Полонез лакхийтийша, полонез…

0
1295

Полонез лакхийтийша, полонез,
мацаллин ноти тIера дIайолаяй,
шелонан ноти тIе кхаччалца.

Лаьмнаша шайн кIайн куьйгаш меллаша шовданийн
пиллигаш тIе дохку – болало мукъам.

Полонез лакхийтийша, полонез,
гIайгIанан ноти тIера дIайолаяй,
лазаман ноти тIе кхаччалца.

ХIумма а ма дац когаш ша тIехь хилча а,
куьйгаш пиллигаш тIехь хилчахьана –
илланча Даймахкана иштта ма воьлху даима а.
Полонез лакхийтийша, полонез…

Малхо шен дашо куьйгаш
анайистан пиллигаш тIе дохку –
болало Дуьненан мукъам.

ХIумма а ма дац илланча сагIа доьхуш хилча а,
Дуьне доьлуш хилчахьана –
бIешераш вуьшта лаьттар а ма дацара.
Полонез лакхийтийша…

Илланчин куьйгаш пондаран пиллигаша бен ца дохдо.
ГIорийна когаш Даймехкан лаьтто бен ца бохбо.
Рояль а ма бу дечигех бина –
цуьнан а ма хилла цкъа орамаш.

Полонез лакхийтийша,
Даймехкан ноти тIера дIайолаяй,
къастаран ноти тIе кхаччалца…

Бисултанов Апти

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz