Байт: М. Лермонтов – Гоч. : Махаш Воздингов

0
1329

Суо цхьалха, со новкъа волу
Суо цхьалха, со новкъа волу,
Дахкарлахь мокхаз некъ къега.
Есалло Деле ладоьгIу,
Седане къамелдеш, седа.
Стигланаш зарзарах юьзна!
ДIадижна сеналлехь латта…
Стенна ду дог лазарх дуьзна?
Сатуьйсу, я дохко ваьлла?
Дахаре хIумма цадоьху,
ДIадахнарг дагах цалета;
ПаргIато, син маршо лоьху!
Вицвала набар тар деза!
Цаеза кошан наб шийла…
БIешерийн набарна вижна,
Лааркха дахар гIуьттийла,
Сан некхехь поргIато хилла;
Ирс кхуллу сан безам хестош,
Сайна тIехь илли декийла.
Iаьржа наж сийна гIаш лестош,
Борза тIехь даима техкийла.

                                            Гоч. Махаш Воздингов

 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz