МОЛЛИНА ДИНА СУЬЛХЬАНАШ

0
997

Цхьана дийнахь суьлхьанаш ден пхьар волчу веана молла.

— Iаламат меле гIуллакх ду ахьа дийриг. Къаьсттина хIокху мархи баттахь цхьа суьлхьа дича, ткъа ламаз диначул мел хир бу хьуна, — аьлла, и хаста а вина, дIавахна молла.

Цкъа цхьана дийнахь чувоьлла болх беш Iачу пхьерана дагадеана, ша-м къахьоьгуш вара, марха а багахь, молла хIун деш ву хьажа везара ша аьлла. Вахана къайлаха чу хьаьжча, коре хIума а тоьхна, хьена чIепалгаш дууш Iаш гина кхунна молла.

ШозлагIчу дийнахь шен суьлхьанаш дIадахьа веана молла.

— Ой, — аьлла цо, — туркхаш ма бац хьан кхарна юккъехь?

— Го баьккхича, хуур хиллехь, молла а вуьллур вацара ас, — аьлла, жоп делла, оьгIазваханчу пхьеро. (teptar.com)

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz