Йешархошна дагадоуьйту оха, таханлерчу дийнахь 3500 сов петроглиф йу Нохчийчоьх карийна хууш (Леча Ильясов). Дуккха а историн меттигаш хІинца а теллина йац вайн. Цу тІехь тахана а белхаш дІахьош бу Нохчийчоьх.

Нохчийчоьн а, Дагестанан а архитектурин гІишлойн петроглификехь темах а, семантиках а, стилистиках а хьаьжна петроглифийн ворхІ тоба билгалйаьккхина йу хьосташках:
1. Йозанах тера хьаьркаш (рунаш а, элпашна тера йозанаш а).
2. Дуьнен кхетамахь а шира тешаршах лаьцна: жІараш, спиралаш, триквестраш, маьлхан хьаьркаш, лабиринташ, S-гуш хьаьркаш, «вавилонийн» хьаьркаш, свастикаш.
3. Адамийн суьрташ (антропоморфни фигураш). Дийнатийн суьрташ (сеш, кхидолу дийнаташ, бераш).
4. Адамийн ког-куьг лараш, дийнатийн бергийн лараш кхин дІа а.
5. Дахаран гайтам суьрташ: талларан, хелхарийн йа тІеман тасадаларийн суьрташ (бІаьвнийн комплексан пенаш тІехь хаало).
6. Геометрин йозанаш (орнаментан мукъам-сизнаш).
7. Архитектуран а, декоратив орнаменташ а: вовшахъхьерчарш, йина хІуман йисташ, мегалит конструкциш тІехь, юккъера бІешерийн Іибадат чоьнашан тІулгаш тІехь. (В. Марковин, 1988 ш.)

Нохчийчоьх уьш ерриге а ган йиш йу. Царна йуькъера цхьацца масалш йалош оха кхин дІа а йовзийтар йу шуна и хьаьркаш.
Петроглифийн коьрта хьаьркашехь цхьаъ йу «Маьлхан» символаш. Уьшша вай вайн эрал III–II эзар шо хьалха дуьйна схьа йу. «Биъког», «Кхо ког» хьаьрка йа кхечу агІор цуьнах «свастика» олу – стиглахула маьлхан леларан билгалон хьаьрка йу иза. Нохчийчоьх тейп-тейпан йу уьшша. Масала: нийса са болу (ХІим бІаьвн чувоьду чохь, Маьлхистан Терттие, Ведан Хьаркъаруо), гома сиз болу (Итон-Кхаьллахь а, Зингалахь а йу). Тейп-тейпана говза кечйинаш йу, масала: аьрру агІор йирзийна, аьтту агІор йирзина, горга йуьхьигаш йолуш, нийса генаш долуш, йиъ-кхо маьІиг йолуш, Т-кепара, горга чухьоьвзан сизнашца (спиралан). Уьш ган тарло дукхахь хьолехь шира цІенош, бІоьвнаш, гІишлош тІехь, чуртанаш тІехь а, масала: Хой, Макажа, Зумс, ТІалкхелли эвла, и. кх. дІа. «Биъког», «Кхо ког» хьаьрка (Свастика)- абаде, дуьне, малх бу. Нохчаша 1944-чу шарахь вай дай цІеран дохадаллалц кешнашкахь чурт тІе хІоттайора и хьаьркаш.
ЖІаран хьаьрка а хийла нисло дуьненан йуккъера бІешерийн лоруш йолу нохчийн гІишлошкахь. ЖІар хьаьрка нохчийн лаьмнашкахь дуккха а бІовнаш тІехь, къаьсттина неІарна тІехула долчу арканан тІулгаш тІехь ган йиш йу. ЖІар- хІайкал санна йара чоь массо вон хІуманехь ларйеш. Масала, МІайстан Дакан-чоьх, ЦІайн-Пхьеда некрополна гергахь йолчу Кошан тІеман бІов тІехь, Маьлхистехь, Никаройн тІеман бІов тІехь, Шаро-Оргехь, Орган чІожашкахь дуккха а цІа-бІовнаш тІехь и. кх. дІа а.
Уьш а тайп-тайпана йу. Масала; гуочохь йиллин жІар, жІаран гуонаха тІадамаш долуш, нийсасаберг чохь жІар, гома белш йолу жІар, «мальтин» йа гуьржийн ЖІар, Ж-и Т-и кепара жІараш. ЖІаро а билгало бора малх, дуьненан 4 агІо, шеран хенаш. Гуочохь ЖІар а, тІадамаш йолу жІар а стигал тІехь болу малх билгалбоккху. ЖІаран гонахахь 4, 9, 12 тІадамца гойту: 4 -уьш дуьненан агІонаш йа шеран хенаш, 9 -йуьртабахаман беттанаш а, 12 -рузманан бутт а. Цхьацца йолу масалш оха хІара тхайн газетан хьалхарчу лоьмарчохь далийра. Ж-и Т-кепара жІараш ЦІайн-Пхьедах карийна ду. Топологехь йисина керсталлин лараш а йу вайн. Масала: ЦІайн-Пхьедан къилбехьа «ЖІаре» цІе хилла йуьртан шира херцарш йу.
Хьовзан сизнаш-абаде хьаьрка, спиралеш. Спираль-иштта йаьржан петроглифех цхьаъ йу, адаман дахар а, Іожалла а, цуьнан эхарте боьду некъ гойту (Моцкара Нашха, МІайста, Зумса к. дІ. а)
Седан хьаьркаш йу, масала Моцкарехь, шира чуртанаш тІехь.
Зезагийн «Розеткаш» а, кІайдаргаш а рузманан хьаьркаш лорура: диъ зезаган патаргаш – билгалдоккхура дийнна шо, кхоъ – йуьртабахаман цикл. Башха петроглиф Хаскали Шула бІов техь карийна йу- чучча гонашца кхо спирал кепехь- Итто, Салкх (Сатурнан) билгало лоруш йара иза. КІайдарган кепехь хьаьрка-Нохчийчоьх йоцург, ерриг Кавказехь цхьаннахьа аналог йан а йац (ХІимахь Зингала меттиг).
Кобанан культуран хьаьркаш карйина шортта: абаде (чаькхе йоцу) хьаьркаш, лабиринташ, шалха хьоьвзан сизнаш, горгйина йуьхьигашца а, нийса са болу а, тайп-тайпана свастикаш, адаман куьйган лараш, лаьхьанан суьрташ, дийнатийн а, адамийн а сибаташ. (Зумс, Майстан пен, Алханчуртан барз (2025 ш.)
Хьаьркаш муха еша еза, масала: 1 Петроглифа тІехь аьрру агІор го бу, цхьабосса беа бекъна вовшахкхетачу сизашца, цара кхуллу жІара, йуккъех вовшахкхеташ. Фигура йекъало йеа кхосаберг кепехь (С. Ташуев).

1 Петроглифехь аьтту агІора гайтина геометрин сурт X-кепара дІасакъаьстачу сизийн кепехь, цара кхуллу йиъ маьІиг. Царах кхаанна чохь къаьсташ кхосабергаш йу, йоьалгІа маьІиг- тІулган и дакъа кагдина ду. Оцу меттехь иштта кхосаберг хила а тарло, амма фрагмент дІайалар бахьана долуш сурт дуьззина ца го.
Тхан хьалхарчу лоьмар чоьх оха ма дийцирра, сенийн барам 180 градус йолу кхосаберг 180 минот йа 3 сахьт лорур, аьлла. Цу кеппара, 720 градус луш йолу йиъ кхосаберг 720 минот йа 12 сахьт хиларан билгало йу.

2 Петроглифо йеакІов хьаьрка гойту, амма иза агІошца бен ца го. Цхьана сонера вукху соне кхаччалц диагональ йина, ткъа цунах тера диагональ вукху сонера а йаьккхина, хьалхарчунна тІера дехьа а йолуш, йиъ кхосаберг кхуллу. Кхин тІе сизаш даьхна чолхечу диагоналашна уллохь, цо къастайо и кхосабергаш.

Иза маьлх сахьтан чІогІа универсальни петроглиф йу, кхосаболчеран а, сизийн а гІоьнца 12 сахьтан хан (де) гойтуш. Цо кху схемица хан цхьатеррачу дакъошка йоькъу. Диагоналаш вовшахкхетча кхоллалуш йолу йиъ кхосаберг квадратан агІонашца лаьтта, 12 сахьтан символ а йу. ХІора маьІІера къаьсташ долчу тІетоьхначу 12 сизо билггал гойту 12 сахьтан хан.

3 Петроглифо гойту йиъ йеакІов хьаьрка гойту, царах хІора а диагоналашца йекъна йу йеа нийсачу кхосаберган. ХІора йеакІовчохь ши диагонал юкъехь вовшахкхета, иза йеа кхосабергах а йоькъуш. И йиъ кхосаберг 12 сахьтан дийнан хенан билгало йу.

5 Петроглифо гойту гуо а, ши кхосаберг а, вовшашна тІейирзина.
Гонна йуккъехь шина кхосаберго дуьненан ши ког билгалбаккха тарло: маьлхан серло а, латта а, божарийн са а, зударийн са а. (Васар кхаьла, Аьккха, Зумс, Нашха кхин дІа а.)
Йозанел хьалхарчу хенахь иштта кхетамаш дешнашкахула дийцина ца Іаш, петроглифашца а, церан композицешца а гойтура наха. Гонна йуккъехь ши кхосаберг цхьаьнатохар- дахар кхолладаларан символ лорура – Далас хІоттина болу маьлхан серлонан а, лаьттан а юкъехь низам хилар гойтуш. Нохчийчоьх шортта хьаьркашийн композициш йу.
Нохчийн маттахь «са» дешан орам маьІиг, кхосаберг хилла ца Іаш, иштта боьзна бу серлонах, дуьнен а стеган синах а болучу кхетамашца. Цхьа хьаьрко цхьаьнатухура масех тІегІа – физикин, дахаран, ламастан. Цундела йозанел хьалхарчу хьаьркийн системехь кхосаберг геометрин фигура хилла ца Іаш- дахаран а, серлонан а, дахар кхолладаларан чулацам болуш йу.
Петроглифо истори ца йуьйцура, амма шен Іалашон принцип билгалйоккхура: декъар/хІуман дакъош а, цхьаьнакхетар а, цхьаьнатохар а, малха-серло а, бода-латта а, стеган са-неха синош (воІ- дахаран йухь– йоІ- дахаран йуьхь). Церан кхетам чоьх, вай кхоьллинчу Дело хІоттийначу дуьненан, Іаламан, нахан юкъехь болу низамца. Иштта 6 декъе бекъна гуо а йозанан хьалхарчу муьрехь кхолларан 6 космологин муьран билгало хила тарло. Оццу геометрин кепехь гойтуш йара 7 стигалан а, 7 лаьттан а шира модель – йозан хьосташкахь иза йийцале дуккха а хьалха (С. Ташуев).
Тхан газетан гурашкахь тхан дийца а, гайта а йиш йац 3000 сов билгалйаьккхина йолу нохчийн петроглифаш йерриге. Далучу барамехь шуна гайта, дийца гІиртан тхо. ХІора дийнахь керла хаамаш гучубовлу нохчийн исторех а, культурех а лаьцна. Дукха хан йоццуш, 2025-чу шарахь, Нохчийчоьх Іалхан-гІалахь карийна IV-чу бІешарийн аланийн Іэлий дІабоьхкина барз-каша, а-масала.
Дуккха а нохчийн суртдиллархой бу шайн сурташ тІехь нохчийн шира хьаьркаш лелош, царна юкъахь ву Юшаев Замир, Яхиханов Рустам, кхин дІа берш а. Дамашев Муслимас, масала, уьш хІинца долу дахаре ерзо сацам бина, дукха хан йаллале арахийцира «Даймехкан йозанаш» цІе йолу керамик гипсехь йина йолу суьрташан серий.



Хьосташ:
1. Арсанукаев Р.. Большой каталог: «Чеченские петроглифы». Париж: Министерство иностранных дел Франции. 2000г.127стр.
2. Ильясов Л. «Петроглифы Чечни как источник по истории материальной и духовной культуры населения Северного Кавказа (I тыс. до н.э. – вторая половина II тыс. н.э.)» по специальности 5.6.4. – этнология, антропология и этнография (исторические науки). Отдел Кавказа ФГБУН Ордена Дружбы народов Института этнологии и антропологии им. Н.Н. Миклухо-Маклая РАН Научный консультант: д.и.н., профессор, член.-корр. РАН С.А. Арутюнов. Диссертация опубликована на сайте ИЭА РАН 04.06.2024
3. Мадаева З. А. Народные календарные праздники вайнахов. Грозный: Книга, 1990.
4. Мадаева З. А. Народный календарь чеченцев и ингушей // Советская этнография. 1980. № 6. С. 78–86.
5. Хасиев С.-М. А. Календарный год у вайнахов // Новое в этнографических и антропологических науках. Итоги полевых работ Института этнографии АН СССР. М., 1974. С. 197–205.
6. Facebook.com: Ber’s Erk Neberu, агІон тІехь публикацеш.
Фото: Tamara Taisumova, И.Пальмин, М.Борщигов, А.Берсаев, Л.Ильясов.







