахана кхечу диннекъашша вайн юкъараллин могашаллина Iаткъам бо. ХIинцале а цуьнан вон агIонш гуш йу вайна.  ХIунда аьлча, интернет а, кхин болу зIенан гIирсаш а бахьана долуш, вайн халкъана чу даьржийна ца оьшу хIуманаш. Дуккха а, вайн халкъана хийра долу дахаран кепаш, хIуманаш даьржа цу керла некъашца. Цу декъехь вайн кегийрхой гIо доцуш бита мегар бац. Вайн культур чуьрани хIаллакйеш йолчух, вайн хийра йолу мехаллашшехь ларбан беза уьш. Боккха кхерам го суна цу тIехь. Орцахдоьвла,  вайн берриге а ницкъ кхосса беза, вайн дай лелабина, сидолуш новкъахь кегийрхой  дIабахийта.


Асламбек Тугузов

(Тугузи Тапи кIант Асламбек)

 

Поэт, Нохчийн Республикан Къоман йаздархо.

Вина I969 шеран нажи-беттан 3гIа дийнахь Заки-Эвлахь. Хьачара/Ведучи юьртара Хьачаро тейпан векал ву. 2010-2011-чу шарашкахь «Нана» а, «Вайнах» а журналаш тIехь арайийлина цуьнан байташ.

Цуьнан араяьлла 3 байтан гуларш йу: «Буьйсанан эшарш/Ночные песни» (2019), «ЦIеран седарчийн йийсархо/Пленник пламенных звезд» (2020), «Байташ/Стихотворения» (2023).

Зорбане яьхна поэмаш: «Шейх Мансур» (2022), «Алибек Хьаьжа» (2024), хIинца, масех де хьалха араяьлла керла трилогин «Кунта Хьаьжа»цIе йолу поэма. Царехь «Шайх Мансур» а, «Алибек Хьаьжа» а нохчийн, хIирийн, гIебартойн меттанашка гоч йина поэмаш ю.

Нохчийн Республикан а, Россин а Яздархойн Союзан декъашхо. Нохчийн Республикан Яздархойн Союзо кхоьллан йолу «Къона йаздархойн литератур- кружокан» консультант-координатор ву.

Дуьненаюкъарчу «Щит и перо» къовсамийн финалист, «День и ночь» литератур журналийн къовсаман толамхо а ву.


– Политикан а, динан а агIонашца-некъашца екъаелла йолу нохчийн юкъаралла муха цхьаьнатохар йан мегар дара? ХIун хIотто мегар ду оцу цхьаьнатохаран юккъехь?

– Вай цхьаьнатоха йиш ю вайн дайшка а, вайн дина а, культуран а, вайн даймахкан а болчу безамо.  Нохчалло-Адамалло цхьаьнатоха деза вай. Суна хетарехь, ур-атта тайптайп-тайпанчу тобанашкахь болу вайн кегирхой, тIаьхьаре шайн къоман «орамах» кхетор бу, шайн «бухе» юхабоьрзар бу уьш. ХIара хаттарна суна жоп дала хала ду. ХIинца дерриг а дуьне декъаделла. ТIаьххьарчу шина тIеман жамIехь, нохчий дерриг а дуьненчохь дIасабаьржина. Цара кхиийна хIинца тайп-тайпана тешарш, тайп-тайпана идеологеш. Кегийрхошца даггара болх бан беза вай. Кегийрхой догцIеналлахь бен ца кхета. ТIедожийначу  «кепо» уьш юхатуха, цатеша уьш царна. Вайн вай орамашна тIе юхадерза деза, ницкъ гулбан беза, къахьега деза цу хьокхехь, оьшучохь хийцамаш а беш. Дала гIо дийр ду вайна.

– ДIадаханчу замане хьаьжна, таханлерачу дийне бIаьрг а тухуш, вай кхане муха хира йу аьлла хета хьуна?

– Вайн истори- заманан са ду, цуьнга хьажна когбахка йиш йолуш. Цу хьокъехь вайн историн зеделлачунна тIе а тевжан, гIалат ца далийта йиш ю вайн. ДIаяханчу замане юхахьаьжча, вайна гуш ду, вайн дайша дина гIалаташ, цуьнах гIалат ала хала делахь а. Вай кхиаран некъаш нисдан деза, цхьацца тайпа союзаш, барташ бан беза. Вайна гулдинчу историн зеделлачун гIоьнца вайн кханенан цхьацца перспективаш тоян, нисйан йиш йу. Иза кхочуш дан а -хIоранна шен истори хаа еза. ХIинца дуьненчохь хала хьал доллушехь, вайн кханенан хила йиш болу кхиамаш дог ойъуш бу, аьлла хета суна. Вай вуно ницкъ болуш къам ду! ЧIогIа халачу бохамашкахь дийна дисина вай. Делах тешна, кханене тешна Iан деза вай. РогIера халонаш вайн халкъо эшор ю, аьлла хета суна. Вайгах даима ницкъ хилла муьлха халонаш ла. Вай хIаллакдан гIиртинарг, милла велахь а, историчохь ларйоцуш дIаваьлла. Вай хIинца а дийна а ду, кхуьуш-дебаш а ду, хьалха хьожуш дIадоьлхуш а ду.

– Даймахкана арахьа, къаьстина Турцехь а, Урдунехь а бехачу нохчашка хIун ала луур дара хьуна?

– Уггар хьалха лаам бу, нохчашна шайн орамаш, шайн ненан мотт биц ца бойла. Нохчий массанхьа а нохчий  биса беза. Аьтто баьлча, шейн даймахка ваха веза. Даима хьайн ламасташна тIетевжина Iэ веза. Вай миччахь делахь а, вай цхьаъ ду, вай цхьа къам ду! Вайна хIуъа хилча а, вай миччахьа дIасхьакхиссахь а, иза дагахь латто деза вайн!


Асламбек Тугузов

Нохчийн матте гоч:

Дагалаев Ислам

Со кхета ца туьгу сайн вешех, йа сайх ца кхета.

Ца хета суо Iовдал, вац Iовдал иза, схьагарехь.

ДIовш делла вийначу Сократехь хиллера кхетам.

Сократах хиллариг хирий-те къамел ца лардахь?

Iожалло вуьгур ву тийналле, Iазапах кхера,

Ойланийн къайлене, лакхалла когаш кIел йожош.

Сихвала мегар дац, дIалаца сан куй хьай кера,

Сайн духар нисдо ас, мачани чимчаргIаш озош.

ПIелгех чекх гIум санна, чекхдуьйлуш, жимлуш ду дахар.

Маршалла, маьлха-де! Дешица кхелина агIо!

Марзбелла кад санна, тIеоьцу хьан дIоьвше чагIар.

ДIамуьйлу, Iехавеш, дахкарлахь кхеттачу малхо.


Тугузов Асламбек

Мансур Шайх

Нохчийн матте гоч:

Умхаев Хьамзат

(кийсиг)

Маьлхан зIаьнар ца кхочучу

ТIуьна буто набахтехь,

Болат зIенаш а хьарчийна

Леш ву нохчо йийсарехь.

Куьйгаш цуьнга лела цало,

Амма хьежар леррина

Шений бен ца гучу йисте

Даккхий, Iаьржа бIаьргашца.

ЦIеран алу серлайуьйлу

Цуьнан гIийла бIаьргашкахь,

Ткъа Iожалла, IиндагI хуьлий,

Йухайуьйлу неIаргахь.

ЗIенаш шен цуо меттаххьейо,

Корта ойбу меллаша.

Бос баьхьина балдаш хьедо,

ГIийла олу шабарца:

“Шу массо а марша Iойла,

Сан цIий долу вежарий!

Мохк сан хьоме Iодика йойла!

Марша Iойла, хадийриг!

Гарехь дахаран сан оьмар

Шен чаккхене герга йу.

Стигал, латта кхоьллинариг

Сан чиркх байъа кийча ву.

Хаъло суна, сатийсарца,

Набахтийца са къаьсташ.

Хаъло кIадех тоьгуш керла,

ДегIах хьарчо духараш.

Ницкъ а эшна, пхенаш ийзош

Набахтин цу боданехь,

Хеза суна, туркх ву кхойкхуш,

Кхаъ соь боккхуш самукъне.

Реза ву со! Далла хастам!

Цуо леринарг – хилла ду!

Ас къастийнарг бу сан кхоллам,

И чIагIбинарг – АллахI ву.

ХIинца, дегIан ницкъ бу оьшуш,

ХIордан бIаьрзе гIовгIанехь,

Леш ву цхьалха, каш а доцуш,

Генахь, хийрачу махкахь.

Ваша воцуш коьртехь латта

Сан садолуш, агIонца.

Безамца сан куьг схьалаца.

Шен ондачу куьйгаца.

Дагах кхета дош а олуш,

Йоьхна ойла чIагIйан сан.

Чарх сан хийрачу кху лаьтта

ДоIадарца йерзайан.

Амма аса дог ца дуьллу,

Серло бода къахкош йу.

Дуьне, эхарт карахь долчу

АллахI-Делах тешна ву».

Сеци иза ницкъ а эшна,

Вист ца хилалуш дIатий.

Белшаш йара гIийла йегош,

Цуьнга Iожалла хьаьжи.

ЦIаьххьана и тохавели,

БIаьргаш цуо шен схьадилли.

Беснеш, маьлхан Iуьйре санна,

Бос шайн хуьйцуш, цIийели.

Мотталой, охьаэгна пенаш,

ЧIагIо йахна бердаха,

Гуш ду цунна мекхан ирзош,

Шен ден, ненан хIусамаш.

Соьлжа-хинан дато аса,

Можа латта, лекха берд.

ДогIан хина ишалш санна,

Къегаш Iаьмнийн куьзганаш.

Дехьа, къилбехь, хьаннаш тIехьа,

Дахкарш къуьйлу аренаш,

КIайчу лайно хаздеш, лепаш

Къоьжа ламанийн баххьаш.

Yazarın Diğer Yazıları

Нохчийн Астрономи

Ширачу заманахь дуьйна адамашша тидаме лаьцна хилла малха, седарчий, бутт, ерриге стигал а. Цара шайн ойланаш а, гIенаш а, ур-атталла тешарш, тешамаш а цуьнца...

«Мотт цахуушверг нохчо хуьлийла дац»

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортажан шоллагьлера дакъа:   -Деша, боху ахь кегийчаьрга. Кхин хIун ала луур дара хьуна тIекхуьучу чкъоре? -Суна, масала, цхьана агIор, хазахета нохчийн мотт...

Шайчарна хийра а волуш, нахана шайн а воцуш

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортаж: «Даимна, сайна мел хууш дерг, дIакховдан кийча вара со...» Дукхах болу нохчий санна хьо а Казахстанехь дуьненчу ваьлла. Цигахь хила долу...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img