Истанго, ше ширачу орамашца, нохчийн культурехь йоккха меттиг лоцу. Истанг-тІаргІах бина, бос болуш, аппликаци кепехь, къоман хьаьркашца, суьрташца кечбина болу нохчийн куз бу. Петроглифаш/хьаьркаш вайн къоман йоза санна ду, истанг а- вайн къоман сурт ду. Истанго вовшахтуху дерриге: йоза, суьрташ, хаамаш, дийцарш…
ХХ бІ. шарашкахь Нохчийчохь хІуманаш басарйан гІуллакх доьзалан шейн цІахь беш болх совнаха, арахьа беш балхахь бирзина бара. Дубин-эвла, Ведана, Девкар-эвла, Нойбера, Шела, Шира АтагІа санна йолчу эвлашкахь леррина басар белхан пхьалгІанаш кхоллайелла йара. Цу чохь болх беш бара 3-5 стаг белхалой. Масала, Дубин-эвлахь йоккха басаран пхьалгІа йара, шен кІоштан хилла ца Іаш, Шуьтахь Іаш болу нехан а хьашташ кхочушдеш. Т. Шавлаеван хаамашца «белхан йовха муьрахь» (гуьйран тІаьхьара зама – бІаьстен хьалхара зама) оцу цхьан пхьалгІахь, цхьа Шуьйтар схьалаьцца ларахь, 500 истанг басар бора. (2, 3, 4)
О. В. Маркграфса 1882 шарахь, басарийн гІуллакх нохчийн кІошташкахь цу хенахь чІогІа даьржан ду, аьлла йаздина. Цу гІуллакхан тІехь къахьоьгуш пхьалгІа- чоьнаш чохь, цхьа доьзалан верриг хуьлу, аьлла йаздина цо. «Тоьар долчу ахчанах уьш болче (пхъегІашка) нах богІу шейн хІуманаш басар йан. Гуттар тІаргІа хилла ца Іаш, кийча хІуманаш а басар йо цара». (1)
Басардаран гІуллакхан раж иштта йара: кечйина «чорпан» (басаран кегам/эдар) йай чу кІади дохьуьйтура, цхьабосса бос хилийтархьама хьалха тІадийна долу. Басар дийр долу истанг деккъа кІайчу тІаргІанах деш дара. Оьшучу басе хьаьжжина тІетухура тайп-тайпана муьсталгаш, къонза, туьха, муьста цІазамаш, тейп-тейпан бецаш.

Истанг тІе дуьллуш долу суьртан бустам тІе буьллура, тІуьна горгамца йистош нисйора, тІунйора, цул тІаьхьа бустам тІе ахар тосура-тІуьналла сихонца дІайалийта. Цул тІаьхьа аппликаци хадайора, шина а агІор бух тІехь чІагІйаш. ХІора элемент истанган йозанна йукъайогІуш шейн меттиг лоцура. Аппликаци дІайирзинчул тІаьхьа йистош чечакхца хазйеш ниссайора йа йистош кІадица дІакъовлура. Аппликаци йоцуш куза а бора амма церан технологи аттаха хиларца, мах лахара бара. Дукхах хьолех нохчийн кузан тІехь хуьлара маьлхан, ораматийн, дийнатийн символаш а, шира петроглифаш а. Царехь коьрта йолучарехь йу хІорш:
«ЖІар» – ширачу заманахь дуьйна йу маьлхан делан билгало.
«Трискеле» – маьлхан стиглахь лелар вастех йолчарехь цхьаъ йу, цуо гойту серлонан болам, цуьнан кхоъ коьрта муьренаш хилар-малх схьакхетар, малх цІа кхачар, малх чубузар.
«7 зІаьнарш болу седа» – схьакхетачу маьлхан билгало.
«4 зІенара седа» – некъан, буьйсан боданан серлон билгало.
«Спираль-чухьийзарш», «шалха чухьийзарш» – цо гойту дахаран хийцам, болам – юкъе чу йа юкъера дІа.
«Кхо ког», «Биъ ког» хьаьркаш» – «Свастика» -, буьйса дийне йерзош йолу, стиглахула малх леларан билгало. Ша дош «свастика» схьадаьлла санскритан дешах «шорто-шорталла» маьІан долуш.
«Дахаран дитт» – лаьттан а, стигалан а, адаман а, Делан массо хІуманан а йукъара уьйр а, нийсо а хиларн билгало йу. И билгало абаде, юхьа а дендалар, токхо-хьекъар чулоцу.
«ТулгІе» – син дахар луш долу хин символ.
«Сай» – иза малхаца, цуьнан схьакхетарца, серлонца, цІеналлица, цІиндаларца, дендаларца, кхолларца, синбахамаллица доьзна сурт ду.
«УьстагІ» – малхан а, токхон а, ткъа иштта Іаламан кхоллараллин а, ницкъан а васт ду.
«3 патарш» – кхоъ патар долу хьаьштарг буц, цо гойту дийначу Іаламехь гуш йолу Делан корматалла (кхоллархон корматалла).
«ЗІийдиг, кхуьу хІу» – дахар дІадахьаран а, токхонан а билгало.
Мартан-чура яхархочо Сугаипова Зайнапас «Донди-Юрт» этнографин музейна дІаделла истангахь лаьцна цхьа дийцар ду тхуна хиъна. Цу дийцар чоьх: 1944-1957-чу шерашкахь церан доьзал Казахстанехь бехаш бара (вай дерриге цІера даьккхина долуш хенахь). Даймахках болчу сингаттамо царна (церан доьзална) церан коьрте цхьа ойла еана хилла- шайн даймохк дагабоуьйтуш цхьа истанг дан деза вай, аьлла. Дукха хан ца йелира и истанг дин боьвла уьш. Цхьан доьзалан куза хилла ца Іаш, массо гондаха вехачу нохчин а бара иза. Цара истанг пена тІе хьалаоьллича, гергахь бехачу берриг нохчий хазахеташ цаьрга и истанг ган бохуш хилла. Цуьннахь куьг хьоькхучу хенахь бІаьрхиш сацдан хала хуьлар царна, бохуш дуьйцу Зайнапас. Ваьлхар дохура стагна.
2024 шарахь Росси пачхьалкхахь арахийцира нохчийн истанган сурт тІехь йолу марка.
Истанган суьрташ тІера пайдаоьцу нохчийн суртдиллархочо Самбиев ИбрахІимс, Тайсуева Тамарас кхин дІ а…
1974 шарахь арабаьлла истангашшехь лаьцна чІогІа ладаме болха (5) Соьлжа гІалахь, цигахь суьрташца гайтина Нохчинчоьран а, ГІалгІайчоьн кузанаш. Цу жайнан автораш бу Татаев и Шабаньянц и.
2021-чу шеран Лахьанан беттан 27-чу дийнахь Соьлжа-гІалахь дІайаьхьира Турцера Іилманча, нохчи волу Йылдыр Эролан «Нохчийн истанг» цІе йолу жайнан презентаци (6).
«Нохчийн истанг» жайна чоьх 150 шо хьалха Нохчийн мухаджираша Хонкар махка шаьш дІадоьлху хенахь дІабаьхначу истангашшехь лаьцна дуьйцуш, суьрташ далош, Іилманан болх бу. Ерол Йылдыран цхьа а хаам боцуш, хаттаза алазза къола дина, кхечу пачхалкхахь и болха шейн болуш санна, арахецна. Нахана юкъехь а, Іилманан дуьненчохь а, товша доцуш осала хІуманаш ду уьш. Массарна хууш ду- цу белхан автор Ерол Йылдыр хилар.
Истанг нохчийн халкъан культур кодан элемент санна вай дахарна йухадерзо гІерта вай махкахь. Исбаьхьаллин а, Іилман а проекташкахула, нохчийн куза айба, цунна «чу садилла» къахьоьгуш нах бу. Культуран тІаьхьало Іалашйарна фестивалийн гайтамашкахь ган йишйу уьш.
Тахан лерачу дийнахь Нохчийчохь истангаш шуьйра лелош дац, цхьаццанхьа шейн чу билла, йа «сувенир» меттан бина бухкаш, лаьтташ ду гІуллакх.
2026-чу шеран Асаран беттан 19чу дийнахь Нохчийчоьх Соьлжа-гІалахь дІайаьхьира «Нохчийн истанг: истори а, вайн зама а» цІе йолу конференци. Конференцехь къаьсттина тидам тІебахийтира вай ладаме культур ларйарна а, керлачу чкъорна, мехкан тІаьхьенна дІаковдадан а. Оццу деношкахь А.Айдамиров цІарах йолу Къоман библиотекехь дІабаьхна истангаш гойтуш гайтам. Цу гайтамехь гайтина мехкан тайп-тайпанчу кІошташкара схьагулдина кхузаманан истангаш а, шира истангаш а. Ткъа иштта истанг дан ламасталлин техник ражан мастер-классаш а йира цигахь.
Программан гурашкахь къамелаш, хетарш а дуьйцуш, хаттарш деш, тематик докладаш йина. Халкъан исбаьхьаллин белхаш а, музейн гІуллакх кхиор а, дуьйцуш, истанга дарн говзанчойшн къийсамаш хиллера цигахь. Вай вайн культура ларйеш, дола деш, дІасхьайаьржош, болх бан безар- коьрте эцна, кхузаман юкъе шира къоман ламастан говзалланаш а, белхаш а юхьа схьа муха далор ду, муха пайда эца йиш йу, бохуш къамелаш хилла. Дала мукъалахь, кхиамаш хира бу церан цу хьокхехь.

1. Маркграф О.В. Очерк кустарных промыслов Северного Кавказа с описанием техники производства. – М., 1882.
2. Шавлаева Т.М.. Из истории развития шерстяного промысла чеченцев в XIX – нач. XX вв.: историко-этнографическое исследование. Диссертации и автореферата по ВАК РФ 07.00.02, кандидат исторических наук. 2006.
3. Шавлаева Т. М. Искусство окрашивания изделий и понятие цвета у чеченских народных мастериц. Вестник № 2. История.Киберленинка.Удк 39=351.42.
4. Шавлаева Т.М. ПЭМА (Полевой этнографический материал автора). Раздел «Крашение». 2006.
5.Татаев В.А., Шабаньянц Н.Ш. Декоративно-прикладное искусство Чечено-Ингушетии.Чечено-Ингушское книжное издательство. Грозный.1974. С.51
6. Эрол Йылдыр. Чеченский истанг: традиционное войлочное ремесло чеченского народа. – Грозный: ООО Медиа-Полис, 2021. – 256 с. – 1000 экз. – ISBN 978-5-6044727-0-5.
7. Казбек Г. Н. Военно-статистическое описание Терской Области. – Тифлис: Отдел генерального штаба Кавказского Военного Округа, 1888. – С. 187.
8. Сулейманов А.С. Топонимия Чечено-Ингушетии. Ч. 4. – Грозный, 1985.
9. Труды первого съезда деятелей кустарной промышленности Кавказа. -Тифлис, 1913.
10. Wikipedia.org. Истанги.
Фотографеш: Студенецкая Е.Н. (1964,1965), Тайсумова Т., Йылдыр Е., Нохчийчоьн къоман музей, интернет.







