Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Меттан гIуллакх тоделла доьдуш дац

Масех шо а ду охан беттан ткъе пхеалгIа Нохчийн меттан де кхайкхина, амма меттан гIуллакх мискъазараттала а тоделла доьдуш дац.


Нохчийчуьрчу муьлхачу а хьукмате стаг вахча, цу чуьрчу, дукхахьолехь къоначу, белхахошка иза нохчийн маттахь вистхилча, цунна дуьхьал ,чIегIардиго санна, буьйцуш берг оьрсийн мотт хуьлу. Я долахетахь а шен ненан маттахь къамел дан, я оьрсийн мотт шена дика хиъча, шен култура лаккхара хеталахь а, я, кхин а шога аьлча, шен сица нохчаллин хьаса бисина ца хиларна делахь а. Цхьа гуш а доцуш, хаа луш а доцуш, меллаша, йогI-йогIуш юха еъна вайн къомалахь и оьрсийн мотт бийцар сийлахь хетаран мода. Шен ненан мотт ца хиъчаъ хIуммаъ доцуш.

„Нохчийн мотт ца хууш-м буьсур бацара уьш!“ – иштта хуьлу шайн берашна ненан мотт Iамор мехала ца хетачеран юкъара жоп, „схьавола -дIагIо“, „хьалагIатта- охьавижа“, схьаэца-дIало“ бохучу барамехь берашна мотт хиъча а тоам хеташ, иза нохчийн мотт хаар лоруш, царна тIекхел ши-кхоъ дешан хIоттам, оьрсийн я кхечу меттанийн дешнаш юккъе ца тухуш, дIаала къамел дан ца хаахь а.

Кхин гIолехь хал-м тешна а дацара Европехь бехачу нохчашлахь, мелхо а кхин а катастрофенаг ду. Хийраллехь хьалакхуьучу берашна уггаре а хьалха Iемаш берш шаьш бехачу пачхьалкхийн меттанаш ду, ненан мотт а боцуш. Ткъа мотт ле девлачул тIаьхьа цIера арадевлачу берашна, шаьшна тIехь дай-наноша хаддаза еш терго ца хилахь, оцу сохьта бицло ненан мотт. Ткъа ян ма-еззара цу бераша мотт бийцарна тIехь терго еш берш, мел хала хеташ делахь а, кIеззиг карабо – цхьаболчеран йиш ца хуьлу, вукхарна бен а ца хета. (radiomarsho)

Yazarın Diğer Yazıları

Anma: Abağba Bahadır Özbağ – Yeğoj Hanefi Aslan

Abağba Bahadır Özbağ – Yeğoj Hanefi Aslan Abhazya’nın bağımsızlık ateşi, siz yattıkça yanmaya devam edecektir. Jineps

Anma: Gogull Çetin Öner

“Anadilimi örtün üstüme, Anadilimi örtün! Çıplağım, Üşüyorum.” Gogull Çetin Öner’i ölümünün 10. yıldönümünde saygıyla anıyoruz. Jineps  

Birleşmiş Milletler’den Gürcistan’a uyarı

Birleşmiş Milletler İnsan Hakları Yüksek Komiserliği (OHCHR), Kafkas Dernekleri Federasyonu (KAFFED) temsilcisi akademisyen Dr. Elçin Başol hakkındaki 24 Nisan 2026 tarihli ve AL GEO...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img