Петроглиф-шира мотт бу. Йоза кхоллале тейп-тейпанна Делехь-Кхоллархочух, замахь, Іаламехь лаьцна шира тешарш долуш дара, и хаамаш кхечарна дІакховдан цхьа кеп йезара. Элпаш гучудовлале иштта иза гІуллакх кхочушдора хьаьркаша а, малхан символаш а. Йозан меттан йоза дара иза. Малхан хьаьркан чулацам серло, дахар, беркат, зама, дуьне карладалар ду. Нохчийчохь 3500 сов* петроглиф ю евзаш. Уьш, дукхахь долчу хьолехь, тІулгаш тІехь а, хьехашкахь, кешнашкахь тІулгаш тІехь а, чуртан тІехь, бІовнаш тІехь а ган йиш йу.
Уггаре сих сиха ган йиш йолу петроглифаш йийца а, уьш гайта а лаьа тхан шуна цхьа жимма.
Петроглиф-шира мотт бу. Йоза кхоллале хьалхара замахь, тейп-тейпанна Делехь-Кхоллархочух, замахь, Іаламехь лаьцна шира тешарш долуш дара, и хаамаш кхечарна дІакховдан цхьа кеп йезара. Элпаш гучудовлале иштта иза гІуллакх кхочушдора хьаьркаша а, малхан символаш а. Йозан меттан йоза дара иза. Малхан символашшан чулацам серло, дахар, беркат, зама, дуьне карладалар ду. Нохчийчохь 500 сов петроглиф ю евзаш. Уьш, дукхахь долчу хьолехь, тІулгаш тІехь а, ширачу кешнашкахь, хьехашкахь, кешнашкахь тІулгаш тІехь а, чуртан тІехь, бІовнаш тІехь а ган йиш йу.
Уггаре сих сиха ган йиш йолу петроглифаш йийца а, уьш гайта а лаьа тхан шуна цхьа жимма.

Адаман уггаре хьалхара хьаьрка- тІулга тІехь «Куьйган лар» йу. Нохчийчохь а йу уьш. Куьг йаздаран, лаам а, хилар а гойтуш, цуьнах шен хьаьрка йан ширалле дІадоьду.
Нохчийн маттахь иза, «куьг таІуо, тІетаІо, куьйгаца тІетаІо» аларца дисина. «ХІара со ву, сан резалла ду хІара, хІара сан хІума йу/ду» – маьІан чулоцуш.
Иштта кхоллайелла хира йу куьгтаІоран шира кеп – шен долахь долчунна куьйганца билгало.
«Юьртабахаман белхаш дІаболорца а, чекхбовларца а догІуш, шо шина декъе доькъура нохчаша: йовха хан-аьхкенан хан а, Іаьнан- шийла хан а.
Шо иштта декъадалар билгалдоккхура маьлхан боламан шина муьрца: аьхкенан а, Іаьнан «малх цІа кхачна ханца“. Халкъан кхетамехь малхан ши «цІа» ду – «аьхкен цІа» а, «Іаьнан цІа» а…
Нохчийн петроглиф – «Маьлхан зезаг». Цо масала шеран цикл гойту. Шо йалх декъе декъна ду цигахь; хІора дакъа шина декъе декъало, жамІехь 12 рузманан мур (бутт) луш. Цуьнца цхьаьна шо иштта доькъу шина декъе, малхахь доьзна долу аьхке замана а, Іаьн замана а гойтуш.
Шумерашна хаьара цуьнах лаьцна хаамаш, цхьа гуо бекъабеш, цара лелайора кхузткъеиттанийн система (бух 60). Сахьт 60 минотана, миноташна 60 секундана, гонна 360 декъе (6×60) декъаран бух бу иза. И система кхоллайелла йу боху шумерийн вайн эрал III эзар шо хьалха.
БерхІитта дакъа долу петроглиф. (4 сурт)
БерхІитта зІаьно гуо боькъу шина цхьатеррачу декъе, догІуш долу Іаьнан а, аьхкенан а малх стиглан «цІахь» латтаре хьажна. ХІора хьаьрка- эхашеран цхьа цикл йа маьлхан цхьа шеран ах хан.
Изза гойту гонна хьалха йаьккхинчу кхосаберг кепехь йолу элементо: иза йуккъехула хадийна йу, цо билгалдоккху шина декъан декъа – «стигалан сту» йа «маьлхан сту» ши маІаш санна. Изза чІагІйо лакхахь а, лахахь а йолчу шина кхосаберго. Хууш ду, кхосаберган маьІигийн барам 180° бу, иза догІу гонан/шеран эханца; цундела ширачу символикехь шиъ кхосаберго билгалбоккха буьззина гуо, иза а дийнна шо хуьлу.
Хой эвлахь чуртан тІехь йолу петроглиф.
Хой йуьртарчу кешнашкарчу кошан тІехуларчу чуртан нартол тІехь йу иза. Кхузахь ши кхосаберг йу, баххьашца вовшашна тІейерзийна йолуш. Цо гойту го шина декъе бекъабалар, цигахь шина кхосаберго гойту маьлхан циклан дуьхь-дуьхьал- ах шеран билгало.
Билггал и хьаьрка тІаьхьо гучайаьлла йолу «ДаІудан/ Давидан седа» йевзаш йолчу хьаьркан бух бу ала мегар ду, цу тІехь тІедиллинчу шиъ кхосаберго йуха а гойту маьлхан шо, дуьхь-дуьхьал долу дІадолораш цхьаьнатохар а. Ша чурттан тІехь гайтина «маьлхан зезаг», цу тІехь гайтина шо шен йалх сезонца а, шийтта баттаца а. Гонан лахарчу декъехь, шина а агІор, жима ши го бу, шо шина декъе декъадалар билгалдоккхуш – Іаьнан а, аьхкенан а зама.
Петроглифашна йукъахь хаало кхосаберган, квадратан, биъсаберг, нийсасаберг, гонан кепаш – оцу йерриг фигурашан цхьа чулацам бу- шеран цикл 360 де гойтуш. Кест – кеста нисло кхосаберг а, ах квадрат йа нийсасаберг петроглифаш. Цара шеран цхьа ах дакъа билгалдоккху-180 де- а Іаьнан, аьхкенан мур. Кхаа дІасакъаьстачу гаьннашца болу го хьаьрко гойту кхаа кхузткъе итт дийнан кийсиг – шеран ах гуо.
Шира заманахь бехаш хилла болу нохчашшна говзанчашна петроглифан а, хьаьркан , фигурашца хан хІун йу, цуьнан маьІна а, цуьнах лаьцна ойланаш, билгалонаш а дІайалар дара церан Іалашо.

Аьккхха, ВІовгахь «Кхоъ га долу малхан» петроглиф.
ЧІеберлой тІера Фортанге кхаччалц лаьмнийн Нохчийчоьнан тІулгийн блокаш тІехь, бІаьвнаш тІехь Маьлхан символш йу.
Трискелион (трискель) – шира петроглиф, цуьнан кхо саттийна сиз ду, уьдуш когаш санна йа спиралаш санна, цхьаьна гон тІеран арадовлуш. Маьлхан лелар, цуьнан схьакхетар, зенит, малх чубузар, хенан лелар, Іаламан ницкъийн баланс а, кхоъ цхьаалла а (латта/хІорд/стигал йа дахар/Іожалла/йухакхолладалар) символ йу иза.
Кхин кхетам бийцича а: шеран йалх декъан кхааннан билгало ло-шеран гонан/циклан цхьа ах. Уллехь гайтина ду ах квадрат и маьІна тІечІагІдеш: квадратан ши маьІиг йогІуш йу 180 денца, Іаьнан, аьхкенан «малх цІа кхачар» ханца (солнцестояние/gündönümü). Петроглиф жимма йохийна йу, амма йукъара композици йеша тоъал билгале йу. И фигураш цхьаьна гайтина йу, хІунда аьлча уьш вайна билгалонаш йуьцуш цхьана хьаьркийн системин элементаш йу.
«Квадратан ах, йа цуьнан ша ша ши дакъа» петроглифаш, билгалдоккху шеран ши дакъа 180 де – Іаьнан а, аьхкенан а. Вуьшта аьлча, йуха а, буьззина шеран го, шина цхьатеррачу муьре бекъна бу.
Нохчаша маьлхан гуо боькъуш – малхо дийнахь-бусий го баккхарна хьажна шина декъе боькъура, шийтта сахьте хуьлуьйтуш хІора дакъа.
Дийнах шийтта сахьт билгалдоккхура малх, де, серло гойтучу сизашца.
И хьаьркаш «Маьлхан малик» билгало й ара – серлонан боламна урхалла дечу стигалахь болучу ницкъан боьзна символ. Цу ницкъан цІе дукхахь хьолехь “Іу” йара, нохчийн маттахь «тидамбийриг», «ларвийриг», бохург долуш. Изза кхузаманан нохчийн «Іуйре» , « Іу» дешнашкахь ду.
Маьлхан диск а, диттан шеран чІуг а царадуьненчуран Іаламан цхьа принцип санна тІеоьцура- къевлина дийнна го. Диттан гІад тІехь хІора шарахь керла чІуг гучуйаларо гойту цхьа маьлхан цикл чекхйалар.
Геометрин го хьаьрканца ширачу говзанчаша кхоьллина хан йагарйан система. Де-буьйсан, шеран цикл цхьатерра шинна декъе декъадалар принципехь доьзна ду.
Го – хенан символ санна – сахьтан, минотан, секундан кхетаман бухе биллина бара. Цуьнах, хьалха санна, дерриге а дуьнено тахана а пайдаоьцуш а бу. Шира говзанчаш дика кхетта хилла геометрин а, хенан а уьйра хилар.
БархІ кхосаберг схьаэцахь, масала, Иштар (Венера) седан символ санна – Іуьйренан а, суьйренан а седарчий, – церан жамІеш 1440 минот йу, вуьшта аьлча дуьззина де-буьйса хуьлу цуьнах. Иштта хІора маьІиг а, сиз а шен маьІна, барам долуш дара.
Ширачу нохчий говзанчаша гон йа квадратан жІараца гойтуш хилла хан лара принцип.
Говзанчашна хаьара квадрато а, гоно а хенан дийнна цикл чулоцуш хилар, гайтаме кепаца бен къаьсташ дац уьш.
Де а, малх а, серло а билгалйоккхучу шумерийн (нохчийн) пиктограммица йогІуш йолу соляр символ – йиъ зІаьнарш йолу маьлхан диск. Аьрру агІор пилти тІехь гуш изза символ йу, амма кхечу кепехь йина – «Гончохь жІар» петроглиф. Цу кеппара говзанчаша го беа кхосаберга боькъура, кхосаберган маьІигийн барам 180нна богІуш хиларна кхетамца-хенан барам.
Шеран цикл дагардечу хан и барамаш деношца богІуш бара, ткъа де- буьйсанан хан-миноташца. Иштта, кхин агІор аьлча, хан йагарйар кеп-де сахьташна а, миноташна а декъар.
9 суртан тІехь гайтина хьаьркаш: малх схьакхетар сенаш гойтуш ду – хьала хьажийна долу Іодан сизашца. Аьтту агІора охьа хьажийна сенашша гойту делкъера малх чубуззалц йолу хан – дийнан шолгІа дакъа. Къаьсттина тидам тІебохуьйту композицина чохь тІадамаша: хІора кхосабергчохь уьш кхоъ болуш – иштта шийтта хуьлу. Схьахетарехь, шийтта тІадам дийнан хенан шийтта сахьтаца богІуш бу. ХІора кхосаберг кхаа сахьтан 180 минотан билгало ло.
Квадратан шина а агІор, Іодан сизашна йукъахь, кхо тІадам бу, цуо тІечІагІдо квадратан хІора агІо, кхаа кхосабергехь йекъна хилар, иштта иза кхаа сахьтаца догІуш ду.
ЦІоьнтаран кешнашкахь чуртан тІехь петроглиф. Цигахь гуш ду, шира говзанчаша дийнан маьлхан хьаьрк исбаьхьалла кепе дерзийна хилар.
Цара цигахь кхосабергаш зезаган кепехь диллина- серло йалан а, маьлхан леларан а билгалонан символаш. Ткъа кхечу суьрта тІехь изза кхосаберг деган кепехь йиллина – серлонан а, дахаран а, ойланан а билгало.

етроглифан квадрат чохь жІар йу – гуонехь жІар санна йолу цхьа ойла дІалуш йолу хьаьрка. Вуьшта аьлча, йуьззина цикл йеа цхьатеррачу декъе йекъна-кх. Гуо – шо билгалдаккхархьама, ах квадрат – ах шо, ткъа ша квадрат- цхьа де.
Петроглифан лахахь гуш кхин цхьа жІар йу, хетарехь, лакхара хьаьркашийн маьІан чІагІдархьама йиллан хила мега.

12 петроглифо вайна йуха а го гучохь жІар гойту – дийнан хенан билгало.
Цунна аьтту агІор гайтина кхин тІе элемент, го беа кхосаболчуьнга бекъаран принцип санна, дийнан хан хьесапе эцархьама. Цу композицига хьаьжча, 4 кхосаберг аьтту агІор йуьхьанца хилла, амма тІулган кийсак йохийна, цуьнан дакъа дайна.
Оцу петроглифаша гойту, мел исбаьхьа хаалора шира нохчийн говзанчашна маьлхан хан а, болам а.
Царна хІора сиз а, маьІиг а, тІадам а шайн маьІна луш дара – дерриге а цхьана системан дакъа долуш: геометри а, тергам а, хаам а, тешар а цхьана цхьаьнатухуш йолу систем.
ТІаьхье хира йу..
Хьосташ:
*Ильясов Л.М.Диссертиция доктора наук : Петроглифы Чечни как источник по истории материальной и духовной культуры населения Северного Кавказа (I тыс. до н.э. – вторая половина II тыс. н.э.) тема диссертации и автореферата по ВАК РФ 00.00.00. Москва
1. Мадаева З. А. Народные календарные праздники вайнахов. Грозный: Книга, 1990.
2. Мадаева З. А. Народный календарь чеченцев и ингушей // Советская этнография. 1980. № 6. С. 78–86.
3. Хасиев С.-М. А. Календарный год у вайнахов // Новое в этнографических и антропологических науках. Итоги полевых работ Института этнографии АН СССР. М., 1974. С. 197–205.
4. Facebook.com: Яхьяев Хизаран, Ber’s Erk Neberu, Саламбек Ташуев, агІон тІехь публикацеш.
5. Фото: Tamara Taisumova.







