Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

«Къоман духарна шолгIа са дала гIерта со»

«Gerem» цIе йолу духаран марка тайна тхуна интернетчохь. ЧIогIа хаза даьхна суьрташца тегна нохчийн духар гойтуш бара уьш. Ткъа керла заманца дохуш духар а дара иза. Тхо сатесна дара уьш муьлша а бу, мичара а бу хаа.

 


Милана Айдамирова К.


Оха яздина долу кехатна жоп деара. Такха цхьа жимма ша йовзийтара, тхуна жоп делар цо:

-Сан цIе Радима ю. Са 21 шо ду. Со тейпан Бено а йолуш цIеран Оьла-махкара ю.

Суна, сайн бераллехь дуьйна, хаара суо мила хир йу а, дахарехь айса хIун дийр ду, хIун лелор ду а. ХIунда аьлча, суна даима а пIохмаллийн белхаш хазахеттара. Цундела, юккъерчу школехь доьшуш йолуш хенахь ас сацам бира- со духар тоьгуш модельер хир йу. Духаран брендан цIе ‘Gerem’ тилла лиъна суна, сан дайшна сий деш.

Сан доьзало гIо дина суна корматаллийн харжам тIехь, тахана а гIо до цара суна. Карарчу хенахь гIон тоба йоцун дера, сан тоба сан доьзал а, доттагIий а бу. Иза, хьакхалуш хуьлийла лаьмнашка хьалвахар я кхечанхьа ваха-ван оьшучу муьлххачу метте, йа суьрташ, гайтарш даккхар хуьлийла –суна йуьххьехь берш уьш бу. Духаран стиль хоржуш хенахь вайн халкъан ламастех похIма оьцу ас.

Цхьацца наха гIорторш йеш суна меттигаш а хуьлу амма дукха хьолахь сан белхаш нехан дегнашкахь жоп оьцу. Цундела, йоккхайеш кхин а дика белхаш бан, къахьега а дог доуьйту цара сан. Цхьацца негатив хилча а ас тидаме цаоьцу.

«Gerem» цIе йолчу сайн проектца къоман духарна шолгIа са дала гIерта со. Мелла а керлачу кепехь уьш йан ойла а еш, кху замнахь цунна меттиг хилийта, уьш наха лелайан йиш хилийта а.

Духаран дизайн: @Gerem

Суртдаккхархо: Иман @sosoriiiii

 

     

Yazarın Diğer Yazıları

“Гомо сапиенс”

Массарна а хаьа наха мотт буьйцуш а, лелош а мел бу-мотт беха. Хенан йохалла дешнийн маьІна хийцадала тарло, амма орам хийца ца луш буьсу...

Къоман хелхаран, исбаьхьаллин са -2.гl дакъа

«Дог эца а, вай далаз дийна дуй хаийта а, даха дезаш дуй хаийта а, вай нохчий дуй дагадаийта а, деш долу хелхар» Нохчийн къоман хелхарча,...

Къоман хелхаран, исбаьхьаллин са -1.гl дакъа

«Дог эца а, вай далаз дийна дуй хаийта а, даха дезаш дуй хаийта а, вай нохчий дуй дагадаийта а, деш долу хелхар» Нохчийн къоман хелхарча,...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img