Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Wildberries компани: Балха ца оьцу бохург «фейк» йу аьлла

Baza-н хаамца, Дагестанера вахархо Домодедово балха хIотта вахча, хьо Дагестанера ву аьлла, балха ца эцна.


Нохчийчуьра, Дагестанера схьабаьхкина нах балха цаэцар шен белхалошна дIахьедина ду интернетехула хIуманаш йухкучу Wildberries компанехь, аьлла дIахьедира Baza телеграм-канало, шега и аьлларг мила ву ца дуьйцуш. Амма фирман пресс-белхалоша шайн Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь и бакъ дац, и хаам «фейк» йу элира.

Baza-н хаамца, Дагестанера вахархо Домодедово балха хIотта вахча, хьо Дагестанера ву аьлла, балха ца эцна. Цкъа хьалха церан белхалочо-зудчо аьллера иза, йуха неIаран гIаролехь волчо тIечIагIдира. Видео тIехь неI ларйеш волчо боху шен компанин уставна тIехь Нохчийчуьра а, Дагестанера нах балха ма эца аьлла ду. «ХIун дийр ду ахьа царна?»

В Wildberries и хаам харц бу аьлла. Кавказ.Реалии сайто шайга хеттарш делча, «бакъ дац, тхан логистикан комплексашкахь масех эзар стаг цу аша йуьйцучу регионашкара ву аьлла», ткъа журналисташа «доцург дуьйцу».
«Baza» журналисташна экскурси а-м йийр йу аса, эшахь, Нохчийчуьра, Дагестанера болу нах а гойтуш. Цара шаьш дуьйцур ду шуна шайх лаьцна. Шайн балхах лаьцна а.

«Baza телеграм-каналана и тайпа дискриминацеш оха ца лелайола дIа а хоуьйтуш, уьш Нохчийчуьра а, Дагестанера а тхан белхахошца цхьанакхетийта йиш йу тхан. Цара дуьйцур ду шайн Wildberries компанехь болчу балхах а, цара лелочу дискриминацин хаамийн политикех шайна хетарг а», – аьлла ду компанин векало деллачу жоьпехь. (radiomarsho)

Yazarın Diğer Yazıları

Kahvaltı ve imza günü…

Çerkes Kültür Evi’nin 19 Nisan Pazar günü saat 11.00’de başlayacak pazar kahvaltısının konuğu yazar Lider Erşan. Yazarın Cinius Yayınları tarafından basılan “Jansarey” adlı kitabını...

Kabardey-Balkar’da film mevsimi

Halklar, kadınlar ve kültürel kimlik "Kültür Gönüllüleri" adlı STK ve Dobro.Media işbirliğiyle hazırlanan “Gerçek” adlı film serisinin ikinci bölümünün prömiyeri, 14 Nisan’da Nalçik Gençlik Merkezi’nde...

Kafkasya’nın dağlarına bir övgü: ‘Dağlarda O’… Kadim bir şarkının peşinde…

Moskova Yeni Sinema Okulu mezunu Balkar yönetmen Said Tolgurov’un “Dağlarda O” üçlemesinin ikinci filmi, 12-26 Mart tarihleri arasında Hantı-Mansiysk şehrinde düzenlenen Ateşin Ruhu Film...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img