Амагов Доккац йинайолу репертжан тIеххьарлер дакъа:
«Дуьненчохь нохчийн диаспораш алсам йовлар – Нохчийчохь тIемаш хиларна бахьна ду. Нагахь цу диаспорин шайн къомаха ца хада Iалашонаш елахь, цара шайна тIеоьцург доккха дукъ ду. Доккха доьналла а, кхетам а оьшуш долу. Махкаца, къомаца уьйр-зенаш а латтош. Шайн культура, мотт, гIиллакхаш шаьш дол-долчохь шайна юкъехь латта а деш. Ткъа и хьуьнар царга дацахь, царна уггаре а атта некъ бу-кхечу къаьмнехьа дIаэр, нохчий хуьлучура дIадовлар.»
– Нах меттанера Сами меттан дехьа доьвла дешнашах лаьцца хlун ала луар дар хьуна?
– Иза дукха доккха къамаьл ду. Дийцина вер а воцуш. Iилманчаша дийцарехь Месопотами ширачу арамейн меттан ага хилла. Паччхьалкхин, Iилманан, динан, пайхамарийн мотт а хилла и цигахь. Ткъа цу маттаца юкъарло нохчийн меттан а хилар гойту Месопотамера шира этнонимаш, топонимаш, гидронимаш нохчийн маттаца тидалуш хиларо.
Цу хьокъехь сайна хетарг дукхха а дийцина ас талламшкахь. Делахь а, доцца цхьа масала далор ас кхузахь. Масала, туркойн – «су» (хи). нохчийн – «су» (диалект. лит. «сту»). вавилонан – «су» (тотем- сту). Мусайн – пайхамаран (а.с.) къомо шеца «дела» лаьцна – «Дашо сту» а, муьлхачу бахьнашца цхьанадогIуш дуьйла хьовсур вай.
Вавилонхоша шеца «дела» лаьцна -су (тотем) цара беттаса санна лоруш хилла. И тайпа кхетам шайн хиларна Мусайн (а.с) къомо а бина – «Дашо су». Цуьнца шайна «дела» а лоцуш. Вуьшта, цунаха «Беттан культ» а олу. И культ шираллехь хица йоьзна хилла ю. Цо хи луш санна. Кхузара схьа ду туьркоша «су» хих алар а. Оцу тотеман цIарна тIера иштта схьа яьлла ю, туркойн маттара хин цIе – «су». Ткъа «су/сту» вай лакхе ма аьллара даIанза хьайба ду. Бежнашна хIу даккха лелош долу. Масала, кхузахь гайтаме туркойн -«Эр+су» а, нохчийн – «Эр су». Туркойн маттахь цуьнан кхетам бу – «боьрша/дика хи», нохчийн маттара цуьнан кхетам – «хIу долу хьайба» санна. Аьллачо гойту, туркойн – «су» дош, шираллехь нохчийн – «су» дашна тIера дIаэцна хила тарлуш дуйла.
– ДIабаларан кхерам болу метанашн йукъахь лерина Нохчийн мотт UNESCO цIе йолу цхьанкхетаро.
Мотта бахийта а культур йахийта а муьлха аьттонаш латто беза? Даймохкахь Нохчийн мотт Iаморан тоьалла терго йеш юй?
– Соьга хаьттича UNESKO ша ю нохчийн мотт (кхин дерш санна) дIабалийта луучараха. Нохчийн мотт дIабарна кхоьруш деш къамаьлаш дац иза, нохчийн мотт биссарна кхоьруш деш ду. Тахна цо бохург вай къобал деш тIеэцча, цхьанна а лур дац, шайн берашка иштта тIаьхье йоцу мотт Iамабайта. ТIаккха стенна, хIунда оьшуш бу иза? Цу къаьмнашка шайн маттах а, менталитетах а дог диллийта деш долу къамаьл хета суна иза.Ткъа UNESKO ша ю, Дуьненчохь глоболизацин политика дIакхоьхьучараха цхьаь. Цхьа Iэдал, цхьа экономика, цхьа идеология, цхьа къам, цхьа мотт…бохуш. Цундела боху вай, нагахь нохчийн мотт нохчийн кхерчахь вай латта бахь, цу маттана цхьа а кхерам бац.
– Нохчийн диаспоре хьажча мотта а культуран хьокъехь хlун ала луар дара хьуна?
– Дуьненчохь нохчийн диаспораш алсам йовлар – Нохчийчохь тIемаш хиларна бахьна ду. Нагахь цу диаспорин шайн къомаха ца хада Iалашонаш елахь, цара шайна тIеоьцург доккха дукъ ду. Доккха доьналла а, кхетам а оьшуш долу. Махкаца, къомаца уьйр-зенаш а латтош. Шайн культура, мотт, гIиллакхаш шаьш дол-долчохь шайна юкъехь латта а деш. Ткъа и хьуьнар царга дацахь, царна уггаре а атта некъ бу-кхечу къаьмнехьа дIаэр, нохчий хуьлучура дIадовлар.
ТIаккха къаьстина Турцехь йолчу диаспорах аьлча, иза шен къомаца уьйр цахадош схьа йогIуш ю. Цуьнан куьйгалхоша шайн таро, говзалла мел ю дика болх барна, шо – шаре мел дели цуьнан Даймахкаца йолу уьйраш чIагI луш ю. ТIейогIучу ханна а чIагI лур ю, аьлла а хета. Дала мокъалахь.
– Хьан байтех цаI дIасса йaржо луар дар тхуна, муьлхнаг хоржар яр ахь, муьлх байт дIас йaржйaйта луар дара хьуна?
– Сайн байтеха шайна бакъахьа хеттарг аш шаьш хаьржича дика хир дара. Суна сайна а лаьара шуна цараха томе муьлханийг хета хьажа.
– Ахь толлуш дераш дIас даржош книшка я чулацам болуш ахь яздинарш долш тхуна а хьовса бух хирбарий?
– Ас нохчийн маттаха лаьцна язбеш болу талламаш ара буьйлуш бу 2004 шарахь дуьйна. Тайп-тайпаначу сайташкахь а, кхин йолчу интеренетан агIонашкахь а. ТIаккха жайна ара хеца цкъачунна цхьацца аьттонаш бац. Амма цунаха а цхьа йист ер ю аьлла хета, дIа тIаьхьа а ваьлла лелча.
– ТIаххьара вайн газет дешархойна ала кхин хlумма хир дарий хьан?
– Диаспоран «Даймохк» газет арадалар доккха меххала хIума ду. Иза боккха къинхьегам а бу, Делахь а, биттане цабуьтуш бан безаш болх а бу иза. Дала аьтто бойла ас цу тIехь мел диначу нигаташна. Со кхуза кхайкхарна бапраклла шуна.
– Тхуна хан къаст ярна баркалла хьуна.
– Шуна а хуьлийла баркалла, соьца ларам а лаьцна сайна хетарг ала кхайкхарна. (чекхделла)