«Нохчийн мотт – сан дозалла!»

0
2356

Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам…

Халкъан кица ду: «Мотт у-къам ду, мотт бацкъам дац». Ненан маттал деза хIума хила йиш яц къоман кхолламехь, хIунда аьлча, мотт байна къам дуьненан букъ тIера дIадов. Даймохк а ца буьсу цуьнан – къоман бен хуьлуш бац Даймохк. Ткъа къам матто латтош ду. Ненан маттахь долу йоза-дешар ца хаахь – иза доккха сакхт ду. Халахеташ делахь а, и санна сакхт долуш берш вайна юккъехь хIинца а хаалуш бу. Стаг мел оьздангалла, гIиллакх долуш я лакхарчу даржехь хиларх ненан мотт кхоччуш ца хаахь цуьнан мах хадабойла дац. Нийса ца лоь аьлла хета нохчийн мотт къен бу, бийца хала бу олуш хезча. шен син кхача лоруш волчунна цкъа а хилла бац бийца хала я чолхе. Къайле яц, нохчийн мотт сийлахь-баккхийчу Iилманчаша, яздархоша шена тIе тидам бахийтарца теллина а, хьалдолуш лерина а хилар.

Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду. Оцу хьокъехь нийса яздина ненан маттах лаьцна яздархочо К.Паустовскийс хIара дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Iаш, цуьнан граждански мехалла кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке бакъ болу безам хила йиш яц матте безам боцуш. Муьлхачу а къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхазан чIагIо а ю мотт. Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Цундела ларамаза дац вай тахна дуьйна Iадаташ, эхь-бехк, ийман меттахIоттор ненан мотт кхиорна, марзбарна тIера дIадоло деза бахар а. ГIиллакх, оьздангалла, юьхь-яхь йовзуьйту цхьаъ бен боцу гIирс бу иза.

Нохчийн мотт – иза деккъа йоза-дешар хилла ца Iа. Ненан мотт-и гIиллакх ду, культура ю, тезет лелор, зуда ялорйигар ду, илли, литература, ловзар-синкъерам бу, халкъан юьхь, куьзга, хатI-амал ю. И мотт вайн ца хилахь, орам боцчу диттах тарлур ду вайн къам, я пачхьалкхе а хир яц. Ненан маттал деза хIума стеган дахарехь хуьлийла дац. Иза Iамор а, цунна богIуш болу тидам тIебахийтар а – иза вайн нохчийн коьрта декхар ду. Масала: литературин урокашкахь дешархошка шайга бойтуш болу болх вовшахтохар – иза йоза-дешар Iаморан уггаре а мехалчу гIуллакхех цхьаъ ду. Дешархоша шаьш бечу балхо кхочушдо программни материал жигара караерзор, берийн хьекъал, кхетам, тидам бар кIаргдо, лакхадоккху. Л.Н.Толстойс цу хьокъехь Iаламат нийса аьлла: «Нагахь дешархо школехь ша ойла ян, хIума а кхолла Iамийна вацахь – иза дахарехь а даима дуьххьалдIа кхечарах тарва ла гIерташ, кхечо динарг дан гIерташ хир ву». Нохчийн меттан, литературин хьехархойн декхар ду программа юьззина караерзоре кхаьчна ца Iаш, дешархошна ойла ян, шен дагахь дерг нийса, гIиллакхийн рагI ларъеш, уьш вовшашца цхьаьнадузуш дийца а, яздан а. Литературин урокашкахь билгала йолчу Iалашонца, кIорггера кхио еза дешархошлахь дика ойланаш, гIиллакхоьздангалла, дуьнене хьежам, шен къоме, шен халкъе, Даймахке болу безам, доттагIалла. Муьлхха а цивилизованни къам, пачхьалкх беа богIам тIехь лаьтта – дешарна, могашаллина, культурина, экономикина.

Царех коьртаниг – дешар, Iилма ду. Дешаро, Iилмано къоман хьекъал, кхетам кIаргбо, шарбо, къоман эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, Iилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIалуш ларйо, кхин тIе а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна Iамадо.

Дуьненан Iилма ца Iамийча, вайн къомана дуьне а девзар дац, шен дахар кхолла а хуур дац. Хьехархочо урок дIахьош, хуьлийла и нохчийн меттан я литературин урок, цунна хаа деза гуттар а ша кхочушдан дезаш долу декхар: иза доьзна ду вайн меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтарх. ХIара дерриге а дуьне дуьзна ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бо ша мел кхоьллинчу хIумнах: адамах, Iаламах. Дала лардойла вай шен къинхетам боцуш дисарх. Мах хадо йиш йоцуш деза ду Кунта-Хьажас аьлла дешнаш, цо бина кхетам а: – Ас диъ хIума дуьйцур ду шуна, аьлла цо. Царах шиъ аша дицдан дезаш ду, ткъа важа шиъ гуттар а дагахь латто дезаш ду. Шаьш нахана дина дика дицделаш; иза аша дийцахь, и динера аьлла, Делера ял хир яц шуна. Шайна наха дина вон а дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. (mon95)

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz