ГУЬЙРЕНАН МАЬРША МОХ

0
1081

Синбилгало а къастале, Зу-кIорни а, ЧайтаI а йолчу еара Пхьагал.

– ХIей! – мохь хьаькхира цо. – ХIей! ХIее-хIе-ей!

– ТIаккха? Дийцахьа, – элира ЧайтаIо.

– ЭхIе-хIе-хIе-хIе! – мохь хьоькхура Пхьагало.

– Схьаалахьа сихха! – оьгIазйоьдуш лаьттара Зу-кIорни.

– ЭхIе-хIе-хIе-хIе! ХIе-хIей! ХIе-хIей! – дIаедира Пхьагал.

– И хIун ду?

– Ца хаьа, – элира ЧайтаIо.

ТIемаш девлча санна, уьдура Пхьагал хьуьнхахула, аз ма-доллу мохь а хьоькхуш.

– Цо хIун до? – хаьттира Тарсало.

– Со кхеташ дац, – элира Зингато.

Пхьагал-м боккха го а баьккхина, юха ЧайтаIан кетIа хIоьттира.

– Ахь схьаолу я ца олу? – собар дайнера ЧайтаIан.

Пхьагал цIеххьана саца а сецна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIоьттина…

– Алий ялахьа! – мохь белира Зу-кIорнига.

– Ва-кIа-кIа-кIа! – аьлла ела а елла, ког ма-боллу чехка дIаедира Пхьагал.

– Хьекъалх тилла те и, тилла те, тилла те? – ца соцура ЧIегIаг.

– Хьекъалчохь ю и, хьекъалчохь, хьекъалчохь, – дуьхьал лоьра ХенакIур.

Еккъа цхьа Пхьагал яр-кха цхьаьнгга а хIумма а ца хоьттуш, ца дуьйцуш, мох санна маьрша, хьуьнхахула хьаьдда лелаш.

– Хьажахьа, – элира ЧайтаIо. – Суна хетарехь, цунна ша мох бу моттаделла-кх… Цо соьга цкъа ала а ма элира, шех цкъа мох хилча муха хетар дара аьлла.

– Ма хаза хир дара иза, – элира Зу-кIорнис. – Амма Пхьагална дагадогIур дац-кха ишттаниг цкъа а…

Эццахь гIалат яра Зу-кIорни.

ХIунда аьлча, Пхьагална Iуьйранна дуьйна а тарбеллера шех хьаннашца, аренашца кхерсташ болу гуьйренан маьрша мох.

 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz