ГIарагIулийн назма

0
1111

ГIарагIулийн назма

ГIарагIулеш стиглахула йоьлху,
ТIемаш тIера егош маьлхан чилла,
ГIарагIулеш шайн назманца йоьлху
Баьккхина сан дегалецам чIила.

Яьккхи цара лекха Iарша зевне,
Сан иэс доккхуш шен лазамна сама
Иштта тийжам суна хезна бара
Нохчийн махкахь нохчийн наношкара…

Юхаъ угIуш стиглахь хьийза кема,
Ловзош шеца жIаран Iаьржа гема,
Адам гича хуьлий дера экха
И чууьду церан синош эца…

ГIарагIулеш стиглахула йоьлху
Деле йоьхуш Нохчийчоь белхамца,
ГIарагIулеш Нохчийн махка йоьлху
ТIемаш лестош Iодика сан ярца.

Ткъа со лаьтта Босфор йистехь тийна,
ГIарагIулеш тоххарехь дIаяхна,
БIаьсте яйна гIайгIане шо санна,
Кху шарахь а бухавоьдуш Iаьнна…

Амагов Докка

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz