Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

ОХАНАН-БЕТТАН ДОЦА КЕРЛАНАШ

Тушолин беттан 25 дийнахь Нохчийн меттан де даздеш Нохчийн Республикин коьртачу г1алахь дIаяьхьира культурин а, спортан а, дешаран а барамаш. Дезчу дийнан сий деш, Грозный-гIалан дешаран системехь мероприятеш дIаяьхьна. Соьлжа-ГIалин школашкахь дIаяьхьира гIалин семинараш, конкурсаш, форумаш, классан сахьташ. Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар хилира Омаев Дагунан цIарахчу даздарийн цIачохь. Цигахь дIаяьхьира концерт а, къоман нохчийн суртдиллархойн, говзанчийн гайтамаш а.

Соьлжа-ГIалахь, Сийлаллин Мемориалан комплексан территори тIехь, дIаяьхьира профсоюзийн 1-чу майн акци, хан нисъелира белхалойн бартболу денца – Х1утосург-беттан 1-чу дийнахь дара иза. Цигахь дакъалоцуш вара 3500 гергга республикин вахархо а, хьеший а.

Нохчийн Республикин А. Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь заьIапхошна юкъахь шахматийн а, шашкийн а турнир дIаяьхьира.

Тушоли-беттан 28-чу дийнахь, 18:00 сахьт даьлча, Irse De Residence залехь хир йу 2024 шеран илли совгIатан гала-пхьор. Д1адахан деношкахь «Шеран илли» коьртачу номинацехь толам баьккхинарг вара Эбиев Ильяс. «Шеран керла веънарг» цIе тиллина – Джанаев Мансурна а, вежаршна ЧантиевгIарна а. Шамаева Эмилия билгалъяьккхина «Шеран дебют» категорехь. “Шеран иллиалархо” цIераш яьхна Хаджимурадова Радимас а, Байкаев Мурада а. «Шеран тоьлла соло-концерт» совгIат а делира Байкаевна. Жанран совгIаташна юкъахь къаьсттина билгалдевлира: «Тоьлла лирикан композици» – Шарипов Увайс, «Тоьлла хелхаран композици» – Еснакаева ПетIимат, «Тоьлла эстрадан композици» – Кавраева Малика, «Иллин тоьлла кавер-верси» номинацехь толам баьккхира Кондаров Виситас. “Дашо фонд” категорехь – Гадаев Валид, “Хьовсархойн совгIат” – Матаев Ахьмед. Шеран тоьлла композитор билгалъяьккхина йу Дадашева Тамара, Ахмедов Ислам тоьлла аранжировщик, тоьлла лирик Асхабова Медни.

Хойн историко-архитектуран комплексехь дIаяьхьира республикан хореографин исбаьххьаллан фестиваль-къийсам “Хелхаран суьйре” ц1е йолу, кхин а “Баккхийчу говзанчийн ирс” ц1е йолу фестивалехь дечигах а, тIулгах а говзанчийн цхьаьнакхетта шейн зеделларг дуьйцуш, гойтуш хилира.

Кхуьуш йолчу Оьрсийчуьрчу брендийн «Вайнаш боьвза» къийсамашкахь дакъалаьцна Нохчийчуьрчу 10 компанино. Кху шарахь кхозлагIа а хир ю иза. Таханлерчу дийне кхаччалц нохчийн 10 компанино хIинцале а оцу къовсамехь дакъалаца заявкаш чуелла хилар.

Нохчийчохь автомобилаш еш йолу экономикан дакъа сиха кхуьуш ду, оцу процессехь коьрта дакъа лоцуш ю «Чеченавто» предприяти. Стохка заводо арахийцира 7500 LADA Granta машен а, 400 GAZelle NEXT а.

Кху баттахь ерриг а Оьрсийчоьнан субботникехь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан 20 эзар сов вахархо. Субботник йира Соьлж-ГIалахь «Соьлжа-г1алан х1орда» комплексан территори тIехь йолу паркехь.

Исторехь дуьххьара, нохчийн археологашна Ахмаров Азаматна а, Исаев Султанна а карийна IV бIешо гергахь хилла аланийн паччахьан дIавоьллина меттиг. «Iалхан-Кала» ц1е йолу барзанаш тIехь таллам бан болийра цара. Тахана вай археологашна карийначу барзанан кашчохь хIуманашна юкъахь ю турмалинех а, дешин дIаьвшех а, гранатан, кхин тейпан деза тIулгах а, йина йолу говр д1айожа г1ирсанаш, герз, тейп-тейпана п1елг т1едулш ч1агарш, ангалин а, металлех йина а пхьегIаш а йу.

Тушоли-беттан 14-15-чу деношкахь Грозный-гIалахь дIахьур ю хIора шарахь дIахьош йолу гIишлошъяран, индустрин секторан а дуккха а дисциплинийн “ЧеченСтройЭкспо – 2025” гайтам. Оьрсийчоьнан регионашкарчу а, Нохчийчуьрчу а 100 сов гIишлошъяран промышленностан предприятеш, сурсаташ арахоьцучу а, йохк-эцаран а компанеша дIакхайкхийна гайтамехь шаьш дакъалоцур ду аьлла. Гайтаман адрес: Грозный, Лев Яшин урам, 19-гIа корпус, чоьхьара футболан арена.

С. Михалковн цIарахчу берийн библиотекехь дIаяьхьира «Гран-при Вайнах 2025» цIе йолу, 2012-чу шарахь дуьненчу бевллачу а, цул кегийчу дешархойн а юкъехь шахматийн республикански турнир «Апрель-2025» ц1е йолу. Дакъалоцуш вара цигахь 25 стаг.

Кху шарахь ипподромехь 11 де къийсамашках дIаделира. Даимна ма-хиллара, кхо шо кхаьчначу говрашна лерина коьрта къийсадаларш хир ду аьхка: Царехь цхьаъ Товбецан-баттахь хир ду «Соьлжа -г1алан окса» а, «Соьлжа-г1алан дерби» а ц1ерш йерш, ткъа Марсхьокху баттахь 8-чу дийнахь ипподромехь дIахьур йу цу сезонан уггаре а даккхийчу къийсадаларн юккъехь цхьаъ йолу Ерригроссин Гранд-при (Дерби) бохуш ерг.

“Ламан аз” адаптивни спортан футболан клубо Сочи-гIалахь дIаяьхьначу ЗаьIапхошна, могашаллин таронаш кIезиг йолчу нахана а юкъахь нисйина йолу Ерригроссин футболан союзан кубокан фестивалехь дашо мидал яьккхира.

Хьосташ: chechnyatoday.com

Милана Айдамирова К.

Yazarın Diğer Yazıları

Умхин Хьамзат: «Нохчийн маттаца ду вайн са»

Нохчийн меттан говзанча, йаздархо, журналист, талламхо, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Яздархойн Союзийн, Журналистийн Союзийн а декъашхо, Нохчийн Республикан культуран «Хьакъволу Белхахо» волу,...

«Къоман духарна шолгIа са дала гIерта со»

«Gerem» цIе йолу духаран марка тайна тхуна интернетчохь. ЧIогIа хаза даьхна суьрташца тегна нохчийн духар гойтуш бара уьш. Ткъа керла заманца дохуш духар а...

Сюрреализм говзанча: ЮшаI ТIахирин кIант Замир -2-

Нохчийн суртдиллархо, Германера Суртдиллархойн Союзан декъашхо. Пачхьалкхашн юкъехь цIе йоьвзуш волу, ше инзаре суьрташ тIехь сюрреализм нохчийн менталитетца цхьан тухуш гойтуш, исбаьхьаллин говзанчаца ЙушаI...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img